Нохчийн культурин денош дIахьур ду Индехь

Россехь юьззина бакъонаш йолчу Индин посолан Саран Панкаджан Нохчийчоьнан журналисташца пресс-конференци хилира хIокху деношкахь.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата.

Цо дийцира Индин векалшца дийцаре динчу гIуллакхех а, республикина а, Инди пачхьалкхана а юкъахь хиллачу бартах а лаьцна.

– Индин посол вай долчу варо а гойту вайн республика кхуьуш хилар. Иштта, инвестицийн декъехь кхечу пачхьалкхашна вайца зIе латтор мехала хилар а го, – элира Д.Умаровс.

Цул тIаьхьа, П.Сарана дийцира Нохчийчохь яьккхинчу хенахь шайна зеделлачух а, девзинчух а лаьцна. Кхузахь санна, дукха шайн делегаци цхьанхьа а сецна яцара бохура цо.

– Уггаре а хьалха суна билгалдаккха лаьа Нохчийн халкъо тIеман кампанеш бахьанехь дуккха а баланаш лайна хилар. Делахь а, халкъ къар ца делла, мохк хазбина, хIора денна кхуьуш догIу шу. Кхин цкъа а экстремизм, терроризм боху ирча хиламаш юха ма гойла шуна, – элира Индин посола.

Индин культурех а, Нохчийн культурех а, Индин а, Россин а юкъаметтигех а, Азехь долчу политикин хьолах а лаьцна дийцира. Цул сов, Соьлжа-ГIалин 200 шо кхочуш Нохчийчохь Индин фестиваль дIахьуриг хилар а хьахийра.

– Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца хиллачу цхьаьнакхетарехь политикин а, экономикин а, юьртабахаман а, промышленностан а, инвестицийн а, махлелоран а, дешаран а, культурин а, доцца аьлча, дахаран массо а декъах хьакхалуш къамел хилира тхан. Дуккха а проекташ цхьаьна кхочушъян барт а хилла, – элира П.Сарана.

Иштта, дийцира Нохчийн пачхьалкхан университетан студенташца хиллачу цхьаьнакхетарх а: «Индера кхин а студенташ тIеэца кийча ю Нохчийн пачхьалкхан университет. Нохчийчуьра студенташ Инде дIакхойкхуш тхо а ду. Вайн кегийрхошна чIогIа мехала хир ю и тайпа проект», – элира цо.

Нохчийчуьрчу журналисташа дуккха а хаттарш дира Индин посоле, цо царна дуьззина жоьпаш а делира.

Хь.АХТАЕВА

№14, пIераска, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: