Тоьллачу актерех цхьаъ вара иза

Мотт Iамале, когавахале халкъан мостагI леринчарах цхьаъ вара Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан артист Докаев Султан.

1943-чу шеран чиллин (февраль) беттан 11-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь дуьнен чу ваьлла кIант, дерриге а нохчийн халкъ санна, «сийначу Сибрех» дIахьажийра Сталинан хьадалчаша 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь.

Когавахар а, мотт Iамар а хийрачу махкахь нисделира цуьнан. Амма цуьнан дас Абус дерриге а дира шен доьзална ненан мотт а, дайн оьзда гIиллакхаш а диц ца далийта. Къаьсттина Султан вара къоман ширачу ламасташна тIера. Бераллехь дуьйна нохчаллех дуьззина дара цуьнан дог.

Жимачохь дуьйна яхь йолуш кIант вара иза. Ялхитта шо кхаьчна вара Султан, дай баьхначу махка цIавоьрзуш. Казахстанехь дIадолийна дешар Соьлжа-ГIаларчу суьйренан школехь чекхдаьккхира цо, заводехь болх а беш.

Султанан хенара дуккха а кегийрхой бара заводехь къахьоьгуш. Дукхахболчара хазахетарца дакъалоцура заводехь йолчу исбаьхьаллин самодеятельностехь. Эххар а, цхьана кхоллараллин тобанна юкъавахара иза а. Цо къастийнарг театральни тоба яра. Тайп-тайпана спектаклаш хIиттайора заводан кегийрхоша. Уьш боккхачу кхиамца тIеоьцура хьовсархоша.

Дукха хан ялале Султан вара хьовсархоша ган сатесначу актерашна юкъахь. Иштта, гучуделира жимачу стеган похIма а, сцени тIехь муьлхха а васт кхолла долу хьуьнар а.

1968-чу шарахь вайн махкара кегийрхойн тоба Москварчу театральни институте деша хьажийра (хIинца театран академи). Султан а вара оцу тобанна юкъахь. Студенташна даима а хета институтехь доьшу зама сиха йоьдуш санна. Султанна а хетара и ирсе шераш сиха ду аьлла санна.

Делахь а, вайн махкахой ларийра актерийн корматалла караерзо. Дика дешарца билгалбевллачу студенташна юкъахь вара Докаев Султан а. Институт кхиамца чекхъяьккхина цIавирзинчул тIаьхьа цо болх бо Х.Нурадиловн цIарахчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театрехь. Кхиамца дакъалоцу «Отелло», «Ламанчера стаг», «Вицве Герострат», иштта дуккха а кхечу спектаклашкахь.

40 шарахь сов къоман театрехь болх беш С.Докаевс къеггинчу похIмица кхоьллина васташ еххачу ханна даха дисина цуьнан башха кхолларалла езаш хиллачу хьовсархойн дегнашкахь. Вайна актер гинера «Дела воцург накъост воцуш», «Дуьне духуш», «Мохк бегийча», «Асхьаб Бендер», «Кориолан», иштта дуккха а кхечу спектаклашкахь а.

ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь дуьйна вайн махкарчу Театрийн гIуллакххойн союзан председатель вара иза. Уггаре а халачу муьрехь, 2000-чу шерашкахь къоман театран директоран даржехь болх бира цо.

Иза цкъа а мукъа Iаш вацара. Нохчийн къоман культура серлаяла лууш, хьанал къахьегначарах ву Султан. Цуьнан хьуьнар бахьанехь хилира театр 2000-чу шерийн юьххьехь Ставрополехь, Краснодарехь, Волгоградехь, Къилбаседа Кавказан республикашкахула кхоллараллин гастролашкахь.

Дика накъост, тешаме доттагI вара иза. Хьекъал ира, хаарш кIорггера, дуьнене хьежар сирла долуш вара. Белхан накъосташца, бевза-безачаьрца мегаш, тарлуш, уьйр-марзо латтош чекхваьлла вара. Зовкх дебна, Нохчийчоь кхиамийн лакхене кхаьчна ган лууш, къахьоьгуш вара. Цхьанна а ца тосадолуьйтуш, дехха дIакхийхьира цо шех хьаьрчина хала лазар…

ХIоху деношкахь Докаев Султанан 75 шо кхачар билгаладаккха кечлуш хир бара цуьнан кхолларалла дукхаеза хьовсархой. Делахь а, 2016-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 5-чу дийнахь детталучуьра сецира Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан артистан дог. Къоман культурина хилла ца Iаш дерриге а нохчийн халкъана боккха эшам бара иштта похIме актер а, яхь йолу кIант дIавалар. Дала декъал войла иза!

ГАЗИЕВА Аза

№13, шинара, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: