ХIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан «Вайнах» ансамблан концертан зала чохь дIадаьхьира Нохчийн Республикин тIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран цхьааллин концепцин 5 шо кхачарна лерина даздарш.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Израйилов IабдулкъахIир, Нохчийн Республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторехула йолчу департаментан директор Абазов Рустам, министерствийн, ведомствийн векалш, бусалба а, керста а динийн векалш, кхиберш.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочун тIедилларца, 2012-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторехула йолчу департаменто тайп-тайпанчу ведомствошца а, юкъараллин организацешца а, Iеламнахаца а, эксперташца а, кхоллараллин организацешца а цхьаьна кечдира тIекхуьуш долу къона чкъор ийманехь кхетош-кхиоран болх дIахIотторехула а, тобарехула а долу документ.
2013-чу шеран чиллин (февраль) беттан 14-чу дийнахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо тIечIагIдира иза (документ).
Республикин Куьйгалхочо хьалха хIиттийнера оцу балха тIехь долу кхачамбацарш а, галаморзахалаш а дIаяхаран декхарш. Цхьааллин концепцин Iалашо яра Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ кхидIа дIахьур болу а, Кадыров Рамзанан кхиамаш ларбийр болу а, дебор болу а къона тIаьхье кхетош-кхиор.
Гулбеллачаьрга вистхуьлуш, республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира оцу проектан дIадолор кхиаме хилар а, цуьнан дика жамIаш хилар а.
– Вайн уггаре а коьрта Iалашо ю кегийчу нахе а, мехкаршка а вайн хаза дин а, гIиллакхаш а, ламасташ а дIакхачор, царна законаш довзийтар а. Цхьааллин концепцина юкъадогIу нохчичунна-бусалбанна дахарехь мел оьшуш дерг. Къаьсттина – къоначу доьзалшна. Шайн бераш нохчийн халкъан вадца а, культурица а догIуш кхио деза цара, – билгалдаьккхира цо.
Цул тIаьхьа доклад йинчу Абазов Рустама билгалдаьккхира Цхьааллин концепци тIеэцначу дийнахь дуьйна, иза кхочушъяран гурашкахь, республикехь 160 эзар мероприяти дIаяьхьна хилар.
Оцу хена чохь кхочушйина: гIарабевллачу шайхийн а, эвлаяийн а дахарна а, гIуллакхашна а лерина «Бакъ новкъахь болчийн бошмаш» телепередачийн цикл, «Хиджабо хазйо» цIе йолу бусалба зудчун бакъдолу амат дIакхайкхоран хIорашеран дуьненаюкъара конкурс, «Массарна а хаарш» цIе йолу бIаьрзечарна а, мотт ца хуучарна а ислам динан баххаш довзийтаран семинараш, студенташна юкъахь экстремизмана а, терроризмана а профилактика яран докладийн конкурсаш, кегийрхой республикин езачу меттигашка бахар вовшахтохаран «Тхуна тхайн эвлаяаш беза» цIе йолу акцеш, некъан-транспортан бохамашна профилактика яран «Водитель тидаме хила» мероприятеш, Россин кхечу регионашкахь Iаш болчу кегийрхошца телемосташ.
Жигара дIахьош ду кегийрхой дерриге а къаьмнийн а, динийн а векалшца ларам болуш кхетош-кхиор. Республикерчу къаьмнийн культурин туьшаша дакъа а лоцуш дIахьо тайп-тайпана мероприятеш.
– Цхьааллин концепцин гурашкахь дIахьочу балхана юкъаяхийтина министерствош а, ведомствош а, меттигашкахь шаьш урхалла даран органаш а, юкъараллин а, динан а организацеш а, – билгалдаьккхира Р.Абазовс.
Цхьааллин концепцин агIонех цхьаъ ю экстремизмаца хаамийн къийсам латтор. Школашкахь, техникумашкахь, университеташкахь дIахьош долу цхьаьнакхетарш а, семинараш а, «горга стоьлаш» а, конференцеш а, телевиденехь дIахьош йолу ток-шоуш а, Iеламнехан хьехамаш а, роликаш а гайтар а – и дерриге а тIехьажийна ду экстремистийн хаамашна ондда дуьхьало ярна.
Боккха тидам тIебохуьйту доьзалан а, динан а мехаллаш дIакхайкхорна. Дукха хьалхе доьзалш болорна дуьхьал а, доьзалш бохар цахилийтарна тIехьажийна а болх бу дIахьош. БIеннаш кегийчу наха дакъалаьцна Нохчийн Республикин культурин тIахьало а, тIарийкъатан болх а дIакхайкхоран мероприятешкахь.
Кхузахь къамел дира Нохчийн Ре спубликин Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас а, гIараваьллачу эвлаяан Кунта-Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) тIаьхьенах волчу Кишиев Валида а.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсан» мидал елира муфтина Межиев Салахь-Хьаьжина, «Къинхьегамехь кхиамаш бахарна» билгалонан хьаьркашца совгIаташ дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьехамчина Тевсиев Бай-Iелина а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин а, динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторехула йолчу департаментан директорна Абазов Рустамна а.
Иштта, тайп-тайпана совгIаташ а, Баркаллин кехаташ а делира департаментан белхахошна а.
I.МУРТАЗОВ
№15, шинара, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2018 шо