ХIокху деношкахь Чегем гIалахь (ГIебартойн-Балкхаройчоь) дIаяьхьира кегийрхошлахь греко-римски кепарчу охьатохархлатарехула СКФО-хь хьалхеяккхаран турнир. Цигахь дакъалоцуш бара округерчу субъекташкара спортсменаш.

Къийсадаларш дIадаьхьира шина дийнахь.
Вайн республикера цигахь дакъалоцуш бара ДЮСШ-кара къона спортсменаш.
Цигахь толамхой хилира: А.Агалаев (42 кг.) – Невран кIоштан ДЮСШ, И.Яндаров (45 кг.) – ДЮСШ №3, И.Алиев (48 кг.) – Невран кIоштан ДЮСШ, М.Исаев (55 кг.) – ДЮСШ №4, М.Гайтаев (71 кг.) – Невран кIоштан ДЮСШ.
Церан кхиамаш бозуш бу шен хан, ницкъ ца кхоош, тренеро Г.Даниляна спортсменашца бинчу балхах.
Турнирехь толамаш баьхначу спортсменаша дакъалоцур ду кестта Магас гIалахь (ГIалгIайчоь) хинйолчу хьалхеяккхаран турнирехь.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№14, пIераска, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2018 шо