Генарчу 1818-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь Соьлжа хи йистехь чIагIо еш дуьххьара тIулг буьллучу хенахь хьанна моьттура ши бIешо даьлча кхузахь Россехь а уггаре а хазачех йолу исбаьхьа шахьар хир ю. Цхьанна а ца моьттура. Оцу Iалашонца ян йолош а яцара кхузахь, «Буьрса» аьлла цIе а тоьхна, гIап. Цуьнан кхин Iалашо яра – нохчий кхерор, Нохчийчоьнан аренашца долу некъаш царна дехкар, уьш лаьмнашка хьалалахкар.
Россин чалтач А.Ермолов нохчийн мохк нохчех дIацIанбан араваьлла вара. Цуьнан а, и санна болчу инарлийн а омранашца сийна цIерш туьйсуш ягийра Соьлжина аьтту а, аьрру а агIор Iохкуш хилла нохчийн ярташ. Талламхоша а, историкаша а чIагIдарехь 20 сов нохчийн юрт хилла «Буьрса» гIап йиллале хьалха оцу меттехь. Вайн цIеяхханчу мохкталлархочо, яздархочо А.Сулеймановс шен «Нохчийчоьнан топономи» тептара тIехь билгалдоккху гIап йиллале хьалха оцу меттехь нохчийн 20 сов юрт а, кIотар а хилла хилар. Церан цIерш а йоху цо. Амма яртийн а, кIотарийн а лар а ца йисина. Цигахь баьхна нохчий кхечу ярташка дIакхелхина. Цара керла кIотарш ехкина меттигаш а ю.
Нохчий кхеро гIертарх а, къарбан гIертарх а гIуллакх ца хилира мел буьрса гIап йилларх а я Ермоловн а, я кхечу инарлийн а. Нохчий лаьмнашна юкъара ара ца бовлуьйтуш, дIакъовла ницкъ ца кхечира аренашца Iохкуш хилла нохчийн иттаннаш ярташ ягийча а. Уьш а, гIопера гIалагIазкхий а вовшашца зIенаш ца туьйсуш, юкъаметтиг ца лелош Iаш бацара. ТIеттIа шорлуш яра гIап а. Цигахь баха ховшура эскарехь гIуллакхдина бевлла, тIаьхьалоне баьхна гIалагIазкхийн а, оьрсийн бIаьхой а. Ткъа адамаш долчохь даима а йохк-эцар лаьтта. Йохк-эцар йолчохь эрмалой ца хуьлийла а дацара. ХIетахь-м муххале а. Ишттачохь базарш хIуьтту, туьканаш йохку.
Оцу базаршка лела бевлира нохчий а, шайна паччахьан эскарша еш йолчу дуьхьалонашна бIокъажийна ца Iаш. Цара дечиг а, дохнан маша а (шура, тIо, морза, даьтта), кхиерг а йохьура базаршкахь дIайохка я кхечу сурсаташца хийца. Коьртачу декъана туьха а, мехкадаьтта а, кIадеш а оьцура нохчаша гIопехь.
ГIоперчу маьршачу нехан а, нохчийн а юкъаметтигаш шорлуш а, зIенаш чIагIлуш а яра. Ша гIап а чIогIа аьтто болчу меттехь яра. Латтанаш хьена дара. Хинна шорто яра. Цундела, оьрсий а, кхечу къомах болу нах а, эскарехь гIуллакх дина бевлча, Росси юха дIа ца боьлхуш, гIопана гонаха ярташ, станицаш йохкуш баха ховшуш бара. Паччахьан Iедало а къобалдора и гIуллакх, хIунда аьлча, уьш охьахевшина мохк царна буьсуш бара. Цигахь баха ховшар нохчашна луьра доьхкуш дара.
Цу тайппана Буьрса гIап шорлуш, гIалин суьрте йоьрзуш яра. Цунна аьтто беш дара кхузахь, масех метр кIорга гIу яьккхича, лаьтта бухалара схьадолуш мехкадаьтта – Iаьржа деши хилар. ГIопехь Iаш болу маьрша нах алсамбевлча, кхузахь школаш, лазартнеш, туьканаш схьайиллира, цхьацца пхьалгIанаш ян йолийра. Алсамделира гIишлошъяр. ЧIагIонах, гIопах хуьл-хуьлуш гIала хилира. Амма шен цIе «Буьрсаниг» йисира цуьнан. Бакъду, цкъа а нохчаша ала-м ца аьлла цунах Буьрсаниг. Цара даима а Соьлжа-ГIала я ГIала аьлла цунах. Делахь а оьрсийн маттахь дисина «Грозный» бохург. Цуьнан а цхьа де хир ду. Хийцалуш догIучу дуьненахь гIаланийн, шахьарийн, яртийн цIерш а ма хийцало.
Соьлжа-ГIала къаьсттина сиха кхиа а, шоръяла а йоьлла Нохчийчохь советийн Iедал чIагIделлачул тIаьхьа. Бакъонца дуккха а къаьмнийн юкъара шахьар хилла дIахIоьттира хIара. Кхузахь Iан а, ваха а лууш волчу муьлххачу а къомах волчу стагана гIалин неIарш йиллина яра. Бакъду, нохчий кхуза схьакхалхар къобалдеш дацара советийн Iедал а. Ма-дарра аьлча, цара дерриге а дора хIара нохчийн гIала ю ала бахьана ца хилийта. Уьш балха ца оьцура, болх бан нах тоьаш боццушехь. Царна бихкина бара промышленни предприятешка, Iилманан лакхенашка боьду некъ. Делахь а уьш юхабовлуш бацара. Царна гечонаш карадора гIалахь баха ховша а, балха баха а.
ГIала кхуьуш яра. Алсамбовлуш бара бахархой а. 1939-чу шарахь кхузахь Iаш вара 172 400 стаг. Цул тIаьхьа ткъа шо даьлча – 242 100 стаг. 1989-чу шарахь вайн коьртачу шахьарахь Iаш верг 400 эзар гергга стаг вара. Къилбаседа Кавказехь а уггаре а хаза шахьар хилла дIахIоьттинера Соьлжа-ГIала. Иза нохчийн халкъан дозалла дара. 50 гергга къоман векалш бара кхузахь бертахь бехаш, шайн къинхьегамца гIала хазъеш. Амма и маьрша дахар дохийра ХХ-чу бIешеран 90-чу шерийн юьххьехь цкъа хьалха Россехь (СССР-хь а ала шайна) а, юха Нохчийчохь а дIабуьйлабеллачу политикин хиламаша. И хиламаш тIаьххьара а къийсамашка бирзира, къийсамаш – тIаме. Нана-Нохчийчохь юха а тIеман цIе тесира. Соьлжа-ГIала саьлнашка ерзийра. Цхьа а гIишло дийна ца йисинера. Охьа ца хаьрцаш йисина гIишлош а тхов, кор, неI доцуш яра. Елча санна хеталора гIала оцу суьрте хьаьжча. Легашка шад хIуттура. Са лоьцура… Вайна гина ду-кх и… Вайн хьоме гIала кхин цкъа а меттахIотталур яц аьлла хетара. Иза иштта хетачарна бехк буьллийла а дацара. Ма ирча дар-кха гIалин гIаларт. Дог Iовжош, бIаьрг белхош.
Вайна хьоме хилла цхьа а гIишло дийна йисина яцара. Дохийна, аьтта дIадахийтинера урамаш, некъаш. Оцу хьолехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIахьедира: «Нохчийчоьнан пачхье – Соьлжа-ГIала яла ца елла. Иза вай хьалхачул а хазйина, къагийна дIахIоттор ю. Вай меттахIоттор ю Соьлжа-ГIала. Пачхье кхечу цхьана а меттехь хир яц. Ша хьалха хиллачохь хир ю!» Цуьнан и дешнаш дахаран бакъдерг дина дIахIоттийна Нохчийн Республикин таханлерчу Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Ца Iебаш хьуьйсу вай цуьнан исбаьхьалле. Дозалла до Соьлжа-ГIалех, цуьнан хIора урамах, цIийнах. Дозалла до иза хазйина, къагийна дIахIоттийначу халкъан говзанчех, куьйгаллех. ГIалин хазаллех ирс эца бIеннашкахь хьеший богIу тахана дуьненан массо а маьIIера. Иза кхин а хаза, зовкхе хир ю. Оцу тешамо дагна хьаам бо, дог токхдо. Хьалхачул а бертахь беха кхузахь нохчий, гIалгIай, гIезалой, гIалагIазкхий, гIумкий, оьрсий, жуьгтий, эрмалой, ногIий, жIайхой, дуккха а кхечу къаьмнийн векалш. Цара цхьаьна дебош ду вайн коьртачу шахьаран беркат, ирс.
С.ХАСАНОВ
№15, шинара, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2018 шо