Студенташна – харжамех лаьцна

Россин Федерацин Президентан харжамашна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира хIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан университетехь регионашна юкъарчу «Коалиция» боламан совето. «Со а, сан харжам а» проектан гурашкахь дIадаьхьира и гIуллакх.

«Коалиция» боламан совето Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторехула йолчу департаментан а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а, экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствон а, Россин Федерацин Нохчийн Республикехула йолчу юстицин министерствон а, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин а, Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векалан аппаратан а гIоьнца вовшахтоьхна дара цхьаьнакхетар.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатела Денильханов ИсмаьIала, Нохчийн Республикин Харжамийн комиссин декъашхочо Эльсункаев Салижана, Нохчийн Пачхьалкхан университетан проректора Киндаров Заура, бизнес-юкъараллин председатела Юсупов Аптис, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторехула йолчу департаментан векала Даутов Рустама.

«Коалиция» боламан председатела, Нохчийн Республикин Харжамийн комиссин декъашхочо Яхьяев Денис дийцира Россин Федерацин Президентан харжамашна къаьсттина лерина кечамбарх а, цуьнан дозаллех а лаьцна.

«Россин Федерацин Президент харжаран харжамаш махкана чIогIа маьIне гIуллакх ду. Харжамхойн харжамах дозуш ду мохк кхидIа муха кхуьур бу бохург», – элира цо.

Цхьаьнакхетаран дакъалацархоша довзийтира Россин Федерацин Президентан харжамашкахь кхаж тасаран маьIна а, гражданийн бакъонаш а, декхарш а. Иштта, республикин хиндолчунна хьалха кегийрхой жоьпалле хилар а хаийтира.

Шен къамелехь Денильханов ИсмаьIала билгалдаьккхира кхаж тасар а, шен хиндолчунна сагатдеш а, жоьпалле а хилар а республикин хIора вахархочун декхар хилар.

Шен рогIехь Юсупов Аптис билгалдаьккхира 2018-чу шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь хинболу Россин Федерацин Президентан харжамаш маьIне хилам хилар.

– Вайх хIораннан декхар ду цигахь дакъалацар. Говзанчаш хилла ца Iаш, муьлххачу хьолехь шаьш муха лела деза хууш хила а деза шуна. Шайга дан тарлург дерриге а дан хьовса деза, кандидаташа йовзийтина йолу программаш талла а, политикехь тергаме хила а. ТIаккха шу политикин, граждански декъехь дика кечам бина хир ду, – элира А.Юсуповс.

Иштта, цо дийцарехь, шайн граждански хьежам билгалбаккхархьама юкъараллин, политикин дахарехь дакъалаца деза. Кегийрхоша Россин Федерацин Президентан харжамашкахь дакъалацар мехала ду.

А.АЛИЕВ

№14, пIераска, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: