Нохчийн Республикин Итон-Кхаьлла юьртахь хIокху деношкахь дIаяьхьира кегийрхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула Москван индустриальни банкан Президентана, Россин хьакъволчу экономистана Арсамаков Абубакарна лерина йолу турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара вайн республикин гIаланашкара, кIошташкара спортсменаш. Иштта, леррина кхайкхина хьеший бара: кIоштан администрацин а, республикин муфтиятан а векалш.
Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира: Дакаев Илес (58 кг.), Закриев Аьрзу (64 кг.), Магомадов Имам (59 кг.), Исмаилов Адам (38 кг.), Мучураев Хьасан (54 кг.), Сулейманов Сайд-Мохьмад (60 кг.).
Толамхой билгалбехира кубкаша, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№13, шинара, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2018 шо