Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон кегийрхойн патриотизм кхиоран отдело Даймахкал арахьа шайн тIеман декхарш кхочушдинчу ветеранийн денна лерина «Майраллин дарс» аьлла цхьаьнакхетар дIадаьхьира «Юнармия» боламан кегийрхошца.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитель Шаршуев Жабраил а, оццу министерствон кегийрхойн патриотизм кхиоран отделан куьйгалхо Цацаев Апти а, Нохчийн Республикин ТIеман комитетан комиссаран гIоьнча Лечиев Анес а, ОвгIанан тIеман ветеранийн, тIеман къийсамийн ветеранийн урхаллин председатель Ташухаджиев Iабдул-Бек а, Ерригроссин тIеман патриотизман республикехь йолчу юкъараллин берийн-кхиазхойн «Юнармия» боламан куьйгалхо Мурадов Ахьмад а, ОвгIанан тIеман ветеранаш а.
Оцу цхьаьнакхетаран коьрта Iалашо яра кхиазхошна Даймохк бохург хIун ду а, иза ларбар мел доккха сий ду а хаийтар.
Хьалхара дош олуш, вистхилира Шаршуев Жабраил: «Даймахкана хьалха шайн тIеман декхарш кхочушдар, иза хIораннан а декхар ду. Дийцина ца валлал дукха масалш ду машарна гIаролехь лаьттинчу турпалхойн майраллех лаьцна дийца. Мел чIогIа хало, кхерам тIехIоттарх шайн Даймехкан сий лардина цара, эшначохь дахар а дIалуш. Вайн бакъо яц уьш бицбан».
Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран Ибрагимов Iийсан цIарах декъалдар дIадийшира.
Нохчийн Республикин ОвгIанан тIеман ветеранийн союзан председателан заместитела Джамалуев Романа дийцира ОвгIанехь хиллачу тIамах лаьцна: «1989-чу шеран чиллин (февраль) беттан 15-чу дийнахь Советийн Союзо шен тIаьххьара эскар цIадерзийра ОвгIанера. 10 шарахь оцу махкахь Россис латтийначу тIеман къийсамехь 15 эзар тIемало кхелхина. ТIеман арахь шен накъостех къастар чIогIа хала ду, цул хала, цIа веача церан гергарчийн бIаьра хьажар ду. Ткъе итт шо гергга хан дIаяьлла цул тIаьхьа, делахь а, цхьа а вицвина вац. ОвгIанан тIеман ветеранаша чиллин (февраль) беттан 15-гIа де шайн дезаде санна билгалдоккхуш ду. Оцу дийнахь дагалоьцу Даймахкана хьалха шайн декхарш кхочушдеш эгнарш а, тIеман арахь цхьаьна хилларш вовшах а кхета. ОвгIанан тIамехь эгначу турпалхошна лерина иэсан дуккха а аннаш ду вайн республикехь дIахIиттийна».
«Юнармия» боламан декъашхоша леррина ладугIура къамелаш дечаьрга.
ВЕГИЕВА Макка
Авторан суьрта тIехь: ОвгIанан тIеман ветеранашца цхьаьнакхетар
№15, шинара, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2018 шо