Оьшшучохь орцахбовла кийча бу

Вайна ма-хаъара, адаман дахаре кхочуш хIумма а дац. Хийлазза, некъан бохам хиллачохь, дуккха а адамаш лазийначохь, цIий дIаихначу адамашна орцахйолуш ерг Нохчийн Республикин цIий доттаран станци ю.

Иштта, дукха хан йоццуш, оцу станцехь хилира тхо, станцин коьртачу лоьрера Татаева Зураэра интервью а оьцуш. Цо оцу станцехь болх бен 20 шо хан ю. Станцина тIехIиттина хиллачу халачу киртигех чекхйийлина иза дуккха а шерашкахь. ЦIий доттаран станци шен шолгIа цIа хеташ аю иза. ЦIий доттаран республикин станци 1960-чу шарахь дуьйна болх беш ю.

– Де дика хуьлда, Зураъ. Станцехь маса лаборатори ю? Белхахой тоьаш буй, гIирсаца долу хьал муха ду шун?

– ЦIий доттаран станцехь 3 лаборатори ю, донорийн отдел а ю. ХIора а лабораторин шен-шен декхарш ду. Ткъа кхаа а лабораторин коьрта Iалашо – цIий таллар ю. Станцехь болх беш верриге а 90 белхахо ву. Уьш тоьаш бу. ХIора а лабораторехь а, отделехь а зеделларг долу лоьраш бу. ГIирсех дерг аьлча, уьш кхузаманан уггаре а тоьлларш бу.

– Донорера схьаэцна цIий талла мел хан оьшу? Иза муха толлу станцехь?

– Донорера цIий схьаэцначул тIаьхьа, уггаре а хьалхара гIулч иза таллар ю. Масала, тахана оха донорера схьаэцна цIий шолгIачу дийнахь Iуьйранна делккъалц толлу лерина йолчу кхаа лабораторехь. ЦIий теллина даьллачул тIаьхьа, тхо хьовсу, иза цIена ду я дац. Хийлазза, цIий теллинчул тIаьхьа, ВИЧ-инфекци гучуйолуш меттигаш а нисло. И саннарг цхьана шарахь шиъ-кхоъ нисло. Билгалъяьккхина инфекци цхьаьннан цIийца гучуяьлча, станцин лоьрийн бакъо яц иза цуьнга шега дIаала. Цуьнан цIийн талламан жамI дика ца хилча, оха уьш лерринчу антиспид туьше хьовсайо. Цара цигахь юха а толлу цIий. Церан талламо а инфекци хилар гайтича, и донор схьа а кхойкхий, дIаолу цара цуьнга. ДIааларал сов, цуьнца медицинин декъехула болх бо цара. Уггаре а хьалха психологин агIор гIо до цара цунна. ЦIий цIена хилар чIагIдинчул тIаьхьий бен иза дIадилла бакъо яц тхан.

– Жигара донорш дукха буй?

– Стага цкъа цIий дIаделлачул тIаьхьа, цо шозлагIа цIий далале цу юкъа 60 де даьлла хила деза. Цхьана шарахь кхузза цIий дIалуш верг станцин жигара донор ларалуш ву. Иштта, кест-кеста станцехь цIий дIалуш болчу доноршна «Сийлахь донор» аьлла цIерш а елла. «Сийлахь донор» верриге а 102 ву вайн республикехь. Уггаре а хьалха цIий даларца цара шайна ял йоккху, нахана доккха гIуллакх а до. Донора дIаделла цIий бахьана долуш кхечу адаман дахар кIелхьардаккхало бохург доккха хIума ду.

– Донорш алсамбовлийтарехь хIун болх бо аш?

– Жигара донорш хилар мехала ду. ХIунда аьлча, и санначара кест-кеста цIий дIалуш хилча, дахарна кхерам болуш хьал стагана тIехIоьттича, цунна оьшуш долу цIий хуьлу вайгахь. Цундела хIора а шарахь чиллин (февраль) баттахь дуьйна хIора баттахь вайн республикин кIошташка дIаса а доьлхуш, акцеш йо оха. ЦIий дIадаларе кхойкху оха нах. И тайпа акцеш дIаяхьар бахьана долуш цIий дIадала лаам берш алсамбовлу. Билгалдаккха луур дара волонтерийн «Vita» организаци, еххачу хенахь, тхуна гIо-накъосталла деш схьайогIуш хилар. Хийлазза, геннарчу кIошташкахь оха муьлхха а акци, цхьаьнакхетар вовшахтухучу а, дIахьочу а хенахь, тхоьца цхьатерра къахьоьгу цара. Царна даггара баркалла ала а луур дара суна. ЦIий доттаран станцин шен къона волонтераш хилар дика ду.

– Яккхийчу фестивалашкахь дакъалоций станцис?

– Станцина деллачу дипломашна а, Баркаллин кехаташна а юкъахь тхуна уггаре а мехала хеташ долу совгIат ду Ерригроссин «Соучастие» премехь тхайна делларг. Ишттачу йоккхачу премехь тхайн терго йина хиларх а, оха бечу белхан лаккхара мах хадийна хиларх а тхуна хаза кхаъ хиллера.

– Дела реза хуьлда Зураъ тхан хаттаршна жоьпаш даларна.

Интервью дIаяьхьнарг – З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрта тIехь: ЦIий доттаран станцин коьрта лор Татаева Зураъ

№13, шинара, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: