ХIокху деношкахь мохбегийра Мексикехь а, Уэльсехь а, Индонезехь а. Цуьнан чIагIалла Рихтеран бустамца 5–6 балл яра. Цхьадика, цхьана а пачхьалкхехь (ягарйинчу) и бахьанехь кхелхина а, лазийна а стаг вац. Бакъду, дуккха а цIеношна зенаш хилла. Мексикехь 800 эзар сов стаг электросерло йоцуш висира. Iаламан бохамо дина зенаш меттахIиттош ю хьокъала йоллу службаш.
***
Масех де хьалха, Нигерерчу цхьана базарахь, маьршачу бахархошна герзаш диттина террористаша. И бахьана долуш, 22 стаг кхелхина, 28 стагана чевнаш хилла. Бакъонашларъяран органашна хетарехь, и зулам динарш «Боко-Хьарам» террористийн организацин декъашхой бу. ДIахьош ду зулам динарш лахаран гIуллакхаш.
***
Iамаркерчу Флорида штатан губернатора Конгрессе а, Президенте Д.Трампе а лехам бина ФБР-н куьйгалхо, шен декхаршца ларош цахиларна, даржера дIаваккха аьлла. Цо иштта лехам бина оцу штатерчу цхьана школехь зуламхочо хьехархошна а, дешархошна а герз диттинчул тIаьхьа, царах 20 сов стаг вен а вуьйш, иттанашна чевнаш а еш. Амма цуьнан лехам тергалбеш стаг вац мехкан Iедалан куьйгаллехь.
***
ГIажарийчохь пассажирийн кема доьхна, стигалара чудеана. Цу тIехь хиллачу 66 стагах цхьа а дийна ца висина. Оцу бохамца доьзна Россин Президента В.Путина, кадам беш, телеграмма яхьийтина ГIажарийчоьнан Президенте Хь.Роуханига а, халкъе а. Цу тIехь билгалдоккху царна хиллачу бохаман дакъа россихошна а кхаьчна хилар.
***
Индехь даима а дукха адамаш вовшахкхета зуда ялийначу меттигашкахь. Цигахь даккхий, самукъане ловзарш а до цара. Ишттачу цхьана ловзаргахь газ чохь йолу баллон эккхар бахьана долуш, 18 стаг кхелхина, лазийнарш а, чевнаш хилларш а кхин а алсам бу. Бакъонашларъяран органийн белхахоша дIахьош ду газан баллон хIун бахьана долуш иккхина хьовсаран гIуллакхаш.
***
Германерчу Мюнхен шахьарахь хIокху деношкахь дIаяьхьира кхерамазаллин гIуллакхаш дийцаре дарна лерина дуьненаюкъара конференци. Цигахь дакъалоцуш хиллачу Россин делегацина коьртехь вара МИД-н куьйгалхо С.Лавров. Цигахь вовшахкхеттачарна хьалха къамел деш, цо билгалдаьккхира дуьненахь кхолладелла гIоьртина хьал Россица йолу юкъаметтиг Малхбузено а, Европо а хийццалц хийцалург цахилар, дерриге а дуьне Россина кхерам туьйсуш делахь а, Росси цхьанна а кхерам туьйсуш цахилар, иза дийцарш дIадахьарна кийча хилар.
***
Косовохь чиллин (февраль) беттан 17-чу дийнахь билгалдаьккхира пачхьалкх йозуш цахиларан 10 шо кхачар. Итт шо хьалха Сербих дIакъаьстина Косово. Оцу пачхьалкхан йозуш цахилар къобалдина бIе сов мехкан куьйгалхоша. Амма царна юкъахь яц я Росси а, я Чина а. Даздаршкахь дакъалаца баьхкира Евросоюзан декъашхой а, НАТО альянсан векалш а.
***
Испанерчу Барселонехь митинг хилира. Урамашка арабевллачара Iедалан векалшка доьхура Каталони Испанех дIакъастор лехар бахьанехь чубоьхкина болу политикин тутмакхаш набахтешкара арабахар а, политикин хьежамаш бахьанехь бахархой хьийзоран политика йитар а. Бакъонашларъяран органийн белхахошца Iотта-баккхам боцуш дIаяьхьира митинг.
***
Украинерчу радикалаша тIелатар дира Киевехь йолчу Россотрудничествона а, Россин Iилманан-культурин туьшана а. Белхахошна хилла бохам бацахь а, гIишлонна а, цу чохь йолчу йийбарна а дикка зен дина. Цуьнца доьзна Россин куьйгалло ОБСЕ-н векалшна лехам бина зулам динарш жоьпе озорехьа гIуллакхаш дар тIедожош.
***
Россин Президент В.Путин хIокху деношкахь цхьаьнакхийтира «Газпроман» куьйгалхочуьнца А.Миллерца. Цара дийцаре дира «Газпром» кхидIа а кхиорехьа дан деза гIуллакхаш. Мехкан Президента билгалдаьккхира Россин газе долу хьашт-дезарш дозанал арахьа алсамдовлуш хилар а, оцу декъехь беш болчу белхан эвсаралла лакхаяккха езаш хилар а.
***
Дагестанерчу ГIизлар гIалахь зуламхочо килса чу а вахана, герз диттина 5 стаг вийна, 4 стагана чевнаш йина. Бакъонашларъяран органийн белхахоша зуламхо вийна. Республикин МВД-хь бечу хаамашца иза 22 шо долу меттигера вахархо хилла. Цкъачунна хууш дац цо и къиза зулам хIунда дина. Иза талламо гойтур ду.
№13, шинара, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2018 шо