Чиллин (февраль) беттан 17-гIа де – Россин студентийн отрядийн де хиларца доьзна, Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан техникин университетан коьртачу корпусехь, оцу денна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира.
Цигахь дакъалецира университетан социальни а, кхетош-кхиоран а белхан проректора Солгиреев Рустама, комплексни Iилманан-талламан институтан директора Батаев Денис, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран гIоьнчас Месербиев Садос, иштта, студенташа.
Ерригроссин кегийрхойн юкъараллин «Россин студентийн отрядаш» организацин региональни отделени а, цуьнан жигархой а декъалбеш, вистхилира Солгиреев Рустам: – Университетан ректоран Таймасханов Хьасанан цIарах ас декъалдо шу Россин студентийн отрядийн денца. Дуьххьара 1959-чу шарахь вовшахтоьхна студентийн отрядаш. Цхьана ханна церан болх юкъахбисина а лаьттина. 2003-чу шарахь студентийн отрядаш юха вовшахтоьхна. Кегийрхошна пайдехь дерг Iамош ю билгалъяьккхина организаци. Карарчу шарахь республикехь студентийн отрядаш меттахIиттийна 15 шо кхочуш ду. Оцу юкъана дуккха а мехала проекташ кхочушъян ларийна иза. Ткъа карарчу шарахь дан леринарг дуккха а ду. Вай тешна ду цуьнца отрядан командир а, жигархой а дика ларориг хиларх.
Батаев Денис а билгалдаьккхира, и отряд шо шаре даларца кхиа езаш хилар.
– Студентийн отряд – иза мехала болам бу. Мел ледарчу хьолехь нисвеллехь а, ца воха Iамаво цо. Хийлазза, да-нана а доцуш, уллехь гIо дан накъост а воцуш висинарг, тIехIоьттинчу киртигах доьналлица чекхвала Iамийна. Цундела, и болам вайн кегийрхошна чIогIа оьшуш а, мехала хиларан цхьа а шеко яц, – элира цо.
– Кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран Ибрагимов Iийсан цIарах декъалдо шу. Региональни отделенис кегийрхошна гIо до дахарехь шайн меттиг каро. Хазахеташ ду, вайн кегийрхой Iама лууш а, хааршка кхийдаш а хилар, – бохура Месербиев Садос.
«Россин студентийн отрядаш» организацин региональни отделенехь жигара къахьоьгуш болчу кегийрхошна дипломаш делира С.Месербиевс.
Цул тIаьхьа отделенин куьйгалхочо Иноркаев ВахIида дIадаханчу шарахь шаьш бинчу белхан жамIаш дира, иштта, 2018-чу шарахь бан лерина болх, кхочушъян дагахь йолу проекташ йовзийтира. Отделенис вовшахтухучу а, дIахьочу а балха тIехь гIо-накъосталла деш мел болчарна баркалла элира цо.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрташ тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой
№15, шинара, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2018 шо