Къилбаседа Кавказан къаьмнийн барт чIагIбеш…

IMG_6162

Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долчу маьждигана хьалха йолчу майдане «ДоттагIаллехь бу вайн ницкъ» юкъараллин проектан дакъалацархой баьхкира.
Хьеший тIелоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан хаамийн, министр Жамалдаев Шаид, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхийн министр Тагиев Мурад, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитель Нагаев Iаднан, Нохчийн Республикин юкъараллин палатин председатель Батаев ГIайрсолта, Нохчийн Республикин профсоюзийн кхеташонан председатель Солтагереев Хьусайн, кхиберш.
Ш.Жамалдаевс дийцарехь, оцу проекто йоккха хазна юкъаюьллур ю Къилбаседа Кавказехь дехаш долчу къаьмнашна юкъара уьйраш чIагIъярна.
– Нохчийн Республика даима а кийча ю ишттачу мероприятешкахь дакъалаца. Россин Федерацин Президента Путин Владимира а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана боккха тидам тIебохуьйту къаьмнийн политика кхиорна, – бохура цо.
Оцу проектан директор Круталевич Артур, Соьлжа-ГIалахь шаьш дика тIелацарна баркалла а олуш, вистхилира.
– ХIара проект оха 31-чу октябрехь Ставрополехь дIайолийна. Ткъа тахана тхо Дагестанера схьадогIуш ду. Къилбаседа Кавказан федеральни округан ерриге а субъекташка кхочур ду тхо. Со тахана воккхаве тхаьш иштта дика тIелацарна а, тхан проектехь аш жигара дакъалацарна а. Нохчийчоь даима а хилла хьаша дика тIелоцуш. Ас даггара декъалдо шу Россин цхьааллин денца, – элира А.Круталевича.
Цул тIаьхьа гулбеллачара Россин Федерацин байракхна тIе хIоьттира Нохчийн Республикин байракх. Къилбаседа Кавказан ерриге а субъектийн байракхаш а хIуьттур ю Россин байракхна тIе. Проектан дакъалацархоша дийцарехь Кавказан цхьаалла гойтуш йолу байракхийн конструкци гуттаренна а Iалашъян дIалур ю Россин федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан Федеральни округехь волчу юьззина бакъонаш йолчу векалан аппарате.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: