Вайн республикехь йолчу тоьллачу берийн бошмашна юкъайогIуш ю «Илли» берийн беш. Цуьнан заведующис С.Сайдулаевас а, цуьнан нанас Сацитас а, дукха лерина кечйина, тойина, хазйина дIахIоттийна гIишло а, уьйтIе а. Беркате къахьоьгуш схьайогIу Сильвас вовшахтоьхна коллектив. Цигахь бераш долу муьлхха а да-нана уьш дика Iалашдеш дуйла хууш, синтеме хуьлу. Хасторан а, баркаллин а дешнаш а олу царна.

Сайдулаева Сильва Соьлжа-ГIалахь йина а, кхиъна а ю. Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетехь филологан говзалла кара а ерзийна, 2010-чу шарахь еара иза Соьлжа-ГIаларчу школал хьалха долчу дешаран Департаментан Школал хьалха долчу дешаран а, кхетош-кхиоран а отделе балха.
Таханлерчу дийнахь оццу университетехь шолгIа лакхара дешар Iамош а ю, Пачхьалкхан а, муниципальни а урхалла даран говзалла караерзош.
Шена тIедехкинчу декхаршца дика ларош схьайогIу. Сильва кхийтира оцу декъехь болх беш шена даима а йиса лууш хиларх. ХIетахь кхоллаелира цуьнан берийн беш схьа а йиллина, шен дахар дерриге а берашна дIадаларан ойла. Иштта, Соьлжа-ГIаларчу Ленински кIоштарчу Калинин поселкехь цо схьайоьллу №104 йолу «Илли» берийн беш. Цигахь къахьоьгуш ю берашца болх бан лууш а, хууш а, хIора дийнахь керланиг довзарна тIехь къахьоьгуш а болчу кхетош-кхиорхойх вовшахтоьхна коллектив.
Цхьа гIуллакх дIадолош волчу муьлххачунна санна, юьхьанца Сильвина а дара хала. Шозза хала дара цунна берийн беш аренде эцначу гIишло чохь схьайоьллуш хиларна. Амма, Iалашоне кхача болчу лаамо ницкъ лора оцу халонех чекхйийла.
«Хьалха АллахI-Делан гIоьнца а, цул тIаьхьа лаам чIогIа хиларна а аьтто хилира тхан Iалашоне кхача, – дуьйцура Сильвас. – БIе ткъа берана лерина берийн беш схьайиллина оха. Вайн республикерчу кхийолчу берийн бошмашкахь санна тхан а ду хила дезачул алсам бераш. Таханлерчу дийнахь уьш бIе кхузткъе итт ду.»
Пачхьалкхан федеральни дешаран стандартаца йогIуш йолчу хьехаран методикица болх беш ю коллектив. Цу юкъадогIу: къамелдар кхиор, гонахара Iалам довзийтар, ийманехь кхетош-кхиор, физически кхиор, и.дI.кх. Кхузахь берашца Iаморан болх царна хазахетар долчу ловзаран кепара дIахьо. Масала, пластилинах хIуманаш ян, эшарш лакха Iамабо. ЧIогIа хаза хуьлу оцу берашка хьоьжуш цу хенахь. Иштта, кхузарчу кхетош-кхиорхоша сих-сиха йиллина урокаш а, дезачу дийнан «Iуьйренаш» а йо. Цигахь бераша дакъалаьцна ца Iаш, ерриге а учрежденис а дакъалоцу.
Кхузарчу кхетош-кхиорхойн Iалашо ю хIора беран похIма гучудаккхар, цуьнгахь адамалла кхиор.
«Къаьсттина самукъадолу тхан берийн бешара школе дахана бераш шайн хааршца классехь болчарах къаьсташ а, школин задачашца, тесташца ларош а хилча. Тхуна сих-сиха берийн дай-наношкара
а, хьехархошкара а баркалла хеза», – бохура Сильвас.
Берашца болх бина ца Iаш, Сильвас а, коллективо а церан дай-наношца а бо болх. Сих-сиха уьш вовшахтуху, шайн сагатдеш долу гIуллакхаш дийцаре а деш, церан цхьа йист яккха а хьовсу.
«Луур дара кхин а чIогIа дай-наноша тхоьца цхьаьна болх бойла. Амма, халахеташ делахь а, иза тхуна ма-хеттара дIа ца доьду, вайн Iадаташца делахь а я дай-нанойн кхечу декхаршца доьзна делахь а», – бохура цо.
«Илли» берийн бешарчу кхетош-кхиорхоша а, кхиархоша а дакъалоцу гIалин а, республикин а конкурсашкахь. Иштта, 2015-чу шарахь «Арендехь йолчу гIишло чохь йолу уггаре а дика школал хьалхара учреждени» конкурсехь 2-гIа меттиг яьккхира хIокхара.
2016-чу шарахь хьалхара меттиг яьккхира гIалин конкурсехь а, шолгIа меттиг республикин конкурсехь а.
2017-чу шарахь Санкт-Петербурге а кхайкхина, цигахь «Илли» берийн бешана «Россин школал хьалхара йолу уггаре а дика бIе учреждени» юкъаяхарна диплом а делира.
Баьхначу кхиамех тоам бина Iийр йолуш яц Сильва а, цуьнан бертахь а, говза а коллектив а. Уьш тешна бу кхин а лакхарчу кхиамашка шаьш кхочург хиларх. Цаьрга кхача хIокхаьргахь доьналла а, белхан говзалла а ю. Иштта, хIорш тешна бу тIейогIучу хенахь шаьш санна йолчу (арендехь йолчу) берийн бошмашна Iедало гIишлош йийриг хиларх.
Лакхахь хьахийначу кхиамашка кхачарна юкъахь шен ненан хазна а го С.Сайдулаевана. Цундела шен Нанна баркалла боху цо. Массо хенахь, шен дика накъост а хилла, дог-ойла ойъуш схьайогIуш ю иза. Ша кхоллараллин адам хиларе терра Сацитас жигара дакъалоцу берийн беш кхиорехь а, цуьнга зазадаккхийтарехь а.
«Суна баркалла ала лаьа Школал хьалха долчу дешаран куьйгаллина. Массо хенахь тхайх кхеташ, тхан атта доцчу гIуллакха тIехь тхуна гIо-накъосталла дарна. Иштта, суна юххехь болчарна а, сайн коллективана а. Кестта тхан берийн бешан диъ шо кхочур ду. Оцу денца уьш даггара декъалбан а лаьа суна. Массарна Дала дика дойла», – бохура Сильвас.
Берийн бешах долу къамел дерзош дало лаьа «Иллехь» йоI йолчу Магомаева Мареман дешнаш. Цо бохура: «Берийн бошмаш дуккха а ю Соьлжа-ГIалахь. Делахь а, «Илли» цIе йолчу берийн беша тхаьш нисдалар доккха ирс хета тхуна. Уггаре а хьалха а, уггаре а коьрта а берана тоьлла хьелаш кхоллар ду. Дерриге а церан дуьхьа, безамца, йовхонца, аьхналлица кхоьллина ду кхузахь: цIеналла, кхача, Iалашдар, Iуналла дар».
Л.ИБРАГИМОВА
№15, шинара, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2018 шо