БIаьхойн-интернационалистийн де билгалдаьккхира

«Германехь хиллачу Советийн Союзан эскарийн тобанан ветеранийн Нохчийн Республикехула йолу союз» регионан юкъараллин организацис БIаьхочун-интернационалистан де билгалдаьккхира.

ХIокху деношкахь, «Германехь хиллачу Советийн Союзан эскарийн тобанан ветеранийн Нохчийн Республикехула йолу союз» региональни юкъараллин организацин дакъалацархоша Соьлжа-ГIаларчу «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексехь болчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) хIолламна хьалха зезагаш дахкарца дIадолийра БIаьхочун-интернационалистан де билгалдаккхарна лерина гIуллакх.

Цул тIаьхьа ветеранаш А-Хь.Кадыровн цIарахчу музейхула чекхбевлира. Церан хаттаршна жоьпаш а луш, цу чуьра экспонаташ йовзийтира музейн говзанчас.

Экскурси чекхъяьллачул тIаьхьа, ветеранаш комплексан актови зала чу кхайкхира. Цигахь дийцира Советийн Союзан эскаршкахь гIуллакхаш динчарах а, церан доьналлех а. ТIекхуьучу чкъурана цаьргара схьаэца дуккха а хIума хилар а, царах дозалла дан хьакъ хилар а билгалдаьккхира. Цигахь дакъалаьцначу Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон векала Вазаралиев Висадис.

Германехь хиллачу Советийн Союзан эскарех лаьцна видеокийсак гайтира. Организацин куьйгалхочо Кавраев Мусас дийцира шаьш вовшахтоьхначу гIуллакхан коьрта бахьана.

– Кегийрхошкахь доьналла, яхь, майралла, патриотизм кхиоран а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн дIадолорца тIеэцначу тIекхуьуш долу къона чкъор ийманехь кхетош-кхиоран цхьааллин концепци кхочушъяран а гурашкахь, иштта гIуллакхаш дIахьо оха», – элира цо.

Иштта, билгалдаьккхира карарчу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Россин герзашца кечбинчу ницкъийн бIе шо кхочуш хилар а, цуьнца доьзна мероприятеш дIахьош хилар а.

– Карарчу хенахь организацина юкъахь 230 ветеран ву. Организаци вовшахтоьхчахьана а А-Хь.Кадыровн цIарахчу «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексаца, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца цхьаьна гIуллакхаш ду дIахьош. Тхуна гIо-накъосталла до Ростехнадзоран Нохчийн Республикехула йолчу технологин а, экологин а терго яран Урхаллин куьйгалхочо Хазуев Шайхис, Шаройн муниципальни кIоштан куьйгалхочо Магомедов Рамзана, – бохура М.Кавраевс.

– Тахана вай билгалдоккхург БIаьхочун-интернационалистан де ду. Вайна ма-хаъара, Нохчийн Республикерчу дуккха а наха, Дай- мохк ларбеш, дакъалаьцна дуьненан массо а маьIIехь. ОвгIанехь гIуллакх дина вайн 2 441 махкахочо, царах 69 цигахь кхелхина, иштта, вайн 293 махкахо бIаьхаллин декхарш лаккхарчу тIегIанехь кхочушдарна билгалваьккхина а хилла, – дийцира историн Iилманийн кандидата Хатуев Ислама.

Цхьаьнакхетар дерзош Суьдан пурстоьпийн федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллас а, республикин «Суьдан пурстоьпийн гIуллакххойн ветеранийн Ассоциаци» организацис а Кавраев Мусана а, кхечу ветеранашна а Баркаллин кехаташ а, мидалш а елира.

Хь.БАХТАЕВА

№14, пIераска, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: