ХIокху деношкахь Нохчийн Республике кхечира инвестицеш кхиоран а, предпринимательствон а министр Сафронов Антон коьртехь волу Саха Республикин делегаци. Цуьнан Iалашо яра Якутин инвестицийн нуьцкъалалла йовзуьйтуш, презентаци яр а, Нохчийн Республикера социальни-экономикин хьал довзар а.

Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствехь цхьаьнакхетар дIадаьхьира делегацин декъашхоша а, Нохчийчоьнан министерствийн а, ведомствийн а куьйгалхоша а.
Цхьаьнакхетар дIадолош, Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министра Магомадов Iабдуллас билгалдаьккхира Нохчийн Республика таханлерчу дийнахь регионан а, ерригроссин а, дуьненаюкъара а дуккха а мероприятеш лаккхарчу тIегIанехь дIаяхьаран туш хилла дIахIоьттина хилар.
– Дукха хан йоццуш, социальни-экономикин гайтамашка хьаьжча, Россин регионашна юкъахь уггаре а тIаьххьарчу меттигашкахь хуьлура Нохчийн Республика. Карарчу хенахь Къилбаседа Кавказан федеральни округан регионех, ткъа цхьаболчу гайтамашца Россин субъекташна юкъахь а, уггаре а сиха кхуьуш йогIучу регионех цхьаъ ю иза. Россин Федерацин куьйгалло а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана а гIо-накъосталла дар бахьанехь, сихачу боларшца кхуьуш ю республика, – элира цо.
I.Магомадовс, иштта, билгалдаьккхира Нохчийн Республикица юкъаметтигаш лело лаам болуш Россера а, дозанал арахьара а инвесторш хилар.
Сафронов Антона Саха Республикин бахархошкара нохчийн халкъе долу маршаллин дешнаш элира.
– Якути Iаламан тIаьхьалонашца хьалдолуш ю. Тхан бюджет, дукха хьолахь, кхоллало «Газпроман» а, «Сургутнефтегазан» а, алмазаш лахаран тхан предприятин а чоьтах. Цуьнга хьаьжна доцуш, жимачу а, юккъерчу а бизнесехула кхиамаш баха а лаьа тхуна, – элира А.Сафроновс.
– Малхбузерчу пачхьалкхаша вайна дуьхьал санкцеш кхайкхийначу хьелашкахь, дукхахберш цатешарца хьоьжу вай кхочушъян леринчу инвестицийн проекташка. Делахь а, цуьнга хьаьжна доцуш, Саха – Якути Республикин делегаци Нохчийн Республике яро а, тхан республикин векалийн шун регионе бахка лаам хиларо а тоьшалла довайн пачхьалкх юхур йоцуш хиларна. ХIуъа хиларх а вай кхуьуш хиларан къеггина масал ду иза, – билгалдаьккхира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата.
Цул тIаьхьа къамел дира «Дийнатийн а, ораматийн а Iаламера маьIданаш лахархойн бакъонаш ларъярехула йолу агентство» доза тоьхна жоьпалла долчу юкъараллин директора Борисов Бориса.
Цо дийцира оцу компанин балхах а, Якутехь мамонтан кIомсарш лахарх а лаьцна.
– Мамонтийн кIомсарш даима а йолчу гIуранера, лахархоша къа а хьоьгуш, схьайоху. Уьш лахар чIогIа чолхе хIума ду, хIунда аьлча и шира материал цкъацкъа уьшалш лаьттачу меттигашкахь а, тундрехь а, хи бухахь а хуьлу. КIомсарш сих-сиха карайо татолийн а, Iаьмнийн а, боьранийн а гIайрешкахь. Цхьа артефакт карорхьама лахархочунна масех сахьтера масех дийне кхаччалц хаддаза ахкарш дIадахьа хан оьшу, – элира Б.Борисовс.
Цхьаьнакхетар дерзош, Магомадов Iабдуллас Сафронов Антонна баркалла элира уьш республике бахкарна, иштта цхьаьна болх бар беркате хирг хиларх ша тешна хилар а хаийтира цо.
I.МУРТАЗОВ
№14, пIераска, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2018 шо