ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «Олимпийск» спортан комплексехь 1998–2000-чуй шерашкарчу къоначу спортсменашна юкъахь дIадаьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула долу Нохчийн Республикехь хьалхеяккхар.
Къийсадаларшкахь дакъалоцуш 20 команда яра: ерриге а бохург санна, кIоштийн а, республикин а берийн-кхиазхойн спортан школаш.
СКФО-хь хьалхеяккхарехь дакъалаца бакъо къовсуш вара 200 сов охьатохархлатархо. йозаллин 10 категорешкахь дIахьош дара и къийсадаларш.
Даздаран хьолехь турнир схьаелларехь дакъалоцуш вара Россин Пачхьалкхан Думин депутат, Нохчийн Республикин спортан латаран федерацин президент Сайтиев Бувайсар.
Цо билгалдаьккхира къийсадаларийн тIегIа лаккхара хилла хилар а, кхиазхоша шайгара хьуьнарш гайтина хилар а.
Нохчийн Республикин кегийрхойн вовшахтоьхначу командин коьртачу тренера Гиназов Руслана дийцарехь, СКФО-хь хьалхеяккхаре гIур бу кхузахь хьалхарий, шолгIий меттигаш яьхнарш.
– СКФО-н хьалхеяккхар дIахьур ду чиллин (февраль) беттан 28-чу дийнера бекарг (март) беттан 2-чу дийне кхаччалц Нальчик гIалахь (ГIебартойн-Балкхаройн Республика). Карарчу хенахь хинйолчу турнирана кечамаш беш ду тхо. Чиллин (февраль) беттан 26-чу дийнахь Нохчийн Республикера Нальчике гIур ю шена юкъахь тренерш С-М.Чекербиев а, У.Сулейманов а, суьдхой У.Бацаев а, И.Джапарханов а, йиъ команда а йолу спортан делегаци, – билгалдаьккхира Гиназов Руслана.
I.МУРТАЗОВ
№15, шинара, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2018 шо