Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

ООН-н Кхерамазаллин Совето тIеэцна Шемахь 30 дийнахь машар баран, герзаш деттар сацоран хьокъехь йолу резолюци. Цуьнца нийса а догIуш, герзаш кхийсар а, тIеман къийсамаш дIабахьар а сацор тIехь ду Iедална оппозицехь болчу берриге а боламаша. Резолюцица Iедалан эскаршна доьхкуш дац террористийн организацешна дуьхьал тIеман операцеш дIаяхьар.
***
Хонкаран тIеман а, политикин а куьйгалло стомара дIахьедина Шемарчу Афринерчу курдашна дуьхьал дIахьош йолчу «Зейт-диттан га» тIеман операцин хьалхара мур чекхбаьлла хиларан хьокъехь. Цара чIагIдарехь дукха хан ца йисина шолгIа мур а, дийнна операци а чекхъяккха, курдийн герзашца йолу тобанаш хIаллакйина дIаяха а.
***
Сомалин Iедална дуьхьал болчу ницкъийн гIеранаша кхо де хьалха тIекIал шозза эккхийтар дина алссам адамаш гуллуш йолчу меттигашкахь. Цара и зулам дар бахьана долуш 39 стаг кхелхина, чевнаш хилларш кхин а алсам бу. Бакъонаш ларъяран органийн белхахой а, эскаршкара бIаьхой а зулам динарш лохуш бу.
***
Индонезерчу Ява гIайри тIехь дукха догIанаш даьхкина хиларца доьзна хиш дистина, токхамаш хилла. Iаламан оцу бохамехь 16 стаг кхелхина, дуккха а цIенош, некъаш дохийна. Даккхий зенаш дина юьртан бахамна а. Оцу бохаман тIаьхьенаш дIайохуш бу тахана бахархой а, Iедалан векалш а. Зенаш хиллачарна гIо-накъосталла даран гIуллакх вовшахтухуш бу Iедалан векалш.
***
Йеменерчу Аден шахьарахь стомара ши теракт йина. Террористаша и зулам дар бахьанехь маьрша 5 стаг кхелхина, 13 стагана чевнаш йина. Зуламхой лахаран белхаш дIахьош бу бакъонаш ларъяран органийн векалш.
***
ТIаьхьарчу хенахь Венесуэлан бакъонаш ларъяран органаша дикка жигарабаьккхина наркоманина дуьхьал дIахьош болу къийсам. Цо дика жамIаш а ло. Ши-кхо де хьалха, йохийна дIаяьккхина наркодиллерийн 16 нарколаборатори. Иштта, схьаяьхна 3,2 тонна «кокаин» цIе йолу наркотикаш. Цуьнца доьзна уголовни гIуллакх дIадолийна.
***
Россин Президентан В.Путинан телефонехула къамел хилира Германин Канцлерца А.Меркельца а, Францин Президентаца Э.Макронца а. Коьртачу декъана цара дийцаре дира Шемара хьал машаран некъа тIе даккхаран, оцу махкахь маслаIат даран хьокъехь долу гIуллакхаш. Германин а, Францин а куьйгалхоша билгалдаьккхира оцу декъехь Россин дипломаташа дика гIуллакхаш деш хилар.
***
Россин харжамийн коьртачу комиссехь хаамаш бина ма-хиллара, мехкан Президентан дарже болчу кандидаташа селхана федеральни а, регионийн а телеканалашкахь дебаташ дIайолийна. Цкъа а ца хиллачу кепара, гIиллакхах, собарх ца бухуш, вовшийн юьхь ларъеш, къамелаш до кандидаташа а, цара тешам беллачу векалша а.
***
Россин геннарчу регионашкахь хIинцале дIадолийна хенал хьалха кхаж тасар. Мехкан 35 регионехь дIахьур ду, бекарг (март) беттан 18-гIа де тIекхаччалц а ца Iаш, кхажтасар. Цу тайппана кхаж таса бакъо елларг верриге а 150 эзар харжамхо ву. Царна юкъахь бу масех баттана я кIиранна хIордакеманца некъ бан безаш берш а, мехкадаьтта даккхарехь къахьоьгуш берш а. Амма цара кхаж тесна урнаш массара а кхаж тосучу дийнахь бен йостур яц.
***
Чиллин (февраль) беттан 25-чу дийнахь чекхдевлла Къилба Корейхь дIадаьхьна XXIII-гIа Iаьнан Олимпийски ловзарш. Уьш дIакъовларна лерина даздарш дIадаьхьира Пхенчханехь. РогIера XXIV-гIа Iаьнан Олимпийски ловзарш 2022-чу шарахь Чинехь дIахьур ду. Иза билгал а доккхуш, Олимпийски ловзарийн байракх Пекинан мэре дIаелира. Олимпиада ерзочу дийнахь шайбица хоккейх ловзаран Россин вовшахтоьхначу командо, Германин хоккеисташна тIехь бIаьрла толам а баьккхина, дашон мидалш ехира.
***
Воронежан областехь некъан-транспортан бохам хилла. Пассажираш тIехь болу автобус киралелочу машенна тIекхетта. Оцу бохамехь 4 стаг кхелхина, иттех стаг лазийна. Цуьнца доьзна уголовни гIуллакх долийна Талламан комитетан белхахоша.

№15, шинара, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: