Нохчийн зударшлахь дуьххьара

Карарчу шеран чиллин (февраль) беттан 2-чу дийнахь Иммануил Кантан цIарахчу Балтин федеральни университетехь (Калининград гIала) йолчу диссертацийн кхеташонехь географин Iилманийн докторан диссертаци чIагIйина вайн махкахочо Забураева Хьавас.

Диссертацин тема ю: «Россин лаьмнийн регионашкахь Iаламах пайдаэцар эвсара хилийтаран геоэкологин баххаш (Къилбаседа-малхбален Кавказан масална тIехь»).

Iилманан консультант ву геолого-минералогически Iилманийн доктор, профессор Е.В.Краснов.

Республикин Iилманан дахарехь маьIне хилам бу иза, «Геоэкологи» говзаллехула Iилманийн докторан диссертаци чIагIйинарг Х.Забураева дуьххьара хилар тидаме эцча-м муххале а.

Диссертаци чIагIъярехь дакъалецира оцу деношкахь гIуллакхан визитца Иммануил Кантан цIарахчу университетехь хиллачу Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президента, физикин-математикин Iилманийн доктора, профессора Керимов ИбрахIима. Оцу кхиамца къона Iилманча дуьххьара декъалйинарг а иза вара.

Газетдешархойн цIарах Iилманийн докторан диссертаци чIагIъярца оха а даггара декъалйо Забураева Хьава.

Дала тIаьхье беркате йойла!

Хь.АБАЕВ

№12, пIераска, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: