Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Лараме махкахой!

Ас даггара декъалдо шу Даймохк ларбархочун денца! Россин башхачу хиламийн рузманехь къаьсттина меттиг дIалоцуш ду и дезде.

Тахана вай базбо Россин эскарехь гIуллакхдеш берш, дозанехь гIаролехь лаьтташ берш, флотехь, бакъонаш ларъяран органашкахь гIуллакхдеш берш. Вайн мехкан исторехь дукха хилла шайх дозалла дан, шайна хастам бан хьакъ долу хьуьнарш гайтар. Вайн махкахоша, шайгара доьналла а, стогалла а, майралла а гойтуш, шайн могашалла а, дахарш а ца кхоош, тайп-тайпанчу хенашкахь ларйина вайн мехкан паргIато а, маршо а, токхо а.

Нохчийн Республико дуккха а сийлахь бIаьхой кхиийна. Цара хьанал а, тешаме а хиларца гIуллакх дина Даймахкана. Царна юкъахь бу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман иттаннаш Турпалхой, бIеннаш тIеман орденийн кавалераш.

Даймохк ларбархочун дийнахь вай къаьсттина дозалла дарца а, безамца а дагалоьцу Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. БIешерийн зилехь цо тIом кхайкхийра дуьненаюкъарчу терроризмана, вайн пачхьалкхан цхьааллина а, йозуш цахиларна а кхерам туьйсуш хиллачу. Иза Iаламат чIогIа кхераме а, чолхе а, амма беккъа цхьаъ бен боцу некъ бара. Ахьмад-Хьаьжа а, эзарнаш цуьнан тешаме бIанакъостий а декъал хилира мехкан цхьаалла а, бозуш цахилар а лардеш. Уьш даима а вайн иэсехь лаьттар бу!

ХIокху дийнахь вай биц ца бо Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина вайн ветеранаш, бIаьхой-интернационалисташ, кегийчу къийсамашкахь дакъалаьцнарш. Вайн дайн а, дедайн а бIаьхаллин сийлахь ламасташ тахана лардеш ю Даймохк ларбархойн керла тIаьхье. Уьш тешаме бу шайн бIаьхаллин декхарна, шаьш йинчу чIагIонна, Даймахкана.

Хьомсара Даймохк ларбархой! ХIокху дезачу дийнахь дIахаийта лаьа шу маьрша дехийла, шун доьзалшкахь ийман-беркат лаьттийла сайна чIогIа лууш хилар. Юха а цкъа декъалдо шу дезачу денца!

№14, пIераска, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: