Чиллин беттан 20-гIа де, 1940-гIа шо. Девкар-Эвлахь вина Юсупов Iазим, поэт. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь.
Белхаш бина «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь, Нохчийн пачхьалкхан филармонехь. «Теркаца суьйре», «Туррий, пондаррий», «Даймохк, хьо ду сан илли» стихийн гуларийн, стихашкахь язйинчу «ДоттагIийн тарх» повестан, «Iожалла къарйинарш» романан автор.
Боккха болх бо I.Юсуповс вайн мехкан истори толлуш а. Цунна тоьшалла ду цуьнан книгаш: «Нохчийчоь а, Лермонтов а», «Тарха тIерачу йозанан къайле», «Комиссарийн очакха некъ», «Серлончин дуьненахь».
Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо.
Чиллин беттан 23-гIа де, 1959-гIа шо. ТIехьа-Мартанан кIоштан ВаларгтIе юьртахь йина Гайтукаева Бана, нохчийн поэтесса.
Дешна Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь. Белхаш бина юьртарчу библиотекехь, радиокомитетехь, Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан берийн кхоллараллин туьшахь.
Яздан йолаелла школехь доьшуш йолуш дуьйна.
Стихаш зорбане йийлина муьран зорбанехь, юкъарчу гуларшкахь. «Серлонан поэзи» стихийн гуларан автор (араяьлла 2004-чу шарахь).
Россин Яздархойн союзан декъашхо.
Кхалхар хилла 1994-чу шарахь
Чиллин беттан 23-гIа де, 1961-гIа шо. Дагестанан Хасавюрт гIалахь вина Атавов Ахьмад, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула дуьненан чемпион, СССР-н спортан хьакъволу мастер.
Шен 13 шо долуш дуьйна тренерца Нуцалханов Селимца охьатохархлатарна Iама волало иза. Хьехархочун говзалла а, ша, мало йоцуш, къахьегар а бахьана долуш, кестта йоккхачу спортехь баккхийчу кхиамашка а кхочу.
1978-чу шарахь СССР-н кегийрхойн чемпионатан толамхо, 1980-чу шарахь кегийрхошлахь Европин чемпион хуьлу, 1981-чу шарахь СССР-н чемпионатехь шолгIа меттиг йоккху.
Къаьсттина кхиаме хилира Ахьмадан спортан дахарехь 1989-гIа шо. Цкъа хьалха Махачкалахь дIаяьхьначу СССР-н чемпионатехь хьалхара меттиг йоккху цо. Цул тIаьхьа Швейцарин Мартини гIалахь хиллачу дуьненан чемпионатехь шен йозаллин барамехь (100 кг. кхаччалц) хьалхара меттиг йоккху.
Дуьненан чемпион хиларх тоам бина ца Iаш, оцу чемпионатехь дуьххьара юкъадаьккхина хилла дуьненан абсолютни чемпионан дарж къовса сацам хуьлу Ахьмадан. Шел 30 кийла веза волу, гоьваьлла вевзаш волу ГIажаройчуьра Али-Реза Сулеймани эша а вой, дуьненан абсолютни чемпион хуьлу Атавов Ахьмадах.
№14, пIераска, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2018 шо