«Внешэкономбанкан» регионийн менеджераш къасторан жамIех

2017-чу шарахь регионийн менеджерийн кандидаташ къасторан кхо мур дIабаьхьна «Внешэкономбанко».

2017-чу шеран оханан (апрель) баттера гIуран (декабрь) батте кхаччалц дIаяьхьначу конкурсе Россин Федерацин ерриге а субъекташкарчу лехамхошкара 770 заявка чуеллера. Говзанчийн комиссис къасторан масех муьрех чекх а ваьлла, «Внешэкономбанкан» регионашкарчу векалийн тобане къастийна 51 регионера 80 финалист.

Ульяновскан, Челябинскан областашкахь, Башкортостан, Удмурти, ГIезалойчоь республикашкахь, Красноярскан крайхь, Москвахь кхаа менеджерех йолу тобанаш кхоьллина, кхийолчу регионашкахь уьш къастор дIахьош ду.

2017-чу шеран товбецан (сентябрь) а, гIуран (декабрь) а беттанашкахь «Внешэкономбанко» Москвахь вовшахтоьхнера регионашкарчу менеджерийн ши цхьаьнакхетар.

Цигахь дакъалецира Россин Федерацин экономика кхиоран министра Орешкин Максима, РФ-н транспортан министра Соколов Максима, Пачхьалкхан Думин финансийн рынкехула йолчу комитетан председатела Аксаков Анатолийс, Стратегин дIадолорийн агентствон коьртачу директора Чупшева Светланас, «ГIуллакхаллин Россин» президента Репик Алексейс, Россин а, дерригдуьненан а яккхийчу компанийн а, фондийн а куьйгалхоша, иштта «Внешэкономбанкан» тобанан топ-менеджерша.

Цу цхьаьнакхетаршкахь регионашкарчу менеджерийн таро хилира «Внешэкономбанкан» болх мелла а уллера бовза, инвестицийн проекташ кхочушъярна, царна кечамбарна тIаьхьакхиа, лерринчу мастер-классийн гурашкахь практикин балхахь дакъалаца.

И гIуллакхаш чекхдевллачул тIаьхьа къасторан муьрех чекхбевллачу финалисташца цхьаьнагIуллакхашдаран хьокъехь барташ бина банко, царна регионан менеджерийн сертификаташ делла. Цул тIаьхьа керла менеджерш шайн-шайн регионашкахь болх бан буьйлабелла.

Белхан керла кеп юкъаяккхаран хьалхара жамIаш хIинцале гуш ду. ДIадаханчу шеран тIаьхьарчу беа баттахь регионийн менеджерша банкан куьйгалле 140 проектан дIадолор кховдийна.

Чиллин (февраль) беттан юьххьехь (карара шо доладелчахьана) финансировани ярна заявкаш тIеэцаран Iалашонца кхоьллина йолчу «Внешэкономбанкан» онлайн-платформе кхаьчна проектан дIадолорийн 30 заявка. Царех 9 проект регионийн менеджерша мах хадорах а, «Внешэкономбанкан» коьртачу лехамашца йогIуш хилар талларх а кхиамца чекхъяьлла.

Оцу проекташа юкъалоцу Владимиран областехь чархашъяр а, керлачу сурсатийн производство тояр а, электроэнергетикин декъехь гIуллакхашдар а, Воронежан областехь двигательш яр а, Москвахь могашалла Iалашъяран а, фармацевтикин а декъехь гIуллакхашдар а, иштта дIа кхин а. Карарчу хенахь чиллин (февраль) бутт чекхбаллалц) «Внешэкономбанко» дIахьош бу регионийн менеджерш къасторан боьалгIа мур.

Стратегин дIадолорийн агентствон буха тIехь дIахьош ду къасторан гIуллакхаш (http://leader-id.ru/specials/openselection_veb4).

Заявкашка хьаьвсинчул тIаьхьа уггаре а кхиамечу кандидаташца къамел дийр ду, цул тIаьхьа лехамхойн таро хир ю Iаморах чекх а бевлла, «Внешэкономбанкан» лехамашца шайн хьуьнарш догIуш хилар чIагIдина, регионийн менеджерийн даржашкахь болх бан.

Кхиоран институтийн, коммерцин йоцчу организацийн, бизнесан векалийн а, Iедалан органашкахь а, инвестицийн-финансийн декъехь а болх баран зеделларг долчу лехамхойн а кандидатурашка уггаре а хьалха хьовсур бу къасторан комиссин говзанчаш. Регионийн менеджерийн Iалашонашна юкъадогIур ду шайн-шайн регионашкахь инвестицийн проекташ лахар, «Внешэкономбанке» кехаташ чудалархьама оьшург вовшахтохарехь проектийн дIадолорхошна гIодар.

Регионийн менеджерш «Внешэкономбанкан» штатехь хир бац, бинчу бартаца нийса а догIуш бийр бу цаьрца болх. Цара кхиамца юкъаялийначу (лехначу) проекташка хьаьжжина алапа а лур ду.

А.А.Иванченко,

«Внешэкономбанкан» председателан заместитель

№15, шинара, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: