Даймохк ларбархочун де билгалдаьккхира

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь дIадаьхьира Даймохк ларбархочун денна лерина даздарш.

Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Нохчийн Республикин Парламентан депутат, ОвгIанан ветеранийн Россин союзан Нохчийн регионан отделенин куьйгалхо Асуев Саламу, Нохчийн Республикин Парламентан депутат Тагиев Мурад, Нохчийн Республикин тIеман комиссаран гIоьнча, полковник Лечиев Анес, Россин Федерацин Оборонин министерствон Нохчийн Республикехула волу гIуллакххо Щелоков Максим, ОвгIанан тIеман ветеранаш, Нохчийн Республикин кегийрхойн патриотийн организацийн векалш, кхиберш.

Даздарш дIадолийра Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентах, Россин Турпалхочух Кадыров Ахьмад-Хьаьжех а, Даймохк ларбархойх а, республикехь эскаран гIуллакххой кечбарх а лаьцна йолу документальни фильм гайтарца.

Цул тIаьхьа Умаров Джамбулата дезачу денца декъалбира цхьаьнакхетаран берриге а дакъалацархой. Цо билгалдаьккхира, бахархойн синтем а, паргIато а ларъеш, дIакхелхинчу вайн Даймехкан кIентий вайн а, хIинцалерчу а, хинйолчу а тIаьхьенийн дегнашкахь баха хьакъ хилар.

– Вай тахана кхин цкъа а гулделла шайн дахар а, могашалла а, бахам а ца кхоош, вайн паргIатонна гIаролехь лаьттина болчу нахах лаьцна дийца а, уьш дагалаца а. Халахеташ делахь а, цхьаболу историкаш а, талламхой а истори шайна хетачу агIор язъян гIерта. Нохчийн халкъан бIаьхоша шайгара майралла, турпалалла Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман хенахь бен ца гайтина аьлла а хета царна. Делахь а, иза иштта дац, хIунда аьлча, вай даима гайта а гайтина, кхидIа гойтур а ду вайнехан бIаьхочун а, Даймохк ларбархочун а орамаш дукха кIорггехь хилар. Вайн Сийлахь-боккха Даймохк вай ларбарх долу бакъдерг къайладахьа гIерта цхьаболу авторш. Цхьаьнгга а дIадайалур дац вайн исторера и бакъдерг а, нохчийн халкъо тIаьхьо гайтина хьуьнарш а. Вай вайн турпалхойн сий-ларам бо, вайн лаьтта тIехь паргIато хилийтархьама дIаделла цара шайн дахарш, – билгалдаьккхира министра.

Къамелаш динчара билгалдаьккхира вайн Даймохк а ларбеш, цуьнан массо а дозанийн гIаролехь лаьттачу Россин Федерацин ТIеман ницкъийн доккха маьIна хилар.

– ХIора а къонахчо шен декхар дIадала деза Даймахкана. ХIокху дезачу денца шу дерриге а декъалдан лаьа суна, шун могашалла, дешарехь а, балхахь а кхиамаш хуьлийла а лаьа, – билгалдаьккхира Лечиев Анеса.

Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, гулбеллачарна лерина концертан программа гайтира Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Нохчийн Республикин чоьхьарчу эскарийн 46-чу оперативни хьаштийн шакъаьстинчу бригадин эшарийн, хелхаран ансамбло.

I.ГАЙРБЕКОВ

№15, шинара, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: