Дийцаре дира ЕГЭ дIаялар

Соьлжа-ГIалахь, Хь.Ибрагимовн цIарахчу математикин школехь карарчу 2018-чу шарахь Пачхьалкхан юкъара экзаменна кечам баран а, экзамен хенал хьалха дIаяларан муьран а гIуллакх дийцаре деш кхеташо хилира.

Республикин дешаран а, Iилманан а министран хьалхара заместитель Тааев Илес цхьаьнакхийтира республикин юкъарадешаран организацийн директоршца а, экзамен дIалучу меттигийн куьйгалхошца а.

Кху шарахь, хьалха а санна, къаьсттинчу тидамехь хир ду экзаменаш дIаяларна билгалъевллачу меттигашна техникица кхачояр а, экзамен дIаялар юкъараллин тергонехь хилар а.

Экзаменаш шифр йина компакт-дискаш тIехь дIакхачор ю тергамхошна.

– Шайн «догIа» ца хилча, хенал хьалха цхьаьнгга а дасталур дац диск, – элира И.Тааевс.

ЖамIашдаран экзаменаш 2018-чу шарахь кхаа муьрехь хир ю: хенал хьалхарниг, коьртаниг, тIебелларг (товбецан баттахь).

ЕГЭ-н хенал хьалха болу мур бекарг (март) беттан 21-чу дийнера, оханан (апрель) беттан, 11-гIа де тIекхаччалц бу, коьрта мур – хIутосург (май) беттан 28-чу дийнера мангалан (июль) беттан 2-гIа де тIекхаччалц, тIебелларг (товбецан мур) товбецан (сентябрь) беттан 4-чу дийнера 15-гIа де тIекхаччалц.

ЕГЭ-н хьалхара а, коьрта а муьраш географин а, информатикин а, ИКТ-н а экзаменаш дIаяларца болор бу.

2018-чу шеран выпускникаша, оьрсийн меттан а, математикин а жамIаш ледара долчара я Пачхьалкхан жамIашдаран аттестацехь оцу предметашна шолгIа экзамен ледара дIаеллачара а, кхин цкъа а дакъалоцур ду оьрсийн маттехула базови тIегIанан математикехула Пачхьалкхан жамIашдаран аттестацехь. И аьтто карарчу шеран товбецан (сентябрь) беттан 4-чу дийнера 15-гIа де тIекхаччалц хир бу, ткъа 9-чу классийн выпускникаша ОГЭ шайна хIоттийначу рожехь лур ю, цул сов, ерриге а предметашкахула экзамен дIаяла делла кхин а цхьа де а хир ду.

З.ХИЗИРОВА

№14, пIераска, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: