Дадаев Сайд-Хьасанан — 60 шо

IMG_5529 IMG_5535 IMG_5611 IMG_5687

Тахана Нохчийн Республикин «ДАЙМОХК» газетан коьртачу редакторан хьалхарчу заместителан, Нохчийн Республикин а, Россин а яздархойн а, журналистийн а Союзийн декъашхочуьн Дадаев Сайд-Хьасанан 60 шо кхачарна лерина вовшахкхетар хилира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон зорбанан цIийнехь. Цигахь гулбеллачарна юкъахь бара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Жамалдаев Шаид а,Нохчийн Республикин Парламентан декъашхо Дадаев Лоьма а, дешаран а, Iилманан а министран гIоьнча Умхаев Хьамзат а, Юкъараллин палатин куьйгалхочун заместитель а, иштта нохчийн республикехь бевзаш болу яздархой а, журналисташ а. Гулбеллачара билгалдаьккхира Дадаев Сайд-Хьасан  дика журналист, похIме яздархо хиларал а совнаха баккъал нохчо а, иштта дика адам а хилар.

   «Сайд-Хьасана журналистикехь къахьоьгу 39 шо ду. Цу бехачу новкъахь кхин шен корматалла хийца ца гIерташ, баккъал а цунах болх, наппагIа дина къахьегар доккха хьуьнар делахь а, цхьана нохчийн маттахь болх бар-м баккъал  турпалалла а ю. Иштта, нохчийн мотт кхиорехь къахьоьгуш болчарна тидам бар а, балхахь оьшучу хIуманца царна гIо-накъосталла дар а Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедиллина ду тхуна», —  тIетуьйхира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Жамалдаев Шаида.

Нохчийн Республикин «ДАЙМОХК» газетан коьрта редактор

Б.Шамсудинов

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: