Ерригроссин вебинарехь дакъалецира

Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университететан дешаран-методикин белхан Департаментан директора Магомаева Маяс а, практикин а, белхан меттигаш нисъяран а отделан хьаькама Бакроев Мубарака а, практикийн отделан хьаькима Дагаев Мохьмада а дакъалецира Тверь гIалин пачхьалкхан университето вовшахтоьхначу Ерригроссин «Дешаран заведенехь вакансийн ярмарка: муха ян еза иза кхузаманан а, тIех пайден а» темина леринчу вебинарехь (интернет зIенаца дIахьош йолу семинар).

Россерчу 182 дешаран заведенеша дакъалоцучу вебинаран коьрта Iалашо яра дешна бевллачарна белхан меттигаш нисъяран программа кхочушъяр а, белхан меттигаш хуьлуьйтучу компанешца зIе тасар.

Сибиран федеральни университетан карьерин туьшан куьйгалхой а, Россин Федерацин Президент волчохь йолчу пачхьалкхан службин а, халкъан бахаман а Россин академин карьера кхиоран туьшан векалш а бара цигахь дакъалоцуш.

Магомаева Маяс дийцарехь, вебинарехь дийцаре дира мехкадаьттан техникин университетан выпускникаш балха нисбаран а, уьш кхидIа кхиоран а хьокъехь долу гIуллакхаш.

АСЛАХАНОВА Хеда

Суьрта тIехь: Ерригроссин вебинаран дакъалацархой

№13, шинара, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: