Книгаш яларан дуьненаюкъара де 2012-чу шарахь дуьйна билгалдоккхуш ду.

Берашна книгаш лучеран а, уьш ешаре цаьргахь марзо кхуллучеран а де ду иза. И ламаст дуьххьара юкъадаьккхинарг Iамаркера яхархо, берийн книгин сайт лелош йолу Бродмур Эмми ю. Цуьнан дIадолорца юкъадаьлла долу гIуллакх хаза ламаст хилла дIахIоьттина.
Росси йоцург, кхин а 30 пачхьалкхо хIора а шарахь дакъалоцу книгаш яларан акцехь.
Оцу хазачу ламастана юьстах ца йисира вайн республикин берийн библиотека а.
Цигахь «Книгаш луо безамца» акци дIаяьхьира хIокху деношкахь. Оцу денна леринчу цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин министран заместитела Милькиев Рустама, берийн яздархоша, кхоллараллин а, интеллигенцин а векалша, ешархоша.
Хьалхара дош а олуш, йистхилира библиотекин директор Сайдумова Зулай: – «Книгаш луо безамца» акцехь дакъа мел лаьцначарна баркалла ала лаьа суна. Билгалъяьккхина акци шен истори йолуш а, берийн библиотекина чIогIа маьIне а ю. Акци бахьана долуш, библиотекин фонд тIеюьзна. Тхуна доккха совгIат а хилла цунах.
Милькиев Рустама билгалдаьккхира «Книгаш луо марзонца» акци шо шаре даларца кхин а шуьйра евзарг а, кхин а алссам пачхьалкхашкахь дIахьуриг а хилар.
– Культурин министран Дааев Хожа-Баудин цIарах суна баркалла ала лаьа библиотекин директорна Сайдумова Зулайна хIара мехала гIуллакх вовшахтохарна. Со тешна ву, «Книгаш луо безамца» акци дукхачарна хаза ламаст а хилла дIахIуттург хиларх а, шо шаре даларца иза кхин а дика евзаш акци хирг хиларх а, – билгалдаьккхира цо.
Дукха хан йоццуш Ерригроссин «Символы России» олимпиадехь толам баьккхинчу Албастов Доккина а, Бердукаева Селимина а Дипломаш дIаделира Милькиев Рустама.
Библиотекехь дIахьочу хIора а цхьаьнакхетарехь санна, кхузахь а ешархоша книгех лаьцна байташ йийшира.
Акци дIаяхьар бахьанехь, библиотекин фонд 680 книгина тIеюьзна.
З.ХАСИЕВА
Суьрта тIехь: акцин дакъалацархой
№15, шинара, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2018 шо