ХIокху деношкахь Нохчийн Республикехь хилира Россин Федерацехь Инди пачхьалкхан леррина а, юьззина бакъонаш йолу а векал Саран Панкадж коьртехь волу делегаци.

Соьлжа-ГIаларчу аэропорте хьешашна дуьхьал бахара Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместитель Хакимов Хьасан а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат а, кхиберш а.
Шен къамелехь Саран Панкраджа Индин Правительствера Нохчийн Республикин бахархошка долу маршаллин дешнаш элира.
– Со чIогIа воккхаве суо Соьлжа-ГIала кхачарх. Хууш ма-хиллара, хIара сан хьалхара визит ю. Сан кхуза варан Iалашо ю хIара регион йовзар а, Нохчийчоьнан а, Индин а юкъаметтигаш чIагIъяр а, – элира цо.
Республике еана йолу делегаци, цкъа хьалха, цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца Соьлжа-ГIалахь йолчу цуьнан резиденцехь. Хьешашка маршалла хаьттинчул тIаьхьа, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Инди а, Росси а хьалха дуьйна доттагIаллин юкъаметтигаш лелош схьайогIуш хилар.
Республикин Куьйгалхочо хаийтира Нохчийн Респу- блика а Индица юкъаметтигаш лело лууш хилар. Цо дийцарехь, герггарчу хенахь инвестицеш ян Нохчийчу ян езаш ю Индерчу бизнесменийн делегаци.
– Тхуна иза боккха кхиам а, Индина а, Россин регион йолчу Нохчийчоьнна а юкъахь еххачу ханна а, экономикин агIор шина а агIонна пайдехь а йолчу юкъаметтигийн юьхь а хета, – элира Кадыров Рамзана.
Саран Панкаджа билгалдаьккхира Нохчийн Республикин куьйгаллица шайн боккха ларам хилар а, шаьш дахкар шина а агIонан юкъаметтигаш чIагIъярехь шена хьалхара гIулч хеташ хилар а.
– Тхуна хууш ду, аш лайначу баланех а, нохчийн халкъана тIехIиттина хиллачу халонех а дерг. Делахь а, тахана Нохчийн Республикехь хуьлуш баккхий хийцамаш бу, республика массо а агIор кхуьуш ю. Иштта аш куьйгалла дар а, нохчийн халкъан ницкъ а бахьанехь терроризм эшо ницкъ кхаьчна шун. Тахана тхуна гушъерг керла Нохчийчоь ю, – элира П.Сарана.
Цул тIаьхьа хьешашца цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместитель Хакимов Хьасан, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Россин Федерацин арахьарчу гIуллакхийн министран Соьлжа-ГIалахь волу векал Мазаев Бислан, иштта, республикин министерствийн, ведомствийн векалш.
Хакимов Хьасана билгалдаьккхира Нохчийн Республикин куьйгалла керла проекташ кхочушъярехула я йолуш йолу проекташ кхиорехула долу муьлхха а дIадолораш дийцаре дан кийча хилар.
– Тхуна гуш бу Индин экономикехь хуьлуш болу кхиамаш. Тхо чIогIа лууш ду Индица юкъаметтигаш лело. Туризм а, фармацевтика а, промышленность а, юьртан бахам а санна долу дакъош тхан республикин экономикин коьрта агIонаш ю. И дакъош иштта коьрта ду Индехь а, суна вайн болх беркате хир бу аьлла хета, – элира цо.
– Со чIогIа цецваьлла ву, оццул сихачу боларшца шун республика кхуьуш хиларх. Вайн цхьаьнакхетар дика дIа а даха. Вай дийцаре ди кхидIа юкъаметтигаш лело, шина а агIонна пайдехь хир долу гIуллакхаш. Оцу юкъахь ю экономика а, махлелор а, инвестицеш а, культура а, туризм а. Иштта, вай йийцаре йира Индин а, Россин а къоман политикин проблемаш. ХIара цхьаьнакхетар вайн юкъаметтигийн хьалхара гIулч хиларх тешна а ду вай, – элира Саран Панкаджа.

Умаров Джамбулата билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана республика Россин Федерацин уггаре а сиха кхуьуш йолчу регионех цхьаъ хилийтаран Iалашо хьалхахIоттийна хилар.
Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетан председателан заместитела Баудинов ИсмаьIала дийцира, Нохчийчохь инвестицешна дуккха а бегIийла хьелаш хиларх лаьцна.
Иштта, делегацин декъашхой а, Хакимов Хьасан а, Умаров Джамбулат а хилира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин аллей» мемориалан комплексехь.
Цигахь цара зезагаш дехкира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIолламна хьалха.
Цул сов, делегацин декъашхой хилира Нохчийн пачхьалкхан университетехь а, «Родина» ООО-хь а, Устрада-ГIаларчу «Чеченавто» ОАО-хь а, Гуьмсе гIаларчу ООО «Лидер-А» агрохолдингехь а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь а, Кадырова Айманин цIарахчу «Ненан дог» маьждигехь а.
Чаккхенехь Индин делегацис пресс-конференци дIаяхьира Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанехь.
I.МУРТАЗОВ
№13, шинара, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2018 шо