ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Парламентан Председатель, Россин Турпалхо Даудов Мохьмад цхьаьнакхийтира ТIехьа-Мартан кIоштан бахархошца.
Цигахь дакъалоцуш вара ТIехьа-Мартан кIоштан администрацин куьйгалхо Хучиев Тамерлан, полицин меттигерчу отделан хьаькам, кIоштан къеда, кIоштан организацийн а куьйгалхой. Цунах лаьцна хаам бо Нохчийн Республикин Парламентан пресс-службо.
Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира цхьамогIа мехала предприятийн гIуллакхаш: могашалла Iалашъяран а, дешаран а дикалла лакхаяккхар, белхазаллица къийсам латтор, хинболчу харжамашна кечамбар.
Дешарх дерг дийцаре дечу хенахь, Даудов Мохьмаде хаийтира республикехь пачхьалкхан коьрта экзамен дIа ца ялаеллачу берийн уггаре а лахара процент ТIехьа-Мартан кIоштахь хилар.
Парламентан Председатела ТIехьа-Мартан кIоштан администрацин куьйгалхочунна Хучиев Тамерланна а, кIоштан дешаран урхаллин куьйгалхочунна а тIедиллира, дешарна тIаьхьабуьсуш болу дешархой цахилийтархьама а, пачхьалкхан коьрта экзамен дIаялалур йоцурш цахилийтархьама а дешархошца дIахьош болу болх чIагIбар.
Даудов Мохьмада дийцарехь, кIоштан къедас а, яртийн маьждигийн имамаша а, меттигерчу депутата а кхетош-кхиоран болх жигара дIабахьа беза тIекхуьучу къоначу чкъураца.
М.Даудовс гулбеллачарна дагадаийтира, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас нохчи террорист а, бандит а бохучу цIершца вовзар дIа а даьккхина, гражданин а, шен къоман а, пачхьалкхан а патриот санна вовзийтарехь дукха къахьегна хилар.
Могашалла Iалашъяран дикалла хьахош, кхузахь ТIехьа-Мартан кIоштан коьртачу больницин коьртачу лоьро дийцира, кIоштахь бераш кхалхар дIадаханчу шарца дуьстича, карарчу хенахь 50 процентана лахделла хилар.
– Бахархошна сиха до лоьрийн гIо, бахархойн аьрзнаш а кIезиг ду, мел оьшуш долу молханаш а, гIирсаш а болуш бу, – элира цо.
КIоштан администрацин куьйгалхочо Хучиев Тамерлана дийцира, кIоштахь белхазаллица къийсам федеральни а, республикин а программийн гурашкахь а, цул сов, меттигехь шайн дIадолорца а дIахьош хилар.
Билгалдаккха деза ТIехьа-Мартан кIошт Нохчийн Республикехь яккхийчех цхьаъ хилар. Кхузарчу 12 юьртахь 87 эзар сов стаг ву Iаш. Царах 52 эзар болх балуш болу бахархой бу.
Цхьаьнакхетар дерзош Даудов Мохьмада гулбеллачаьрга дийхира бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь дIахьур болчу Россин Президентан харжамашкахь жигара дакъалацар.
КIоштан бахархоша даггара баркалла элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна Кадыров Рамзанна а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан президентана Кадырова Айманина а.
ТIаьхьарчу масех шарахь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан ахчанан чоьтах ТIехьа-Мартан кIоштахь йина, меттахIоттийна 200 сов объект. Царна юкъахь ду нах чохь Iаш болу 176 цIа а, ши тIай а, хьехархошна лерина 8 цIа а, 32 километр электросери тесна зIе а, 22 километр газ йигна а, 35 километр некъаш тодина а, кхийолу объекташ йина.
I.ТЕРЛОЕВ
№15, шинара, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2018 шо