Оцу башхачу стеган хьокъехь ойла ечу хенахь, суна даима а дагадогIу адамаш бохамах, акхачу ницкъех лардеш хиллачу турпалхочух лаьцна долу туьйра. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа сан кхетамехь даима а туьйранера дика стаг вара, иштта хилла вуьсуш ву тахана а. Цо шен куьйга дIабаьккхира нохчийн халкъана тIехIоьттина инзаре боккха тIеман кхерам. Оцу тIамо нохчийн къоман хIу дайъа тарлора. Цунах уггаре а хьалха кхеттарг Ахьмад-Хьаьжа вара.
Адамийн тайп-тайпанчу оьмаршкахь дукха хилл а шайн хьуьнаршца гIарабевлла турпалхой. Дукха хьолахь, къоман паргIато а, маршо а ларъян, цуьнгахьа къийса гIовттуш хилла уьш. Ткъа Ахьмад-Хьаьжас шен мерза са дIаделира къам хIаллакьхиларх кIелхьардаккхархьама.
«Къам даха дуьсур ду я хIаллакьхир ду», – иштта луьра хIоьттинера хаттар. Ахьмад-Хьаьжа, лом хилла, гIаьттира шен халкъ, цуьнан культура, гIиллакхаш, Iадаташ лардан. Нохчийн халкъах дуьненаюкъарчу терроризман, динан экстремизман амалтхо дан лууш бара дуьненан массо а маьIIера схьабаьхкина зуламе ницкъаш. Вайн дайн лаьтта тIехь орамаш тесна охьахевшинера уьш. ЧIагIбала ойла йолуш бара.
Делахь а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ванне а реза вацара вайн нана-Нохчийчоьнах тIеман хьаьрма яйта, вайн халкъан амалца догIуш доцу гIиллакхаш юкъадаладайта. Со валлане а цец ца велира цо вахабизмана а, церан хьадалчашна-цIухIаршна а дуьхьал тIом хьебича. Ахьмад-Хьаьжа майрра дуьхьал велира царна. Ткъа уьш цу хенахь шайна луъург чекхдаьлла ду моьттуш, шайн ницкъах тоам бина бара. Юхабовла дагахь бацара. Амма царна моьттург бакъ дацара.
ТIаьхьо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас царна иза даррехь дIа а хаийтира. Оцу тIех майрачу, оццу хенахь кIорггера хьекъал, кхетам, духе кхиар долчу стагана шен аьтто барал сийлахь а, деза а дара нохчийн халкъан сий, паргIато ларъяр. Иза къеггина гуш дара цунна гуонаха болчарна, иза вевзинчарна. Цундела, Россин куьйгалло шегара доккха хьекъал гайтира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа 2000-чу шеран асаран (июнь) баттахь Нохчийн Республикин Ханна йолчу администрацин Куьйгалхо а хIоттийна.
Цул тIаьхьа дуккха а эвсаре хилла дIахIоьттира Ахьмад-Хьаьжас республикера хьал лартIе далорехьа дIахьош болу болх. Цул тIаьхьа сихха дикачу агIор хийцадала доладелира Нохчийчуьра хьал. Адамашна гучудала доладелира Ахьмад-Хьаьжа, Республикехь а, цул генна арахьа а дика вевзаш волу Iеламстаг хилла ца Iаш, похIме куьйгалхо а, говза вовшахтохархо а хилар. Йоццачу хенахь цуьнан ницкъ кхечира республикин пачхьалкхан аппаратан болх когахIотто.
Оццу хенахь кхочушдеш дара юкъараллин-политикин хьал лартIе далоран, экономика а, социальни дакъа а меттахIотторан гIуллакхаш. Иштта, доккхачу маьIне дара тIамах бевдда дуьне ма-дду дIасабаханарш шайн,ярташка, хIусамашка юхаберзор.
Царах дукхахберш ГIалгIайчохь четаршкахь хала хан йоккхуш бара. Нохчийчохь тIеман хьал хиллехь а, дика болх беш яра кхочушдаран Iедалан органаш. Царна хаарца куьйгалла деш вара, оркестрана зеделларг долу дирижер санна, администрацин куьйгалхо. Цунна тIе ма хьаьжжина вевзара стаг, цундела шена юххе мила озо веза хаьара. Стагехь хIун доллу хаарца цхьаьна, цо сихха къастадора стаг муьлхачу гIуллакхна охIла ву.
Цо вайн махкара дуккха а адамаш, дахаран къилба а гайтина, новкъадаьхна. Ахьмад-Хьаьжас шайна белла тешам цара эрна а ца байъина.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин адамаллех лаьцна, цец а вуьйлуш, дийца дуккха а хIуманаш ду. Иза чIогIа эхь-бехк долуш, комаьрша, къинхетаме, собаре, догцIена, шеца мискъа-лазарраттал куралла йоцуш, стаг вара. Шех адам тешо хаьара, хьаьнгга а леррина ладугIура, къамел юкъах ца доккхуш. Суна хетарехь, гIо оьшуш шена тIевеана волу цхьа а стаг гIо-накъосталла ца деш дIа ца вахийтина цо.
Цуьнан доттагIийн а, накъостийн а, цуьнан гIолоцучеран а гуо де-дийне шорлуш бара, вайн республикехь а, цул арахьа а. Цунна хетачуьнга ладугIуш бара цIеяххана Iеламнах. Дера, мостагIий а ма бара цуьнан. Цара дуккхазза а кIелонаш йира цунна. Делахь а, Веза-Сийлахьволчо ларвора иза. Майрра, ша
юьхьарлаьцнарг цIена, нийса некъ хиларх тешна хиларца, юьхьа тIехь догцIена велар долуш, шен тIаьххьарчу зиле воьдуш вара иза…
Цул дехьа цкъа а кхачалур йоцу абаде яра… 2004-чу шеран хIутосург (май) беттан 9-гIа де. Цуьнан дахаран тIаьххьара де дара иза. Iуьйранна дуьйна кхетта нур-дашо малх бара. Адамаш яккхийчу тобанашца стадионе, дезачу дийне, шайн Президентаца цхьаьнакхета догIуш дара… Ца моьттург хилира.
ДЕЛИМХАНОВ Адам
«Баьччанийн тIаьхье» хаамийн-хьесапдаран журнал
№14, пIераска, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2018 шо