Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнан актови зала чохь Къилбаседа ХIирийчоь – Аланехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун векал волу Р.Дошукаев а, Къилбаседа ХIирийчоьнан пачхьалкхан медицинин академин проректор Т.М.Бутаев а, Нохчийчоьнан Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон арахьарчу зIенийн департаментан директор I.Хаджимурадов а цхьаьнакхийтира лакхахь билгалъяьккхинчу Академехь доьшучу вайн студентийн дай-наношца.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хиллачу Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Д.Умаровс Т.Бутаевна баркалла элира, вайн студенташна са а гатдина, Нохчийчу варна.
«Со тешна ву аш дуьйцучун дика ойла а йина, дешар а, цуьнца доьзна кхидерг а тодалийтархьама оьшург дерриге а хIокхара дийриг хиларх а, Медицинин академехь дешар вайн республика кхиарехь цхьа гIулч яккхар хирг хиларх а», – элира Д.Умаровс.
Къилбаседа ХIирийчоьнан пачхьалкхан медицинин академехь доьшуш вайн республикера кхо бIе студент ву. Царна юкъара шовзткъа гергга (цадешарца, харцхьалеларца билгалваьлла волу) Академера дIабаха билгалбинчу студентийн спискашна юкъавахана.
Студенташ дIа а ца бохуш, дешарна уьш тIеберзоран некъаш лахаран Iалашонца, Р.Дошукаевс дехар а дина, веанера Т.Бутаев студентийн дай-наношца цхьаьнакхета. Цара шайца деанера студентийн дешаран жамIаш тIехь долу ведомосташ (цхьаьнакхетар чекхдаьллачул тIаьхьа хIораннан аьтто бара шен кIанта я йоIа муха доьшу а, цуьнан лелар муха ду а хьажа). Ма-дарра аьлча, дай-наношка дехаре баьхкина бара уьш, цара шайн берашка дешийтахьара аьлла.
«Дика доьшурш дукха белахь а, вай тахана тидам тIебахийта беза вуон доьшучарна, – бохура Т.Бутаевс. – Тхан кхуза дахкаран коьрта Iалашо ю Академехь доьшучу шун студентийн дешаран жамIаш шуна дIа а довзийтина, аш шайн берийн дешарна а, леларна а тIехь терго алсамъяккха езаш хилар шуна хаийтар, хьалхарчу сессешкахь хилла проблемаш кхидIа цахилийтар. Дала вайнана деллачу Iилманашна юкъахь ду оха хьоьхуш дерш а – адамашна дарбадан Iамор. Ас дехар до шуьга сесси йолчу хенахь а доцуш, хIора дийнахь а терго латтаяхьара аш царна тIехь. Тхо муьлххачу хенахь а шу тIеэца кийча ду. Академе догIуш хилча, хьал ма-дарра девзар ду шуна. Кега-мерса проблемаш хила а тарло. Амма иза дац коьртаниг. Уггаре а коьртаниг ду хьакъволу Лор а, хьакъволу Стаг а хилла, корта айъина цIа ван йиш хилар. Аш шайна оццул аьттонаш бина хилча, церан декхар ду дика деша. Ас сатуьйсу хIара цхьаьнакхетар бахьана долуш шун студентийн дешар толург хиларе».
Цул тIаьхьа Р.Дошукаевс хаийтира ша вайн студенташца церан ойла дешарна тIеерзийта, уьш йохье баха гIерташ, къамелаш деш хилар.
«Дукха харжаш йо аш – даа-маларца, тIе-кога духарца, чохь Iан хIусамаш лацарца, и.дI.кх.а. Шун, дай-нанойн, къа дац ткъа, царах адамаш хир дац те, шайна а, халкъана а пайдехь лоьраш хир бац-те бохуш, цаьрга сатуьйсуш Iачу. Изза ду оха шун берашка дуьйцург а. Суна хаийта лаьа, цигахь доьшучу вайн цхьадолчу берийн дешаран хьал юьхькIоме цахилар. Вайн студенташ оцу гIалахь дIасабаьржина
Iаш бу. Уьш цхьанхьа гулбан ойла а ю сан. Керла дешаран шо тIекхачале оцу гIуллакхан йист йоккхур ю вай», – элира цо.
I.Хаджимурадовс баркалла элира, вайн студенташна са а гатдина, кхуза веанчу проректорна.
«Таханлерчу дийнахь Академехь кхолладелла хьал чIогIа сагатдеш ду, – бохура цо. – «Доьшуш ца хилахь шун студенташ Академера дIабохур бу», – бохург нохчийн кегийрхоша цкъа а алийтина дац шайна. Руслан дика хьовзар бахьана долуш дисина шун бераш Академера дIа ца дохуш. 4-чу я 5-чу курсера студент дIаваьккхина бохург боккха бохам бу. Суна дага ца догIу кхузахь, луларчу республикера хьеший а баьхкина, хIокху тайпана гуламаш дIабаьхьна. ХIара вайн массеран проблема ю. Тахана вай орцахдовла деза вайн кегийчу нахана. Царна дIахаийта деза харцхьалелар могуьйтург цахилар. Я вуон доьшу, я вуон лела аьлла, цхьа а дIа ца тоттуш, уьш нийсачу новкъа бахарехь къахьега деза вай».
Цул тIаьхьа студентийн дай-нанойн хаттаршна жоьпаш делира хьешаша. Хаттарш чекхдевллачул тIаьхьа уьш шайн берийн дешаран жамIашка хьаьвсира.
Республикин дозанал арахьарчу дешаран заведенешкахь доьшучу вайн студенташа цкъа а вуочу агIор ца гайтина шаьш. Мелхо а дешарца а, леларца а кхечу къомах болчарна масал хилла, схьабаьхкина. ХIун бахьана ду вайн бераш дешарх хердаларан?! Оцу самукъане доцчу хаттарна жоп лахар яра цхьаьнакхетаран Iалашо.
Л.ДАУТОВА
№14, пIераска, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2018 шо