Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна леринчу кхоллараллин конкурсан хьелаш

1.Юкъара хьелаш

1.1. Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна лерина конкурс (кхидIа – Конкурс) дIахьош ю шен хьомечу гIалане болу безам гойтуш йолу шайн чулацамца башха а, маьIница мехала а говзарш кхолларна гIалин кхоллараллин ницкъаш цхьаьнатохаран Iалашонца.

1.2. Конкурсан декхарш:

– Соьлжа-ГIалин хьокъехь керла байташ кхоллар а, керла суьрташ дахкар а, дахар а;

– культурин-историн ламастийн гIала хиларе терра Соьлжа-ГIалин сий-ларам лакхабаккхар;

– гIалин культурин а, юкъараллин а дахарна Соьлжа-ГIалин бахархой а, хьеший а юкъаозор;

– тIекхуьучу тIаьхьенехь шен гIалане безам бахийтар, иза патриотизман ойланехь кхетош-кхиор;

– корматаллин а, шаьш Iемина а авторш цхьаьнатохар, церан кхоллараллин хьокъехь къамелаш хилийтар.

1.3. Конкурс дIахьош ю 2018-чу шеран чиллин (февраль) беттан 1-чу дийнахь дуьйна бекарг (март) беттан 31-гIа де чекхдаллалц.

1.4. Конкурс кхаа номинацехь дIахьош ю: «Соьлжа-ГIалин хьокъехь тоьлла байт», «Соьлжа-ГIалин тоьлла даьккхина сурт», «Соьлжа-ГIалин тоьлла диллина сурт».

1.5. Конкурсехь дакъалаца таро ю муьлххачун а. Дакъалацархошна тоьхна доза дац. Хьесапе дац воккха-жима хилар.

2.Конкурс дIаяхьаран къепе

2.1. Конкурсехь дакъалацарна заявкаш а, белхаш а Соьлжа-ГIалин мэре дIало чиллин беттан хьалхарчу дийнахь 9 сахьт даьлчахьана дуьйна бекарг беттан 31-чу дийнахь 18 сахьт даллалц (кабинетан №203) зIене телефонан хIокху номерца довла аьтто бу: 8(8712) 22–26–02.

Иштта, Конкурсехь дакъалацарна заявкаш а, белхаш а дIабахьийта аьтто бу почтин хIокху электронни адресца: socotdelhаz@mail.ru.

2.2. Конкурс вовшахтохаран гIуллакхаш кхочушдеш ю Конкурсана кечамбаран а, иза дIаяхьаран а белхан тоба.

3.Конкурсан хьелаш

3.1. Конкурсан дакъалацархойн белхийн мах хадор хIокху билгалонашца хир ду:

1) «Соьлжа-ГIалин хьокъехь тоьлла байт» номинацехь: тема схьаястар, (гIалане, цуьнан историга, хазалле, бахархошка болу безам, гIалин исбаьхьалла, хазалла, и.дI. кх.); байтан техника (ритмика, барам, рифмовка); байтан чулацам (васт кхоллар, дог-ойла гайтар, суртхIоттор, аьхналла, кхеташ хилар); мотт кхеташ хилар.

2) «Соьлжа-ГIалин тоьлла даьккхина сурт» номинацехь болх Конкурсан темица богIуш хилар, даьккхинчу суьртан шен башхалла хилар; говзалла а, дизайн а хилар.

3) «Соьлжа-ГIалин тоьлла диллина сурт» номинацехь: шен ойла кхоллараллехь гайтар (суьртан башхалла, гайтаран кеп); эстетикин басаршца къагон (сурт къаьсташ, кхеташ, цIена хилар, и.дI.кх.); конкурсан темица догIуш хилар; говзаран исбаьхьаллин тIегIа, суьртан дикалла хилар, композици юьззина хилар, суьртан башха цIе хилар.

4.ЖамIаш дар

4.1. Конкурсан жамIаш дийр ду 2018-чу шеран оханан (апрель) беттан 30-гIа де тIехдалале. Жюрис билгалбоху хIора а номинацехула болу Конкурсан толамхой а, совгIатан меттигаш яьхнарш а. Конкурсан хьелашца нийса а догIуш, толам баьккхинчарна «Соьлжа-ГIалин хьокъехь тоьлла байт», «Соьлжа-ГIалин тоьлла даьккхина сурт», «Соьлжа-ГIалин тоьлла диллина сурт» цIерш лур ю.

4.2. Конкурсан толамхошна а, совгIатан меттигаш яьхначарна а дипломаш, мехала ахчанан совгIаташ лур ду.

4.3. Конкурсан толамхошна а, совгIатийн меттигаш яьхначарна а совгIаташ далар даздаран хьолехь дIахьур ду.

№14, пIераска, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: