Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театрехь хIокху деношкахь дагалецира Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артист, Россин Федерацин культурин хьакъволу гIуллакххо Докаев Султан. Театран коллективана атта дацара цунах лаьцна дош ала, халахетаран хорам хуьлура хIоранна а. Султанан гергара нах а бара цига баьхкина.

Хьалхара дош а олуш, йистхилира театран директор Ахмадова Хьава: – Оьшуш волу стаг вайна юкъара дIавахча къаьсттина хала хуьлу. Ткъа Султан ишттаниг вара. Дика артист хилла ца Iара иза, вайн массеран а гергара вара. Дика нах, церан дика гIуллакхаш а дицдан мегар дац. Вай уьш бицбахь, масал эца стаг хир вац. Къаьсттина кегийрхоша дагахь латто беза уьш. Уьш идагахь латтош ца хилахь, тIекхуьучу тIаьхьенашна уьш бевзар бац. Дала декъалвойла иза!
ТIедеана дика а, вон а цхьаьна доькъуш, шаьш цхьаьна мерза хан яьккхина хилар хьахийра Омаев Дагуна.
– Юург цхьана кедара юуш, цхьа доьзал санна, мерза а, бертахь а даьхна дара тхо. Цхьа коллектив хилла ца Iара, тхуна ваша санна лаьттина вара Султан. Иза вайна юкъара дIавахар, цхьана театрана хилла а ца Iаш, вайн халкъана а, махкана а боккха эшам бу. Тахана иза оьшура вайна, – элира цо.
Х.Нурадиловн цIарахчу театраца шен дерриге а дахар доьзна вара Султан. 40 шарахь сов Нохчийн къоман театрехь болх бира цо.
ТIаьхьарчу хенахь, шен могашалла ледара хилар бахьана долуш, шен дахарехь йоккха меттиг дIалоцуш хилла йолу сцена йита дийзира цуьнан. ЦIахь сецнера аьлла, театро вицвина вацара Султан. Кест-кеста иза волчу хьошалгIа боьлхура театран директор Ахмадова Хьава а, актераш а.
З.ХАСИЕВА
Суьрта тIехь: суьйренан дакъалацархой
№13, шинара, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2018 шо