Сийсазалле гора ца вожавелларг

Ненан весеташ

ТIееанарг гуьйре хиллехь а, амма товбецан (сентябрь) бутт бовха беанера 1957-чу шарахь. Ломахь йолчу нохчийн ярташца дуьстича, къаьсттина йовха хетара Соьлжа-ГIалахь. Мацаллий, къизаллий генарчу Казахстанехь йисира. ХIинца-м Соьлжа-ГIалин бахархойн аьттонна дIасалела ехкина трамвайш а яра. Делахь а, Элистанжара жима стаг, цу хенахь абитуриент, гIаш лела Iемина вара. Баккъал а дийцича, трамвайна дохка ахча ца хуьлуш а догIура денош…

Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн факультете деша веанчу Мусага хабар кхаьчнера, нана Макка цIеххьана гIелъелла‚ аьлла. Макка кога-ира ца хIутту 20 шо дара. 1937-чу шарахь Мусан да Iабди лоцучу дийнахь, чекисташа тоьпан мукъ биттина, дIасалеларх хадийна, меттахь хан йоккхуш иза…

Соьлжа-ГIалахь «Родина» кинотеатрана гуонаха жуьгтийн куп яра «Еврейская слобода» олуш. Шена вевзачу жуьгтичуьнгара вилспет а яьккхина, цIехьа гIоьртира Муса. Сиржа-Эвла кхаьчча, шегара вилспет цхьана нехан кертахь а йитина, ког ма-боллу, уьдуш, Элистанжа чу кхечира иза.

ГIийла Iуьллуш карийра нана. Кхаа дийнахь кхетамчохь йоцуш, Iожаллин балано лаьцначу Маккас ши бIаьрг схьабиллира шен коьрте Муса охьалахвелча. «Хьо вац иза, Муса?», – набарха санна, халла къаьсташ элира цо.

«Хьо деша ваха воллу ма боху соьга, цхьа поэт а тоьар ма вара вайна. Хуур хьуна, хьайна луъучохь дешалахь, амма ца доьшуш ма Iелахь, хIаллакъхирву хьо».

ШолгIа дехар иштта дара ненан: «Хьайн ден лар лахалахь. Дала гIо дийр ду хьуна».

Нанас дIасалистинчу ойланийн хIордах кхин цхьа «дехар-тулгIе» а хьаьдира кIентан лере: «Дуьненан хIуманах Iехалой, улле яьккхина кхечу къомах стаг а йолуш ма гайталахь хьо я сан кошан барзе а ма хIотталахь хьо хьайн халкъан Iадатех хаьдда вахахь…».

…Декъаза вац-кха да-нана резадинарг. Церан догъэцнарг, царна муьтIахь хилларг ирсан да ву дуьненахь а, эхартахь а.

Ненан весеташа вира Мусах дика кIант, дика да, дика накъост, дика артист.

Артистан бералла

Дудаев Муса 1938-чу шеран чиллин (февраль) беттан 16-чу дийнахь Веданан кIоштарчу Элистанжа юьртахь вина ву. Цуьнан да Дудаев Iабди Нохчийн дуьххьарлерчу поэтех цхьаъ вара. 1937-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 24-чу дийнахь НКВД-н хьадалчаша «Советийн Iедална дуьхьал болх беш ву» аьлла, лаьцна дIавигнера. Цунах дерг хааза дисира 1991-гIа шо кхаччалц. Ткъа Дудаев Iабди оццу 1937-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 2-чу дийнахь тоьпаш тоьхна вийна хиллера.

Жимачохь дуьйна могашалла ледара йолуш, эгIаза кхуьуш вара Муса. Ненан кийрахь, дуьнен чу а валале, да Iабди лаца баьхкинчу салташа лазийна вара иза. Нохчийн агана вилла йиш йоцуш, оьрсаша тховх уллуш хиллачу маьнги чохь кхиийра иза. Шен 3 шо кхаьчча бен такха а ца волавелира. Нохчийн халкъ цIера доккхучу шарахь 6 шо кхаьчна вара Муса.

Луларчу хьехархочо дечигах йина говр яра цуьнан чIогIа дукхаезаш ловзош, амма цхьаъ бен йоцу и тайниг 1944-чу шарахь керта лилхинчу салташа, когаш а кегдина, йитира.

Халла дехарш а дина, Элистанжара Шела охьайогIучу салтийн салаза тIеяьккхира Мусан вежарша шайн нана.

Нанас ша меттахь Iилла йисинехь а, доьзал кхабар цхьанна а тIе ца дожош ша кхобуш бара. Кхекхех кетарш а, пхьуьйш доцу хIуманаш а тоьгура цо. Мусана а тегнера цо цхьа жима, кIайн кетар. Нана тIехь йолчу салазна тIаьхьаведча кетаран тIомах ког тасабелла охьавуьйжира Муса.

ЦIерабохучу «халкъан мостагIийн» ворданашна ха деш вогIучу эпсаро ласттийна шад туьйхира: «Встать, звереныш!›‚ – аьлла, тIе а чевхаш.

Ларамаза коьртара куй охьакерчинчу минотехь гира и эпсар зуда хилар. Гуьмсерчу шалонашна тIеховшийра хIорш.

ХIетахь ца кхийтира кIант оцу дешнийн маьIнех, амма дахаран дорцана дуьхьал цунна некъ гайтинарг, ницкь белларг «Встать, звереныш!» омра а хилла чекхделира… Казахстанерчу Ново-Алексеевка поселкехь охьабиссийра ДудаевгIар.

Мусан вежарий Iибади, Зайналбек, Майрбек колхозе балха хIиттира. Деша аьтто ца хилира церан, амма воккхах волчу вашас Iибадис, деха ца дуьйцуш, сацам бира: «Мусас деша деза!» – аьлла.

Массо а хIуманна тIехь похIма долуш хьалакхуьу Муса. Сих-сиха карладоккхура цунна ша «Iедалан мостагIчун» кIант хилар, амма дикачу наха дог а оьцура, гIо-накъосталла а дора. Доьзалан Iуналла деш, шайн цIийнан а, доьзалан а дукь шена тIелаьцна‚ дIахIоьттира 24 шо долу Мусан воккхах волу ваша Iибади. МусагIеран доьзал беха Ново-Алексеевка Iер-вахарна аьтто болуш яцара, цундела меттиг хийца лууш хьаьвзира воккхах волу ваша. Уллехь догIуш хи а долуш, Новая Москва юьртахь хIусам лехира цо шайна. Оцу хенахь Iибади Хобдински кIоштахь трактористийн тоьллачу бригадин бригадир вара.

1948-чу шеран гуьйранна «Новая Москва» колхозан председатела гIо а дина, цхьа лаппагIа ийцира цара шайна. Аьхка, белхи а бина, битаме далийра цара и цIа.

Жима, керла кIотар яра Новая Москва олург. Мусана дукхабезало ша санна бехк боцуш махках баьхна шайн лулара немцойн доьзал. Упперт фамили яра ненан Мариян а, йоьIан Матильдин а.

Безамца дагалоьцура Мусас цара шена кечбеш хилла немцойн кьоман «Штрули» олу кхача. ТIаьхьо, дуккха а хан-зама яьлча, Моздок гIалахь ехачу Матильдина телевизор чохь «Белое солнце пустыни» исбаьхьаллин фильмехь бIаьргкхетча, вевза шайца Казахстанехь Iийна жима «квартирант». Яхана зама дагалоьцуш, йоьлхуш Iийна хиллера иза.

1956-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 11-чу дийнахь, Хобдахь 10-чу классехь доьшуш Муса а витина, Нохчийчу цIабирзира ДудаевгIеран доьзал. Цуьнан дешаран 10-гIа класс юккъе бен ца яьллера, нанас Маккас, Муса цIавалаве аьлла, тIаьхьа Майрбек хьажийначу хенахь.

Даймахке дукха сатийсина Муса, 1956-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 28-чу дийнахь, Оренбурган вокзале вогIу. ЦIерпоштаца Соьлжа-ГIала схьагIерта кIант. Мацах ша жима волуш, 1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь арабаьккхина декъаза некъ карлабуьйлуш, дагалецамаша дог чахчош вогIу иза.

Цкъа а, цхьана а дийнахь шен дагара ца яьллачу Элистанжа, шен махка кхочуш вара иза. 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 4-чу дийнахь, Соьлжа-ГIаларчу вокзалехь сецначу цIерпошта тIера охьавуссу шен Даймохк, шен кьам стиглара малх-бутт санна, къегаш дуьхьал хIиттина волу нохчи.

Шела кхочу, юха гIаш Элистанжа чувулуш, геннара шен вешех Iибадех бIаьргкхета. Цуьнца цуьнан накъостий а хуьлу. Овкъаршна юккъехь жижиг а доттуш, сакъоьруш Iаш хиллера уьш. ТIаьхьо хаьа Мусана Iибадин накъостий, бевзаш болу яздархой Ошаев Халиддий, Мамакаев Мохьмаддий, ткъа бисинарш Нохч-ГIалгIайн Республикин Iедалан белхахой хиллийла. Оццу 1957-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь дIаелира Мусан нана Макка.

Ленинграде вахар

Соьлжа-ГIалахь деша ваха кечамбеш вара Муса. Ленинградерчу А.Н.Островскийн цIарахчу институтера стаг вара Нохчийчохь шайн институтан актерийн факультете деша дIабига, нохчийн а, гIалгIайн а кегийрхой вовшахтухуш лелаш.

Хьехархойн институтан юкъараIойлин уьйтIахь шен накъосташца хиъна Iаш вара Муса цхьана дийнахь. Кегийнах шайна юург эца дагахь, кепекаш вовшахъетташ бохкура. ДаьргIара Зорта вара Мусан накъостех цхьаъ, цо элира: – Муса, «Ленинан некъ» газет тIехь нохчийн кегийрхой Ленинградерчу театральни институтан актерийн факультете деша бахийта вовшахтухуш бу ма боху.

– «Актерийн» бохург хIун ду?

– Суна-м ца хаьа, амма иза хьан хIума ду аьлла-м хета‚ ахь оцу хьайн хелхаршца тхан коьртан хьеш дIа ма эцна!

Соьлжа-ГIалахь хилла йолчу Кировн цIарахчу парках «Трек» олура хIетахь кегийрхоша. Цигахь цхьаьна а кхетий, шайн самукъадоккхуш, хелхаран бал боккхуш, иллеш олуш, шайн «хьуьнарш» къуьйсуш Iара нохчийн кегийнах.

Мусаний, Зортиний тIе церан кхоалгIа накъост веара, Дишни-Веданара Дунаев Денилбек.

Цо элира: – Валолахь, хьох историк хир вац. Хьо айхьа дуьйцург дийцина валале, бераш урокехь набарш еш Iийр ду. Хьуна оьшуш дерг Культурин министерствехь ду!

Цигахь шаьш дахкаран бахьана хаийтина, шолгIачу дийнахь музыкальни училище кхечира накъостий. Конкурсах чекхбовла баьхкина республикин маьI-маьIIерчу кIошташкара хаза, товш кегийрхой бара. Шен дагахь: «Мича ваха воллу хьо, Муса? Гой хьуна, кегийнах, мел куьцехь, хаза, лекха, товш бу, ткъа хьо, хьайн фуражкица лерича а, цхьа метр бен вац…».

Училищен актови зала чохь дIахIоттийна когаш тIехь цхьа кIайн «яьшка» гира Мусана. Иза рояль хиллера.

– Внимание! – аьлла, нуьцкъала аз долу цхьа онддачу дегIехь стаг хьалагIаьттира. Иза чIогIа хьекъал долуш, оьрсийн а, нохчийн а меттанаш дика хууш, ша тIехьаьжна буьрса хеташ хиллехь а, амма оьздангаллех, яхьах, дикаллех дог дуьззина стаг хиллера.

ТIаьхьо, ерриге а Нохч-ГIалгIайн Республикехь вевзаш дIахIутту иза. Яздархо-драматург Хамидов Iабдулхьамид вара иза. Абитуриенташка олу цо: – Нохчийн къоман театрехь болх бан кегийрхой хоржуш ду тхо. Ленинградера веанчу вайн хьешехь Александр Николаевичехь ю шун фамилеш.

«ДIаязвала ца кхиъначо хIун дан деза?» – аьзнаш девлира. Иштта Дудаевн фамили тIекхийтира оцу спискана.

– Нохчи вуй хьо? – хаьттира Хамидовс.

– Ву дера, хIинццалц-м, – элира цо.

– Аз-м дика ма ду хьан. Мичара ву хьо?

– Веданан кIоштарчу Элистанжара ву-кх.

– ХIай-хIай, вуьззина нохчи ву хьо-м, гарехь, – элира Хамидовс, ткъа зала чохь белар иккхира, хIунда аьлча, «вуьззина» нохчи, мох баьлча вадор волуш, гIийла вара.

Мусас М.Ю.Лермонтовн «Смерть поэта» байт йийшира, юха А.А.Фадеевн «Молодая гвардия» повеста юккъера Кошевой Олеган монолог ялийра.

– Дика ду, тоьар ду. Ткъа иллеш олий ахь? – дара хаттар.

– Муьлхачу къоман илли хаза лаьара шуна, цигонийн, украинийн, я «вайниг»? – хотту Мусас.

Комиссина юккъехь волчу кхоалгIачу стага (Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин министр Татаев Ваха хиллера иза) хотту: – Нохчийн илли ала хаьий хьуна?

– Хьожур ву.

Зал юха денъелча санна хетара, Мусана тIекхаччалц цхьаьнгга а ца дехнера я нохчийн, я гIалгIайн илли алар. Нохчийн мукъамехь илли элира цо:

«Малхо ма дуьйцу шен дагара,
Батто ма дуьйцу шен дагара,
Аса-м ца дуьйцу сайн дагара,
Сайн деган декьахо воцу дела»

Иштта, дагахь доцуш, театран институте деша хIоьттира Муса. Жимачохь хийлазза ца Iебаш хьежнера иза исбаьхьачу Ленинградан суьрташка. ХIетахь хIорш бехачу Казахстанерчу юьрта почтехула цхьаццанга кхочура и суьрташ, ткъа цаьрга дийнна юрт хьожуш чекхйолура. ХIинца воккхавеш лаьттара иза гIарадаьлла девзачу доккхачу Нева хин берда йистехь.

Шен дахарехь мел хилла къинхетаме адамаш, школин накъостий, хьехархой, гергара нах дагалоьцура цо… Массо а даг чохь кхуьнца Ленинградехь вара. Нохч-ГIалгIайн актерийн тобанехь воккханиг Дакиев Мохьмад вара. Дешарна юккъехула «Предпортовый» олучу юьртабахамехь картолаш чуерзош къахьоьгура цара. Мохьмада, дикачу дас санна, Iалашбора шен накъостий. ХIора суьйранна картолаш гулйора цара. Уьш дIа а юхкий, шайна оьшу кхин сурсаташ оьцура. Дешаран хьалхара курс токхе яьккхира. Цул тIаьхьа Мохьмад, зуда а ялийна, студентийн юкъараIойлера дIавахара.

ТIаккха, бакъдолу «студентийн дахар» дIадоладелира. ГIараяьлла евзаш йолу «Белое солнце пустыни» исбаьхьаллин фильм Мусан дуьххьарлера болх бара кинон жанран декъехь. Дакиев Мохьмад оцу фильман шолгIа режиссер вара. Мохьмад бахьана долуш йоккхачу кинемотографин хьаьрме кхечира Муса. Цунна даима а дагахь лаьттира цо шеца лаьцна гIиллакх, шена мел дина вошалла.

Деца «цхьаьнакхетар»

Юуш-ца юуш йоккхучу студентийн хенах бала хилира. 1960-чу шарахь могашалла, гIора кIезиг диса дуьйлира дегIехь. Институтехь оьрсийн мотт а, литература а хьоьхуш волчу Успенский Всеволода хьехар дира Мусана, Салтыков-Щедринан цIарахчу библиотекех пайдаэца аьлла.

Иштта, цхьана дийнахь Ленинградерчу библиотеке вахара Муса. Зал еса яра. Книгийн ишкапана уллехь лаьттачу цхьана воккхачу стагах бIаьргкхийтира кхуьнан. Шен де дика дича: «Гамаржоба, генацвали» – элира цо.

Гуьржий хиллера иза. Мусас ша кху библиотеке гуттар вогIучух кеп йина, хаьттира: – Скажите, у Вас есть сборник стихов Абди Дудаева?

– Кажется есть, посмотрите в картотеке, – дара жоп.

Муса когашкара са даьхьна, бIаьргаш хих дуьзна висира.

Амма «картотека» хIун ю ца хаьара цунна. Эхь хийтира шен ледарлонах. ТIаккха кхунах кхетта воккха стаг ша хьаьжира ша бохучу метте. Iабдис язйина жима книжка схьакховдийра цо Мусага.

Дог долчуьра схьадуьйладеллачу хих бIаьрхиш а хуьлуш, стоьла тIе охьаэгара тIадамаш.

Иштта, дагахь а доцуш, шен деца «цхьаьнакхийтира» Муса.

Ненан весетах цхьаъ кхочушдина аьлла хийтира…

Мусан да Дудаев Iабди шен 10 шо долчу хенахь дас Дудас Хонкара деша хьажийна вара. Цигахь 11 шарахь Стамбул а, Анкара а гIаланийн хьуьжаршкахь кIорггера карадирзинера цунна Iаьрбийн а, туркойн а, гIажарийн а меттанаш.

Юха, 1922-чу шарахь Нохчийчу цIавирзича, цунах поэт хилира. ХIетахь схьайиллинчу школашкахь нохчийн мотт хьоьхуш болх а бира. Шен дуьххьарлерчу байтийн гулар 1927-чу шарахь зорбане йоккху цо. Тахана дозаллица карладаккха лаьа: Дудаев Iабди «Серло» (хIинцалера «Даймохк») газетехь болх бина хилла хилар.

Кхолламаш мерза ца хилла нохчийн интеллигенцин хьалхарчу могIарехь хиллачеран.

Ден цIаро, ненан весеташа дIалелавора Муса. Ленинградехь дара иза. ДIаяла езаш экзамен а йолуш, мацалло гIелвина институтан паркехь долчу гIантахь наб озийна висира Муса. Юха, ша цхьана дийнахь сарралц наб йича санна, кхеравелла хьалаиккхина, институтан неIаре хьаьдира.

Хьехархо доккхачу дегIахь, тIемало лелла украинхо вара.

Аудитори чоьхьа ваьлча, ша тIаьхьависаран бахьана дийцира Мусас. Iамийна хIума дацара. Мусана 1 сахьт хан а елла, аравелира экзамен дIаоьцуш верг.

Ткъа цо шен коьртехь хилла йолу ойла охьаязйира. Шайн дена ша оьрсийн маттахь язйина «Отцу» байт яра иза. Иштта ду цу тIера дакъа.

«Откликнись на голос сыновний, отец,
Коль сердце в тебе еще бьется!
Быть может мой зов – сердечный гонец
К уставшему слуху пробьется».

Май 1960 г., Ленинград.

Муса – актер

Зама цкъа а сецна яц. Тайн уьйриг санна, шераш тIехьерчош, схьагулло хан-зама, Дала хьуна цхьанна лерина зама.

1962-чу шарахь, кхиамца дешна а волий, Ленинградера цIавоьрзу Муса.

Цо театрехь а, кинохь а къахьегар лар йоцуш ца дуьсу. Нохчийн махкахь жима а, воккха а Муса дагавоьхна хуьлу. Халкъана вевза шен артист. СССР-н яккхийчу киностудешкахь дуьнен чу йовлу, Мусас дакъалоцуш яьхна, гIараевлла «Белое солнце пустыни», «По следам Карабаира», «Кольцо старого шейха», «Волчья яма», «О странностях любви» исбаьхьаллин фильмаш. Ерриг 26 фильм ю Дудаев Мусас ролаш ловзош яьхна. Кинохьсанна, театран сцени тIехь хуьлу цуьнан баккхий кхиамаш.

Хакишев Русланан «Песня Вайнахов» спектаклехь тхьамда хуьлу иза, О.Иоселианин а, Р.Хакишевн а «Когда рушится мир» спектаклехь Доккин роль ю цо ловзош, юха, Хамидов Iабдулхьамидан «Бож-Iела» спектаклехь Бож-Iела хуьлу цунах.

Оьрсийн литературехь тоьлла лоручу поэтан-классикан А.С.Пушкинан «Пир во время чумы» пьесехь Пушкинан роль а, Г.Лоркин «Кровавая свадьба» спектаклехь Iожаллин роль а хуьлу Мусан.

Иштта, тоьллачарах ю Н.Гоголан «Женитьба» спектакль а. Цигахь Дудаев Мусас Анучкинан роль ловзайо.

Йиш йоьхна еара зама

Нохчийн Республика иблисан туьйранашка ладогIа хIутту. СССР пачхьалкх, вайн баккхийчу наха олуш ма-хиллара, «стоьла тIехь» йохийра. Нохчийн махкахь кегари болабо тIеман къайлахчу режиссераша. Нохчийн халкъ шина декъе декъало Дудаев Джохара урхалла дечу муьрехь. Нохчийчохь «Конституцин къепе» меттахIотто араволу Ельцин Борис.

Сибрех лайнарг дицдеш бала буссу нохчийн махка а, халкъе а.

1995-чу шеран хьалхара буьйса тIеман дуьххьарлера буьйса яра. Соьлжа-ГIала сийначу цIарах йогуш яра.

Нохчийн мохк шозза белхийра. 1999-чу шарахь болийра шолгIа тIом. Эзарнашкахь маьрша нах хIаллакьхилира. Дуьне ма-дду дIасадаржийра нохчийн халкъ. Муса шен доьзалца Москва воьду. Цигахь хуьлучу сингаттамаша цигахь а хир дукъийнера нохчийн.

ТIурненера хIордан буха тIекхаччалц лохуш яра «чеченский след». Мусан кIентий Саяддий, Анзоррий балха хIотта йиш йоцуш вара, дукхах болу нохчийн кегийнах санна. Деэшначу хенахь, кху харцдуьненахь ишттаниг муха нисло техьа аьлла хеталур долу, тамашийна де догIу Мусан кхолламе…

Россин Федерацехь, Москвахь болчу бизнесменашна юккьехь дика вевзаш волчу дуьненаюкъарчу индустриальни банкан генеральни директора Арсамаков Юнуса, телефон тухий, ша волчу дIакхойкху иза.

Мусагара баланаш хиъначу Юнуса а, цуьнан вашас Абубакара олу: – Хьо цхьана а метте вахийтина вайъа йиш яц тхан. Москвахь хIусам оха оьцур ю хьуна. Юха, цхьа бутт баьлча, кхин цкъа а шайга кхойкху цара Муса.

Москва гIали юккъехь йолучу керлачу хIусаман догIанаш ло АрсамаковгIара Дудаев Мусан доьзална.

Шена оцу кепара дика, оьзда дегнаш долу нах бовзарна Далла хастам беш вехира Муса.

ЦIахь хилла сий мерза ду

Хийцамаш Мусан кхоллараллин декъехь а хилира. 2000-чу шарахь Нохчийн Республикин пачхьалкхан Х.Нурадиловн цIарахчу къоман драмин театран гастролаш хилира Германехь. Немцойн Бремен гIаларчу театрехь «Женитьба» спектакль яра, бекарг (март) беттан 8-чу дийнахь, йоьдуш. Сцени тIехь роль ловзочу актеран кийра морцуш, дог долчу агIор ов детта дуьйлира. Шен накъосташка Докаев Султане, Омаев Дагуне ала кхиьнарг: «Со дIаволуш ву шуна. Со лахь, кхузахь ма виталаш…».

Дуьххьара тIекхиънарш театран лоьраш бара. Царна хиира нохчийн актерана хилларг инфаркт юйла. Цул тIаьхьа Бремен гIалин больницехь дагна чолхе операци йира Мусана. Iожалла цахиларна дийна висира иза.

Оццу 2000-чу шарахь Кавказан къаьмнийн Культурин фестиваль яра луларчу ХIирийн махкахь йоьдуш. Машен чохь шен накьосташца вогIучу Мусана кхин цкъа а инфаркт хуьлу.

ХIирийн дозанехь шайна кьоман кхачанаш а бохьуш дуьхьал баьхкинчу нахана тIехвоккхий‚ Ольхетово кIоштарчу больнице кхачаво белхан накъосташа Муса. ХIирийн Республикин Президенте хаам кхочу, цунна везаш волу артист шайн кIоштарчу больницехь ву, олий.

Юккъе цхьа де бен ца дулуш, Буру-ГIалин тоьллачу клинике дехьавоккхуьйту цо Муса. Товбецан (сентябрь) беттан 30-чу дийнахь дара цунна шолгIа инфаркт хилча. Ткъа эсаран (октябрь) беттан 6-чу дийнахь хIирийн театран сцени тIехь Н.Гоголан «Женитьба» спектакль яра йоьдуш. Сценарица шен хан тIекхаьчча‚ Муса гучуволу сцени тIехь.

Ерриге зал гIаьттира Нохчийн Республикин гIараваьллачу артистана Дудаев Мусана! Хьовсархошна шайн меттигерчу зорбанехь хиъна хиллера Мусас 6–7 де хьалха лайначу инфарктах дерг. Ша бахьанехь спектакль юкъах ца ялийта, цо гойтучу хьуьнарна ларам бира оцу наха.

Иштта вара Муса

Нохчийн мотт кIорггера хууш, адамашкахь адамалла езаш стаг вара Муса.

Нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллех, нохчийн доьзалх, маттах дехха къамелаш деш Iен аьтто хилира сан цуьнца 2008-чу шеран бIаьста, театрехь хиллачу цуьнан кабинета чохь.

Нохчийн мотт Iамо безий, ца безий бохучунна Мусас элира: «Шен дахар ишттачу хаттарна тIехIоьттина волчо, ша а, шен ворхIе да а нохчий хиллий техьа аьлла къасто дезара, ваха а хьакъ дац иштта весаниг».

Ткъа гIиллакх-оьздангаллех дерг аьлча элира: «Шуьнехь шиъ велахь, царах цхьаъ воккха хила веза, ткъа кхоъ велахь, царах цхьаъ тхьамда хила веза».

Къоначаьрга, доьзал кхуллучаьрга хIун эр дара аьлча, Мусас, кхин минот ца йолуьйтуш, элира: «Безам я декхар аьлла къастам бан дезахь, декхар ду коьртаниг. Нанна хьалха, доьзална хьалха, юьртана хьалха, Далла хьалха. Бусалба дог долу стаг дахаран маьIна ца карош вуьсур вац. БIаьргашна къегинарг деза, куьйгашна атта дерг, ткъа хаттахь даге хатта деза».

Соьлжа-ГIалахь хиллачу студентийн театран директор вара Муса. Нохчийн пачхьалкхан университетан актерийн факультетехь хьоьхуш а вара. Цунна хьалха шо стенна хьехадо, бутт бен ца баьккхинехь а къоначарна и хан дика школа ца хуьлийла дацара.

Литература а, сценин искусство а езархошна Муса дика гочдархо санна вевзара. Цо оьрсийн маттера нохчийн матте гочйира оьрсийн а, европин а яздархойн-классикийн говзарш. Коьртачу декъана А.С.Пушкинан кхолларалла яра цо нохчийн маттахь йовзийтинарг. Цуьнан балхах боккха пайда а ийцира «Пушкиниана» спектакль хIоттош.

Иштта вара шеца даима а хиллачу хазачу забаршца вайна везавелла хилла волу артист, даима а велавелла, самукьане хеташ, амма шен кийрахь дуккха а гIайгIа-баланаш худуш, Далла дуьхьал вахана Муса. Цуьнан бакъдерг синан кIоргера мохь-лазам, дехар-орца, кхайкхам-сатийсам ца хоьира, вуьштта а кIезиг ца лазийначу даг чу. Вайна уллехь, дехьа-сехьа кертахь вехарг а, веллачу дийнахь бен ца вевзаш а нисло вайна. Ткъа билггал дерг – Муса интеллигенцин тоьлла векал вара. Цунна бевзара ша туьллучу куйнан мах. Иза кхоччуш вевзина вац нохчийн халкъана. «Керла Муса» гур ву цо деш хиллачу хелхаран тидам бича, цо йитина кхолларалла ешча, цуьнан доьзал, тIаьхье евзича. И санначух аьллера Алиев ГIапура «Маржа яI, къонахий – боданехь седарчий».

Муса бакъдуьнена вирзира 2016-чу шеран хьаьттан (август) беттан 6-чу дийнахь.

РСФСР-н, Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артиста Дудаев Мусас дакъалоцуш хиллачу спектаклашка хьовсуш, доьзалш хазачу суьйренашка тIегулбеш а йогIура цхьа зама.

ЭЛЬДЕРХАНОВА ЗАЙНАП

№14, пIераска, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: