Дешархойн кхерамазаллин дуьхьа

Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу Коьртачу урхаллин Соьлжа-ГIалин а, Хьалха-Мартан кIоштан а цIеяйъаран-кIелхьарадахаран дакъошкахь неIарш йиллина де дара хIокху деношкахь. МЧС-н векалшца дешархоша экскурси йира цIеяйаран-кIелхьарадахаран дакъошкахь.

Бераш боккхачу лаамца хьаьвсира цигахь долчу хьоле. Царна уггаре а хазахеттарг леррина долу духарш а, цIеяйаран гIирс а бара. МЧС-н векалша дешархошна йовзийтира цIеяйъаран служба дуьххьара юкъаяларан истори. Берашна шайн балхах лаьцна а дийцира цара. Диспетчеран а, Iаморан а классаш, лерринчу машенийн гаражаш а гайтира. Шайна схьагучун хьокъехь, дуккха а хаттарш кхоллалора берийн. Царна дерриге а хаа лаьара. Ткъа МЧС-н векалша хазахетарца жоьпаш лора царна.

Оцу дерригенах а къаьсттина дешархойн бIаьрг тIехIоьттинарг лерринчу машенашца йолу техника яра цIеяйъархойн пхьуьйшаш а, гидравлически гIирс а, иштта дIа кхин а. Шайн хьуьнарш гайта а таро хилира берийн. Масала, Соьлжа-ГIалин Октябрьски кIоштарчу цIеяйъаран-кIелхьарадахаран №3 йолчу декъахь дешархоша, цIе яьллачу меттехь кIелхьаравала гIора а доцуш, гIо дан уллехь цхьа а воцуш висинчунна шаьш гIо муха дийр дара гайтира. Ткъа Хьалха-Мартан кIоштарчу №17 йолчу декъахь дешархоша шаьш цIе муха дIайойур яра гайтира. Бераш дика ларийра. Цо гойту, МЧС-н векалша шайна хьехнарг цара дика дIалаьцна хилар.

Иштта, кхерамазаллин бакъенаш а йовзийтира дешархошна. МЧС-н векалша дийцира, дукха хьолахь, цIе яларан бахьана бераш цIарца ловзар хилар. Цундела цу тайпанчу ловзарех Iехадала мегар доцийла хаийтира.

З.КУНТАЕВА

№15, шинара, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: