Къаьмнийн литературашна юкъара хедда зӀенаш меттахӀиттор а, керла уьйраш тийсар а вайзаманан литературин коьртачу лехамех ду. Яздархошний, цара кхуллучу литературашний юкъара уьйраш тоялар къаьмнийн уьйрашна а беркате доьрзург хиларх тешаш, оцу Ӏалашонна тӀеберзийна бу дуккха а яздархойн болх. Иштта бечу балхана юкъа доккха дакъа дуьллу исбаьхьаллин гочдарший, гочдархоший. Таханлерчу нохчийн литературехь, гочдаран болх тӀе а лаьцна, цуьнан дукъ хьанал дӀакхоьхьучу яздархойх ву поэт, гочдархо Ахматукаев Адам.
Кхо шо хьалха – Литературин шо, аьлла, цӀетоьхначу шарахь – «Нохчийчоь тахана» бохучу вайн пачхьалкхан хаамийн агентствон интернетагӀон тӀехь «Литературийн доттагӀалла – къаьмнийн доттагӀалла!» цӀе йолу проект а лелийра Адама, ша гочбинчу поэтийн цхьацца подборка а йовзуьйтуш хӀора кӀиранах. Цо нохчийн матте яьхна стихаш, поэмаш «Даймохк» газета тӀехь а хилла, «Орга», «Вайнах», «Нана», «Гоч» журналашкахь а арайийлина. Поэта гочйинчу яккхийчу произведенех йолу Лермонтов Михаилан «Мцыри» поэма дуьххьара зорбатоьхнарг а «Даймохк» газет дара.

Республикин Яздархойн союзан цӀарах литературин гӀуллакхашна дӀасаоьхуш, вайн махкал арахьарчу дуккха а яздархошца цхьаьна нисвелла иза тӀаьххьарчу шерашкахь. Цхьадолчу декъана, и цхьаьнакхетарш бахьанехь а ду Нохчийчуьра яздархой а, церан белхаш а дозанал арахьа бовзар алсамдала доладалар.
Ахматукаев Адама динчу дуккха а гочдарех беларусийн поэзера цхьа дакъа юкъахь долуш книга ю Нохчийн Республикин Яздархойн союзо арахеца кечъеш. Беларусийн поэзи цо хьалхаяккхар ларамаза а дац, хӀунда аьлча, кхечу пачхьалкхашкарчу яздархошца цуьнан хилла цхьаьнакхетарш, дукха хьолахь, беларусийн махкахь хилла хиларна а, беларусийн яздархошца тасаделла гергарлонаш бахьанехь нисделла хиларна а.
Литературехь кхиамаш бахарна вайн махкахь деллачу совгӀаташца цхьаьна, къаьмнийн литературашна юкъахь а, оцу литературашкахула къаьмнашна юкъахь а доттагӀаллин уьйраш тийсарний, уьш латторний Беларусь Республикехь дина совгӀаташ а ду Ахматукаев Адаман.
ХӀокху шеран чиллин (февраль) бутт чекхболуш «Яздархо а, зама а» аьлла йолчу Дуьненаюкъарчу симпозиуме гуллур бу дуккха а мехкашкара яздархой. И боккха гулам Беларусь Республикин коьртачу шахьарахь Минскехь хир болуш а бу. Цига кхайкхина ву вайн махкахо Ахматукаев Адам а. Цо гочйина Богданович Максиман цхьайолу стихаш ю тахана «Даймохк» газето йовзуьйтурш.
ИБРАГИМОВ Канта,
Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель
БОГДАНОВИЧ Максим
(Беларусь)
Нехан махкахь
Ийалуш, седарчийн хӀорд Ӏуьллуш гонах,
Цхьá-цхьалха, гӀайгӀане лелаш ву со.
ӀиндагӀехь сендарг а, хьоьгуш серлонах,
Сайга цхьаъ далхадан кхийдачух го.
«Воьхна ма гайта хьуо! Цхьаъ ду вай хӀинца, –
ГӀаддайна, боху цо, бӀобулуш сох. –
Хьолана дуькъачохь лелахь а, бицбан
Йиш йоцуш генара миска вайн
мохк».
***
Дукха ду дахарехь некъаш,
Амма уьш – коша чу хӀора.
Ирсах я гӀайгӀанийн декъах
Кхетта я кхетаза, гӀора
Кхачош, вай эхарта кхочур,
Ойланаш хаттарца юхуш:
Вай кхузахь гулдели муха –
Иштта и лийрина доцуш?..
Оьшурий сих воккху некъаш,
Нагахь, уьш коша чу тилча,
Вайн лорах, меллаша текхаш,
НӀаьна схьатӀекхуьург хилча?
***
Мехкан баланашна леткъаш,
Делхар – вайна эхь!
Буьйса Ӏаткъарх, малх ма лаьтта
Беттан куьзганахь.
Хан тӀееъча, малх схьакхетар,
Набарх дохуш вай.
Де схьахӀоттош ирсан декъах,
Мохк а денлур вайн!
Ӏаьнан юргӀанна кӀелахь а
БӀаьсте хаало.
Седарчашлахь туьйра гахь а,
Сирла-м иза го.
***
Буьйса – шийла, Ӏаьржа, дассаделла арахь.
ЦӀарна юххехь, бодлуш, набарх доьлча дегӀ,
Хелаш-хелаш, гӀеллой, эххар цӀе дӀаярах,
Воьхна воцуш, мелхо ву со самукъне.
Марчо санна, гонах овкъарийн хӀур билла
Оьшург ца хиллехь а башха дукха хан,
Хаьа суна, цунна бухахь алу Ӏуьллу –
Ӏалашъелла, Ӏуьллу – сихха дӀа ца ян.
Дукха-м ду и денош, овкъарш санна, мокха,
Шá марчонах дог сан шелдан дуьйшурш тӀе.
Цара кхуьйлу гӀайгӀа хиларх еза-йоккха,
Даг чохь дӀа-м ца яйна сан тешаман цӀе!..
***
Мокха хӀуттут, ахь хьайн пал ма тийса,
Хьун а теш ма хӀиттае;
Дикка хан ю суна ваха йиснарг
Боху кхаъ ма кхайкхабе.
И ма даций ойла сан хьийзориг,
Ийзош иза гӀайгӀане…
Кхин лазам бу, ца караеш гӀоли,
Кийра – хьýнах – бижна берг.
Хаьа, кестта Ӏожалла схьахӀуттур
–
Хенал хьалха хьарча сох…
ТӀаккха, сан коша тӀе хаий, хӀуттут,
Хьуьнхахь санна, кхайкха хьо. Ӏаьнан некъ
Лайлахула говраш йоьлху мáса.
Ӏода кӀелахь бекаш, горгало
Даг чу аьхна хьегам-дагалацам
Туьйсу, кхуьйлуш синна паргӀато.
ГӀоьнийн лараш юьйшу лаьхьанашха,
Дашо цинцаш догу стигалахь.
ГӀайгӀанечу беттан марс-маӀаш а
Лепаш го даточу варкъалахь.
ГӀура юьллу дохк ду арахь лаьтташ,
Шийла болат санна, къега ло.
Со дӀаэцна йоьдуш мáса-хьаьдда,
Аьхна мукъам бо говр-салазо.
***
Довла вай къийсаман новкъа,
Кхолламна инкарло яй;
Стешхачийн хамталло шовкъах
Дохур дац, вежарий, вай!
Дийна волчо бен – ва цо бен! –
Дуьхьала нека ца до.
Са доцуш верг аймано шен
Кийра дӀачуозаво…
***
Даг чохь меттиг йисна яц-кха, лазам боцуш, –
Цунна гӀоли лоьхуш, валий, стенга гӀо со?
Эрна арахь дарц ду маьршша букар хьийзаш,
Цуьнга балхабе-те деган къора тийжам?
Иллин аз дӀахоьцур ду ас ялтийн ара,
Дагна хьаьхна гӀайгӀа-бала доккхуш ара.
Дарцо, лаххьош, вайна генна уьш дӀахьойла –
Цаьрга цкъа а къахь ца яйта дахарх ойла!
***
Дарцаш, угӀуш, хьийкхира сан агӀор,
Хилла мел дерг хьаьккхина дӀахьош…
Уьш дӀатийра… Ойла тӀома хьош –
Мацах санна – яц-кха сан син чӀагӀо.
Дош дуй иза? Маржа – дош?
Сингаттаман цӀергахь кийра кхехка.
БӀаьрхиш хеций, яйа ас и цӀе?
Я сатоха – тоьхначунна тӀе –
Тешамо ца доххуриг сайх бехкаш?..
Ас хӀун де-те? Ас хӀун де?
Коша тӀехь
Некъа йисттехь эрна арахь –
Шá цхьа каш;
Лайн хӀур гӀиттош гонахьара,
Хьийза дарц.
Кошан гӀарол санна, лаьтта
Муьрган дитт;
Мохо, лоькхуш, лаьтте сеттош,
Зуьйш ду и.
Букар-дарцо мукъам уьйу
Тийжамийн…
Эрна арахь коше юьйлу
Назма – и.
***
Со хьоьжуш ву… И малх а бу тӀехьоьжуш…
Хьо делкъахь араяьр-те я ца яьр?..
Кху силам-некъан кӀеда гӀайба хьоьшуш,
Ахь мачашца ма юьллур яра-кх лар.
Цхьа кӀеда лар… Сан доьхна са дӀалаццал…
Ца гойтуш хьуна, вожа-кх цунна тӀе…
Со хьоьжуш ву… Сан гӀайгӀа яйлуш яц-кха:
Сан са кху балех маца дер ду-те?
***
Ма хилахьа йохий,
Мархаша малх лацарх.
Собаре сатоха –
Йолалур ю яча.
Са – айкхдала кийча,
Хьун а ца хьов меттах…
Дерриг Ӏалам тийча,
Ткъес а чӀогӀа детта!
***
ХӀай, сан къона зама,
Сатийсамаш къона!
Безаман цӀе-алу –
ЦӀена унах, вонах!
Хьоме – са ца Ӏаббал –
Ду уьш карладийлар:
Еха дашо чӀаба,
БӀаьргаш сирла-сийна!
Хийла деза-довха –
Тхойшиъ бен ца кхеттал –
Кемсийн бешахь ховха
Лайна цхьаьнакхетарш!
Оцу шерийн амалш
Къона ма ярийца!
Царах йисна алу
Дашо хета хӀинца!
***
Араволу чуьра. Дижна ков-керт.
Самукъане. Жимма гӀайгӀане а.
Ойланаш – комаьрша дӀасаеккъал.
Седарчий – Ӏалелай! – стиглан тхов тӀехь.
Баланаш а лайна – гӀала йиллал:
Даьгна дог, ва дийнна дӀа-м ца даьгна;
Лайна мел дерг цунна тӀехь ду аьгна –
Къоналлина хьарам со ца хилла.
Гочйинарг – АХМАТУКАЕВ Адам
№13, шинара, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2018 шо