Нохчийн меттан хьехархойн ассоциаци кхоьллина

Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран нохчийн институтехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн ассоциаци кхолларан Iалашонца вовшахтохараллин комитетан кхеташо хилира кху деношкахь.

Нохчийн Республикин нохчийн меттан а, литературин а хьехархошца цхьаьнакхийтира институтан ректор Эльмурзаева Ганга.

Институтан нохчийн меттан а, литературин а кафедрин куьйгалхо Дашаева Лайлаъ хьехархойх дагаелира нохчийн мотт Iалашбарехь, иза кхиорехь нислуш йолчу проблемийн, ткъа иштта дешаран-методикин литература кечъеш, зорбане яккхаран гIуллакхийн хьокъехь.

Ассоциаци кхоьллича шайн дог лозу дукхах долу хIуманаш дийцаре дан а, кхочушдан а аьттонаш алссам хир бара аьлла хеташ ю Л.Дашаева.

Соьлжа-ГIалин №106 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Бергоева Айза хаьржина хьехархойн Ассоциацин председатель.

Цо дийцарехь, ассоциаци кхолла ойла 2015-чу шарахь ша-шаха кхоллаеллира.

2015-чу шарахь республикин «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо» конкурсан къийсадаларшна кечамаш беш дерг-доцург олуш 60 сов хьехархо вовшахкхеттера.

Юха телефонан WhatsApp чохь шайн тоба йира царех 36 хьехархочо. Урокашна кечам барехь гIо дар а, дагадовларш а хуьлура хьехархоша дуьйцучу къамелашкахь коьртаниг.

Нохчийн мотт кегийрхошна безабалийта, иза Iаморехь церан собар, лаам хилийта хIун дича дика хир дара бохучу ойланашка бевлира хьехархой. ТIаьхьарчу шерашкахь, Делан къинхетамца, декъалдарш, кадам бар, нохчийн маттахь яздар юкъадаьлла ду, цундела цу тIехь кегийрхошна а, къоначу хьехархошна а оьшуш долу гIо хир дара аьлла хеташ болх беш яра тоба.

Шелара нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Абдулмежидова Лиза а яра и тоба кхуллуш коьртехь хиллачарех цхьаъ.

2018-чу шарахь дуьйна 193 хьехархо ву ассоциацина юкъавогIуш.

Хьаьттан (август) беттан 12-чу дийнахь цхьаьнакхеташ ламаст ду оцу хьехархойн. Цкъа дуьххьара Бергоева Айзас болх бечу №106 йолчу школехь хилира цхьаьнакхетар, ткъа шолгIачу шарахь Дагестанерчу нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна а лиира вайн республикин хьехархойн тобана юкъабахка. Цундела шолгIа цхьаьнакхетар Соьлжа-ГIалахь А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекехь дIадаьхьира.

Цигахь Цуцаев Iалавдис а, Даудов Гиланис а, Дагестанерчу Татаева Хурмата а шайн байташ йийшира.

Шелан кIоштарчу БелгIатойн – Эвларчу Исраилова Луизас (хIинца Дешар кхиоран институтан белхахо) «Нохчийн меттан охIланаш» аьлла берашна сочиненеш язъяйтарна гIоьнна тоба а йира. Делахь а, официальни йолу ассоциаци хIинцца бен кхоллалуш яц.

Оцу ассоциацин сий-ларамечу декъашхошна юкъахь бу Нохчийн Республикехь гIараяьлла евзаш йолу нохчийн меттан говзанча Вагапова Асет, «Орга» журналан коьрта редактор Алиева Зарина, Иорданера Султана Фаридан Жанара.

Нохчийн яздархошца, Iилманачашца цхьаьнакхетарш дIадахьа а, нохчийн меттан а, литературин а учебникаш а, дешаран-методикин литература а вовшахтохарехь шайна хетарг олуш, жигара дакъалоцуш, болх бан дагахь бу ассоциацин декъашхой.

«Даймохк» газетан редакцина а боккха кхаъ хилла иштта ассоциаци вовшахтохарх. Дика дIадолор ду иза.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Суьрта тIехь: Ассоциаци кхолларан кхеташо

№12, пIераска, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: