Дукхах болчу россихошна иза мел тамашийна хетахь а, Къилбаседа Кавказерчу субъектийн бахархошна шаьш Россица бен ца го. Иштта сацам бина «Къилбаседа Кавказан республикаш: этнополитикин хьал а, федеральни центраца йолу юкъаметтигаш а» цIе йолу талламан болх кечбинчу Россин Iилманийн академин (РАН) Этнологин а, антропологин а институтан Iилманчаша.
Лакхахь хьахийна талламан болх кечбеш оцу институтан Iилманчаша шина шарахь къахьегна. Иштта хаам бо хаамийн ТАСС агентствос.
«Бинчу талламан белхан коьрта жамI билггал къаьсттина ду: Къилбаседа Кавказерчу субъектийн бахархошна шайн дахар Россица бен ца го, оцу субъекташца юкъаметтиг лелорехь федеральни центро мел дукха гIалаташ даьхнехь а. Уьш кхеташ бу шайн дахар Россица хила дезаш хиларх», – билгалдаьккхина РАН-н Этнологин а, антропологин а институтан Iилманан коьртачу белхахочо Косиков Игора.
Иштта, Косиковс тидам тIебахийтина ма-хиллара, талламан болх барехь дакъалоцуш Къилбаседа Кавказерчу Iилманийн туьшашкара векалш а бара, цундела, «хIинццалц Москварчу а, Санкт-Петербургерчу а Iилманчийн а, политологийн а Къилбаседа Кавказаца а, цуьнан халкъашца а боьзначу белхашкахь дуьсуш хилла кхачамбацарш дIадаьхна».Масала, талламан гурашкахь бинчу балхо гучудаьккхина Къилбаседа Кавказан субъекташна хьажочу федеральни дотацийн барам кхечу округашкарчу субъекташна лучул а кIезиг хилар.
Вуьшта аьлча, билгалдаьлла Къилбаседа Кавказан федеральни округехь уггаре а дукха федеральни дотацеш кхочуш йолчу ГIалгIайчохь, федеральни бюджетан дотацеш бахархошна юкъахь дIасаекъча, 12,9 эзар соьман барамехь бен цахилар, ткъа Камчаткин крайхь – 65,1 эзар.
Округерчу субъектийн бахархошна шайн дахар Россица бен ца го бахар, меттигерчу бахархошца дIабаьхьначу хаттаман буха тIехь билгалдаьлла.
«ХIун пайда бу Къилбаседа Кавказан халкъашна Россица цхьаьна дахарехь?» – аьллачу хаттарна «цуьнан (Россин) эскаро шайн халкъийн латтанаш арахьарчу мостагIех лардар бу пайда» – аьлла а, «Федеральни центран Къилбаседа Кавказан федеральни округехь дIахьош йолчу политикин хьокъехь» долчу хаттарна «… масех бIешарахь цхьана хорша йирзина Москван а, Къилбаседа Кавказан а юкъаметтигаш, уьш мухха елахь а, гIолехь ю» аьлла а, жоьпаш делларш хилар а билгалдоккху талламан авторша.
Цул сов, оццу талламо гучудаьккхина Россехь демографин хьал дика Къилбаседа Кавказехь бен цахилар. Цуьнца нийса а догIуш, билгалдаккха догIу «демографин кризисехь» хIинццалц оьрсийн халкъ бен ца хиллехь а, хIинца гIезалой а, башкираш а, карелаш а, хIирий а хилар.
«Демографин кхиарехь», ламаст а хилла схьадогIуш ма-хиллара, нохчийн а, гIалгIайн а, чергазийн а, гIумкийн а, жIайхойн а халкъаш ду. Иштта, дебаш догIучу халкъийн могIарехь ненцаш а бу.
И.ИСЛАМОВ
№14, пIераска, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2018 шо