Берашна говзалла Iаморан кхерч

ХIокху деношкахь тхан цхьаьнакхетар хилира Соьлжа-ГIаларчу Эдисултанов ШитIин цIарахчу Культурин цIийнан директорца Цагаев Салахьца. Цо дийцира шаьш Iамош долчу Заводской кIоштарчу берех а, цара кхоллараллин новкъахь бохучу кхиамех а лаьцна.

Ш.Эдисултановн цIарахчу Культурин цIийнехь берашна лерина тайп-тайпана кружокаш ю. Уьш ерриге а 13 ю: театральни, вокалан, дечиг-пондар Iаморан, суртдилларан, иштта кхиерш.

2017-чу шарахь товбецан (сентябрь) баттахь дуьйна болх беш ю «дечиг агаран а, куьйгаговзаллин искусствон а» а кружок. ХIора кружокехь баккхийчеран а, кегийчеран а тобанаш ю. Оцу тобанашкахь 24–40 бер ду Iамош. Вокалан ши тоба ю, хIоранна юкъахь 24 бер а долуш. Кружокашна куьйгалла деш бу зеделларг долуш болу хьехархой.

Соьлжа-ГIалин «Лучик» цIе йолчу №117 берийн бешан куьйгалхочуьнца барт а бина, бераш а кхойкхуш, церан самукъадоккхуш дIахьо цхьадолу цхьаьнакхетарш. Кест-кеста цигара бераш мультфильмашка хьовса даладо.

Культурин цIийнехь Iемаш долчу бераша дакъалоцу гIалин а, республикин а конкурсашкахь а, фестивалашкахь а. Цигахь совгIатан меттигаш а йоху цара.

Соьлжа-ГIалин денна лерина дIаяьхьначу республикин шахматийн турнирехь шолгIа меттиг а, «Синмехаллаш» проектехь «куьйгаговзалла» номинацехь хьалхара меттиг а яьккхина. Цигахь толам баьккхинчарна дипломаш а, Сийлаллин грамоташ а ю елла.

Томскехь, Москвахь, ГIалгIайчохь дIаяьхьначу конкурсашкахь дакъалаьцна Культурин цIийнехь Iемаш долчу бераша.

Иштта, «дечиг агаран а, куьйгаговзаллин искусствон а» кружокан куьйгалхочо Оздоев Аслана Дуьненаюкъарчу Х-чу фестивалан конкурсехь дакъа а лаьцна, совгIатан меттиг а яьккхина.

Цо Iамош волчу Актимиров Iийсана оццу конкурсехь дакъалацарна Диплом делира.

Москвахь а, Чинехь а хилла «дечиг-агаран а, куьйгаговзаллин искусствон а» кружокан куьйгалхочо Оздоев Аслана цигахь мастер-класс а гайтира.

ДIадаханчу шеран товбецан (сентябрь) баттахь дуьйна хIора шоьтан а, кIиранан а деношкахь «дечиг агаран а, куьйгаговзаллин искусствон а» кружокехь заьIапчеран тоба ю Iамош.

2017-чу шарахь Культурин цIийнехь 140 мероприяти йина, Соьлжа-ГIалин мэрин, Культурин департаментан, Заводской кIоштарчу префектурин тIедилларца 220 мероприяти дIаяьхьна.

ХIокху шеран планаца ян езаш 153 мероприяти ю.

АСЛАХАНОВА Хеда

№14, пIераска, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: