Нохчийн Республикера оперативни хьал

Наркотикашна дуьхьал къийсам дIахьо

Оперативни-профилактикин мероприятеш дIахьочу хенахь республикин Нажи-Юьртан кIоштахь меттигерчу вахархочуьнгара наркотик схьаяьккхина полицин белхахоша.

Ораматех схьаялар долу, 10 грамм хиллал йолу наркотик кара а йина схьаяьккхина Нажи-Юьртан кIоштарчу Замай-Юьртахь таллам бан сацийначу ВАЗ-217030 «Лада Приора» автомашенахь хиллачу 34 шо долчу вахархочуьнгара.

Цо дийцарехь, схьаяьккхина наркотик цо, йохк-эцаран Iалашо а йоцуш, ша шена пайдаоьцуш лелош хилла. Цунах лаьцна хаам бо Нохчийн Республикехула йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службо.

Иштта, оперативни-профилактикин мероприятеш дIахьочу хенахь, полицин белхахоша 5 меттехь – Соьлжа-ГIалахь, Невран а, Теркан а, Гуьмсан а, Соьлжан а кIошташкахь Iорадаьккхина законехь доцуш наркотикаш лелор.

Нохчийн Ре спубликин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службо хаам ма-барра, полицин белхахоша 1967-чуй, 1983-чуй, 1984-чуй, 1990-чуй, 1995-чуй шерашкахь бина болчу бахархошкара юккъерчу хьесапехь схьаяьккхина 280 грамм сов ораматех схьаялар долу, кIомалан а, марихуанин а шатайпа хьожа йолу наркотикаш.

Схьаяьхна наркотикаш таллам бан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Экспертийн-криминалистикин туьше.

Таллам дIахьош бу.

Масех некъан-транспортан бохам хилла Нохчийчохь

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Невран а, Теркан а, ТIехьа-Мартан а кIошташкахь кхоъ некъан-транспортан бохам хилла. И бахьанехь цхьа стаг кхелхина, кхоъ лазийна. Цунах лаьцна хаам бо Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службо.

«Моздок – ГIизлара» автомобилийн новкъахь вовшахкхетта Рязань гIалин 27 шо долчу вахархочун ВАЗ-21099 автомашен а, Нохчийн Республикин Невран кIоштан Калиновски юьртан 55 шо долчу вахархочун ВАЗ-2110 автомашен а.

Некъан-транспортан бохам бахьанехь больницехь кхелхина ВАЗ-2110 автомашенан водитель.

Цига яханчу талламан-оперативни тобанна билгалдаьлла, Моздок гIала йолчу агIор вогIуш хиллачу ВАЗ-21099 автомашенан водитела, шена хьалха йоьдуш хиллачу автомашенал хьалхаа ваьлла, юха и маневр чекхъяккха а ца кхуьуш, дуьхьалбогIучу новкъахула йогIучу автомашенна шен машен тIетоьхна хилар.

Иштта, Теркан кIоштан Iели юьртахь, «Ломаз-Юрт – Кень-Юрт» автомобилийн некъ къаьстачохь, ВАЗ-21102 автомашенан водитела, ша аьрру агIор маневр ечу хенахь, дуьхьалбогIучу новкъахула йогIуш хиллачу ВАЗ-21100 автомашенна некъ цабитар бахьанехь, и ши автомашен вовшахтIакхетта.

Некъан бохам бахьанехь ВАЗ-21102 автомашен чохь хилла 1955-чуй, 1972-чуй шерашкахь йина йолу ши зуда лазийна. И шиъ лоьрийн хьалхара гIо дан герггарчу больнице дIайигира.

Цул сов, ТIехьа-Мартан кIоштахь хиллачу некъан-транспортан бохамехь цхьа зуда лазийна.

Оцу метте яханчу талламан-оперативни тобанна билгалделира, ТIехьа-Мартан кIоштарчу СемаIашка юьртахь 40 шо долчу вахархочо шен ВАЗ-21140 автомашен гIаш йогIуш хиллачу 37 шо долчу зудчунна тIетоьхна хилар.

Лазийна йолу зуда ТIехьа-Мартан кIоштан больнице дIайигира, цигахь цунна оьшуш долу лоьрийн гIо дина.

Некъан-транспортан бохамийн хьокъехь дIахьош таллам бу.

I.АДЛАНОВ

№15, шинара, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: