Даудов Мохьмад – Эна-Хишкахь

Нохчийн Республикин Парламентан Председатель, Россин Турпалхо Даудов Мохьмад Соьлжан кIоштахь цхьаьнакхийтира меттигерчу бахархошца.

КIоштан администрацехь дIадаьхьначу оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара иштта кIоштан МВД-н векалш, Iеламнах, тайп-тайпанчу дакъошкахь болх беш болу говзанчаш, кхиберш.

Цигахь дийцаре дира экстремизмана, терроризмана, наркоманина дуьхьал къийсам дIабахьарца, къона тIаьхье ийманехь, оьзда, гIиллакхе, Даймахке безам болуш, кхетош-кхиорца, некъан-транспортан бохамаш лахбарехь бан безачу балхаца, дешарца, кхечуьнца доьзна долу гIуллакхаш.

– Вайн берашна бакъонца ун хилла дIахIоьттина наркотикаш а, психотропни хIуманаш а. Цундела вай массара а кегийрхошца кхеторан болх дIабахьа беза. Царна дийца деза корта бахош йолчу хIуманех (хуьлийла уьш наркотикаш, молханаш, мехий) долуш долчу зуламах, цара стаг дакъазавоккхуш хиларх лаьцна. Кегийрхойн тидам дешарна тIебахийта беза. Хаддаза хьовсуш хила деза цара муха доьшу, хьаьнца гергарло леладо, мукъачу хенахь цара хIун леладо, – бохура Даудов Мохьмада.

Парламентан спикера ладуьйгIира бахархошна хетачуьнга а, луучуьнга а, церан сагатдеш долчуьнга а. Цара дийцира кIоштахь йолчу проблемех лаьцна.

Ша аьлча, цара М.Даудовна довзийтира могашалла Iалашъярехь, юкъараллин транспорт дIасалеларехь долу хьал. Бахархоша чIагIдарехь, кIоштан больницехь реанимацин отделени а, бераш даран цIа а дац. Ткъа и лазамаш эцна аравала, дIасаваха Соьлжа-ГIала гена ю.

Цу хьокъехь дерг шена ма-хиъина, Даудов Мохьмада телефон туьйхира Нохчийчоьнан могашалла Iалашъяран министре Сулейманов Эльхане. Цо цунна тIедиллира герггарчу хенахь, и кхачамбацарш дIадахарехьа гIуллакхаш дар.

Цул сов, Парламентан Председатела цу хьокъехь министраца къамел дар бахьана долуш, Эна-Хишкахь а, Эха-Борзехь а фельдшерско-акушерски пункташ ю схьайоьллур йолуш.

Транспорт дIасалеларца кхолладелла долу хьал Даудов Мохьмада телефонехула дийцаре дира республикин транспортан а, зIенан а министраца Черхигов Рамзанца.

Министра дош делира оцу декъехь долу кхачамбацарш дIадаха.

Ткъа Соьлжан муниципальни кIоштан администрацин куьйгалхочо Ханариков Мусас Парламентан спикере дийцира «Серноводск-Кавказски» курорте кIезиг нах богIуш хиларх лаьцна.

Цо М.Даудовга дийхира курорте бахка луучарна пачхьалкхан а, административни а органашкахь путевкаш дIасаекъарехь гIо-накъосталла дар.

Цул тIаьхьа, Парламентан Председатела цхьаьнакхетаре баьхкинчарна дийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана социальни декъехь, гIишлошъярехь, медицинехь, дешарехь, юьртан бахамехь, промышленностехь, кхечу дакъошкахь лаккхара кхиамаш хиларе кхачаран Iалашонца беш болчу боккхачу балхах лаьцна.

Цхьаьнакхетар дерзош Даудов Мохьмада кIоштан бахархошка дийхира Россин Президент хоржучу харжамашкахь жигара дакъалацар а, шайн декхар кхочушдар а, шайн даго къобалвеш волчу кандидатехьа кхаж тасар а.

Цу хьокъехь хаам бо регионан Парламентан пресс-службехь.

С.ХАСАНОВ

№13, шинара, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: