«Кхиаман формула» проект кхочушъеш ю

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос а, Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанис а кхочушъян йолийна керла проект. Иза республикин телевиденин математикин «Кхиаман формула» аьлла, интеллектуальни ловзар ду. 2017-чу шеран гIуран (декабрь) баттера 2018-чу шеран оханан (апрель) бутт кхаччалц дIахьур ду ловзар.

Схьакъасторан мур Соьлжа-ГIалин Хь.Ибрагимовн цIарахчу математикин школехь хилира. Цигахь дакъалаьцначу 24 командех финалан доьалгIачу декъе (чийрик-финале) яьлларг республикин тайп-тайпанчу кIошташкара а, Соьлжа-ГIалара а 12 команда ю. Оцу командаша телевиденехь дIахьон йолчу керлачу съемкашкахь дакъалоцур ду.

«Оцу тайпана ловзар вайн республикехь дуьххьара дIахьош ду. Чиллин (февраль) баттахь дуьйна цуьнга хьажа таро хир ю «Грозный» телеканалехь. «Леррина оцу гIуллакхна телевиденехь керла студи а йина», – билгалдаьккхира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала.

ХIора ловзарехь шина командо дакъалоцур ду. Ловзаран бакъенашка хьаьжжина, цуьнан дакъалацархой беа муьрах чекхбовла безар бу. «Командо маршалла хаттар», «Математикин турнир», «Эстафета», «Капитанийн конкурс». Иштта бекъна бу уьш.

«Кхиаман формула» ловзаран жамIаш даран жюрина юкъахь дешаран а, Iилманан а министерствера а, лакхарчу дешаран заведенешкара а векалш бу.

З.ХАНОВА

№14, пIераска, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: