Вайх хьерча цуьнан беркат

(Ошаев Халидан 120 шо кхачарна лерина)

Буьрсачу тIамо хьаьшна, Iовжийна йоьжна Iуьллучу Нохчийчохь, 2004-чу шарахь, цIеххьана мерза кхаъ баьржира. Нохчийн Республикин Правительствон Архивийн урхаллин харжийн чоьтах Нальчикехь зорбане яьккхинера цхьа башха книга. Цуьнан цIе «Нохч-ГIалгIайн полках дош» яра. Нохчийн яздархо Ошаев Халид вара цуьнан автор.

Бакъду, яздархочун ирс ца хиллера шен къинхьегам зорбанехь ган. Тайп-тайпана новкъарлонаш яра яздархочун дуьхьала юьйлуш, пекъар ца вуьтуш. Делахь а, Халид къарвала туьгуш вацара, дуьненна шен къизаллица гIараяьлла ГУЛАГ а эгIаза хилира вайн махкахочун нуьцкъала амал кагъян. Дукха къахьегнера цо масех декъах лаьтта «Нохч-ГIалгIайн полках дош» книга язъеш. Дерриге а халкъо шайх дозалла дан хьакъ долу нохчийн яхь йолу кIентий бу Халида шен книги тIехь буьйцурш. Уьш, цхьаъ санна, берриге а турпалхой бара.

Яздархочо боккхачу безамца, дозаллица яздо царах. Вайга кхойкху царах дозалла даре. ХIора могIанца Iамадо Ошаев Халида Даймахкана тIе бохам беача бIаьргнегIар ца тухуш, тIеман ара дIахIиттинчу къонахех дозалла дан.

«Нохч-ГIалгIайн полках дош» книгин цхьа дакъа ду, вайн республикехь 1942-чу шеран юьххьехь вовшахтоьхна, буьрса тIом кхехкачу аренашка фашисташна дуьхьал дIахьажийначу Нохч-ГIалгIайн лерринчу 255-чу дошлойн полках. Турпала, доьналлица, мел яккхий халонаш тIехIиттарх, яхь дIа ца луш, мостагIех дера леттачу вайнехан бIаьхойх дуьйцу автора, ша цаьрца хилча санна, говза сурт хIоттош, бакъболчу турпалхойн цIерш йовзуьйтуш.

Дерриге а Советийн халкъийн яхь, юьхь, лазам, дозалла хилла лаьтташ ю хIинца Брест гIап. Вайна массарна а хаьа тIеман буьрсачу деношкахь доьналлин гIап хилла иза лаьттинийла. Амма дукха нахана ца хаьара турпалчу бIаьхойн могIаршкахь мел нохчий, гIалгIай хилла. Церан цIерш лохуш, толлуш, гулъеш чекхдехира Ошаев Халида шен чолхечу дахаран тIаьххьара шераш. Яздархочун хьанал къинхьегам бахьанехь хиира Брест гIопехь тIом беш виъ бIе гергга вайн турпала махкахо хилла хилар.

Нохчийн махкара дIабахана немцойн фашисташна дуьхьал майра летта вайнехан яхь йолу кIентий бовзийтина Iаш вац яздархо. Халида вайнехан кIенташа гайтина доьналла, турпалалла юьйцучохь, Сталинан хьадалчаша вайнах махках бахар а дуьйцу «Нохч-ГIалгIайн полках дош» книги тIехь. Шегахь йолчу таронца оцу муьрехь хиллачу Iедалан ямартлонна тIе тидам озо яьккхина гIулч ю аьлла хета иза яздархочо. Вайнехан кIентий-м дера лийтира мостагIех, – бохуш санна хета яздархочо, – амма церан цIахь бисинчу доьзалшна дола дан Iедал эгIаза хилира. И бехкен боцу дегабаам дукхах болчу вайнехан синкIоргенехь хьулбелла бара, амма шайн дагахь дерг ма-дарра довзийта хIуьттушберш кIезиг бара.

Кхиаран шераш

Нохчийн сийлахь яздархо Ошаев Халид дуьнен чу ваьлла 1898-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь Чахкарахь. Оцу муьрехь Воздвиженская цIе а йолуш оьрсийн паччахьан эскаран дакъош лаьтта тIеман гIап яра Чахкара.

Халидан да, схьавалар Йоккхачу АтагIара долу, Ошаев Дуда хьуьнахочун болх беш хилла гIопехь. Iер-вахар шен доьзалца цхьаьна Чахкарахь хилла цуьнан. Цундела юьхьанцара школа Чахкарахь чекхйоккху Халида. КIентан 11 шо долуш, кхидIа а дешийта Соьлжа-ГIала охьавалаво иза.

Соьлжа-ГIаларчу реальни училищехь доьшуш, езало Ошаев Халидана исбаьхьаллин литература. Цо ца Iебаш йоьшу Пушкинан, Лермонтовн, Тургеневн, Некрасовн, Толстойн, Достоевскийн говзарш. Шен къона ойланаш кехатах тешо лаам а училищехь кхоллало цуьнан.

1916-чу шарахь кхиамца Соьлжа-ГIалара реальни училище чекхъяьккхина волу Ошаев Халид. Амма жимачу стеган кхидIа а деша лаам кхоллало. Иза Петроградерчу хьуьнан бахаман говзанчаш кхиочу институте деша воьду вайн хьуьнаре махкахо. Цигахь шина шарахь доьшу Халида. Амма луьрачу заманан челакхчу тулгIенаша дешарна юкъаравоккху жима стаг.

1917-чу шеран эсаран (октябрь) беттан юьххьехь йолаеллачу революцис дистина догIучу хино санна, чалхаш текхош, дукха адам дохадо юьхьарлаьцначу къилбанах. Нохчийчу цIавоьрзу дешна валаза волу студент. Кхузахь цунна вевза Шерипов Асланбек, Гикало Николай, иштта, кхиболу революционераш. Церан шовкъечу къамелаша йийсаре лоцу жима стаг.

Генарчу ойланашка вийлар доцуш, революционерийн могIаршка хIутту Х.Ошаев. Цо жигара дакъалоцу Нохчийчохь кхихкинчу буьрсачу тIемашкахь. Соьлжа-ГIалахь хиллачу бIедийнан тIемашкахь, Iалхан-Юрт, Чечана, Цоцин-Эвла йоккхуш хиллачу тIемашкахь жигара дакъалаьцна ву яздархо.

ТIаьхьо ша язйинчу «Алун шераш» книги тIехь яздархочо дуьйцур ду мискачу адамашкахь латтийначу Iазапах, Деникинан эскаро вайн республикехь латтийначу къизаллех лаьцна.

ХХ-чу бIешеран 20-чу шерашкахь Ошаев Халид де-буьйса ца лоруш, чомахь вижар-гIаттар доцуш, къахьоьгуш ву.

1920-чу шарахь Советийн Iедало Буру-ГIала иза совпарт школе деша хьажаво. Кхаа беттан курсаш кхиамца чекхъяьхна, Буру-ГIалара цIавирзина Халид Соьлжа-ГIалин КПСС-н горкоме балха хIоттаво, нохчашца болх барна леринчу секцин инструктор. Оцу муьрехь зорбане йовлу яздархочун дуьххьарлера говзарш. Нохчийн маттахь зорбане долуш газет цахиларна, Халидан дуьххьарлера говзарш оьрсийн маттахь зорбане юьйлу «Нефтерабочий» газетан агIонаш тIехь. Уьш поэзин могIанаш ду, балладин кепехь яздина.

Советийн Iедал тIедеанчу муьрехь нохчийн литература кхиорехь дуьххьара яьхна гIулчаш ю Ошаев Халидан говзарш. Юьхьанца иза а вара коммунистийн шовкъечу къамелех Iехавелла. Кавказан ламанхошца чIогIа кIеда-мерза, хаза къамелаш дора большевикаша шайн боламан юьххьехь. Оьрсийн паччахьан Iедало гIалагIазкхашна дIаделла латтанаш юхадерзор ду бохуш дуьйцура, дин лелорехь маршо хир ю бохуш дуьйцура, бIешерийн кIоргенера схьадогIучу къоман гIиллакхашца гамо хир яц бохуш чIагIонаш йора. Масане дара уьш, оцу муьрехь дукхах болчу нохчийн хье дIаэцна мерза хабарш?

Милла а нийсачу некъах тилор волуш, говза дуьйцура юьхьанца коммунисташа, халкъана, махкана диканиг хиларе сатесна адамаш церан хабарех Iехаделча бехк буьллийла доцуш.

1920-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь Буру-ГIала дIавуьгу иза Терскан эскаран политотделехь болх бан. Бакъду, шо шаре далале, юха а Соьлжа-ГIала схьавалаво «Советская Автономная Чечня» цIе йолчу газетан болх вовшахтухуш гIо-накъосталла дан.

И газет дара нохчашна лерина делахь а, юьхьанца оьрсийн маттахь зорбане долуш. Шина шарахь оцу га-
зетан редакцин жоьпаллин секретаран болх бина Ошаев Халида.

1923-чу шарахь партийни балха дIавуьгу иза, цкъа цхьана ханна, Соьлжа-ГIалахь болх бо, тIаккха Дона-тIерачу-Ростове дIавуьгу оццу партийни балха. Йоццачу хенахь Нохчийчоьнан ревкоман куьйгаллехь болх бан а лараво иза.

Муьлхха болх шена тIебиллича, массарна юьхькIам болчу агIор, дика ларош, хьуьнаре стаг вара Ошаев Халид. Ира хьекъал, кIорггера хаарш, гIиллакх-оьздангалла шеца долуш. Мел хала,чолхе болх шега кховдабарх Iилманан кIоргене кхийдачуьра юхаволуш вацара иза. Цунна даима а хан карайора цхьацца йозанашца болх бан а, уьш зорбане даха а.

1925-чу шарахь Ростовера юха а Соьлжа-ГIала схьавалаво Халид. ХIинца Нохчийчоьнан дешаран отделан а куьйгалла дар кховдадо цуьнга. Пхеа шарахь болх бо цо нохчийн мехкан хенахь халкъан дешарна коьртехь.

Цу хенахь нохчийн йоза-дешар Iаьрбийн графики тIехь хилла. Атта ца хилла нохчийн йоза-дешар латиници тIе даккхар. Уггаре а хьалха, хьехархой кечбан безаш хилла графикица школашкахь болх байта, и школаш а, хIора юьртахь бохург санна, яхка езаш хилла, цул сов, дешархойн Iаматаш керлачу йозане яха езаш а.

Къаьсттина Халидан садуура нохчашна мехкарий деша школашка бахкийта цалааро. Латиницин графика-м хала-атта Сальмурзаев Мохьмада гIо-накъосталла а деш хIоттийра. Коьртачу декъана цуьнан хьуьнарца 1925-чу шарахь нохчийн графика латиницин буха тIехь хIоттийра.

Халидан дIадолорца йиллина ХХ-чу бIешеран 20-чу шерийн чаккхенехь Эна-Хишкахь хьехархойн училище, юьртабахаман говзанчаш кечбеш йолу техникум.

1930-чу шарахь цо юкъадаккхарца йиллира Соьлжа-ГIалахь Нохчийн Iилманан-талламан институт. Юьхьанца иза ша вара цуьнан куьйгаллехь.

Дийцина ца валлал дукха ду цо нохчийн къоман дешаран декъехь дина диканаш. Церан беркат тахана а хьерчаш ду вайх. Республикин дешарна куьйгаллехь вара аьлла исбаьхьаллин литературина, юьстаха лаьтташ вацара иза.

Къоман литературин хьостанехь санна, нохчийн театран хьостанехь лаьттина ву яздархо. Цо вовшахтоьхна нохчийн халкъан дуьххьарлера драмин кружокаш, язйина драмин говзарш.

1926-чу шарахь Дона-тIерачу-Ростовехь дIаяьхьира дуьххьарлера Къилбаседа Кавказан къаьмнийн театран фестиваль. Сихха кегирхойн тоба вовшахтоьхна, «Дайн Iедал» цIе йолу пьеса язйина, цуьнан буха тIехь спектакль хIоттийра цо.

Театр а, режиссеран корматалла а Ошаев Халидана дика евзаш хилла хиларна къеггина тоьшалла ду оцу фестивалехь Нохчийчуьра яханчу тобано шолгIа меттиг яьккхина хилар. Иза боккха кхиам бара, цкъа а театр ца хиллачу махкахь хьалакхиинчу кегийрхоша баьккхинарг.

Цу шерашкахь цхьана актах лаьтташ йолу кхин а масех пьеса язйо цо. Царна юкъахь чулацамца, маьIница билгалъюьйлуш яра «Веччалг», «Бюрократин зирхаш», иштта кхиерш а.

Еккъа цхьа пьесаш язйина Iаш вацара иза. Соьлжа-ГIалахь зорбане дуьйлучу «Грозненский рабочий» газетан агIонаш тIехь а, Ростовехь зорбане дуьйлучу «Революция и горец» журналан агIонаш тIехь а кест-кеста гучуюьйлу цо язйина статьяш. Уьш ягарйина вер вац. Амма царах цхьаерш хIинца а шайн мехалла яза ю: «Нохчийчохь Мюридизм», «Халкъан барта кхоллараллера», «Малхиста».

ХХ-чу бIешеран юьххьехь Ошаев Халида язйина хилла «Молодая колонна» цIе йолу къоначу яздархойх йолу статья къоман литературехь хьалхара гIулчаш йохучеран еша карахдаьлча, хIинца а дукха пайдехьдерг карор дара аьлла хета.

Нохчийн къоман литература кхиа лууш, къоначеран кхиамех самукъадолуш, литературица уьйр-марзо йолчеран могIарш деба лууш, кхачамбацарша догъэшош, язйина ю «Молодая колонна» статья. Х.Ошаевн бакъо яра, иза декхарийлахь вара иштта маьIне статья язъян.

ХХ-чу бIешеран 20-гIа шераш чекхдовлуш, иза гIараваьлла вара ерриге а Къилбаседа Кавказехь, Кавказан къоьжачу лаьмнел генна дехьа а.

Бохамийн юьхь

Совнаркоман 1930-чу шеран асаран (июнь) баттахь тIеэцначу сацамца Буру-ГIалахь схьайоьллу Ламанхойн хьехархойн институт. Цуьнан ректор хIоттаво Ошаев Халид. ЧIагIлуш догIучу Советийн Iедална гуш дара пачхьалкхехь Даймахкана, Iедална муьтIахь долуш, керла чкъор кхио хьехархой тоьаш цахилар. Къаьсттина ледара хьал дара Къилбаседа Кавказехь. Цундела кхоьллина яра хьехархойн институт Буру-ГIалахь.

ГIалмакхойн, ГIебартойн-Балкхаройн, Кхарачойн-Чергазийн, Нохчийн, ГIалгIайн республикашна хьехархой кечбаран Iалашо яра керлачу институтана хьалха хIоттийнарг. ХIинца ерриге а Къилбаседа Кавказан халкъийн дешар, цигарчу берийн кхетош-кхиоран болх шайн каралоцу болу хьехархой кечбар дара Ошаев Халида хIинца шен семачу тидамехь латто дезаш.

Шена тIедехкинчу декхаршца иза ларийра. Делахь а, нийса хир дацара нохчийн къоман векалшка цуьнан мелла озабезам хилла хилар билгал ца даьккхича. Цунна къеггина тоьшалла ду Ламанхойн хьехархойн институтехь дешна волу Имадаев Мохьмад.

1934-чу шарахь вахара Мохьмад институте деша. Дукхах долчу зерех кхиамца чекхваьлла хилла иза. Амма оьрсийн меттан экзамен дIа ца ялаелла цуьнга. Дог доьхна Мохьмад-м цIа ван кечвелла хилла. Амма жимачу стеган гIиллакх-оьздангалло, кхечу предметашкахула, къаьсттина историн цуьнан долчу хаарша йийсаре лаьцначу хьехархоша ректоре хаийтина а Нохчийчуьрчу абитуриентах дерг.

ТIаккха Ошаев Халида шена тIелаьцна абитуриентана оьрсийн мотт Iамор. Иштта, яхь йолу махкахо орцахвалар бахьанехь, хьехархойн институтан студент хилла Имадаев Мохьмад. Махкахо юьхьIаьржа ца хIоттош, масех бутт балале оьрсийн мотт Iамийна, кхиамца институт чекхъяьккхина, халкъана, пайдехь стаг хилла Имадаев Мохьмад.

Цул тIаьхьа «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан коьрта редактор Iийна иза. Фашисташ ямартлонца вайн махкана тIелетча вовшахтоьхначу Нохч-ГIалгIайн леринчу 255-чу дошлойн полкан комиссар хилла Имадаев Мохьмад.

Ошаев Халида тIечIагIдарехь, 1942-чу шеран хьаьттан (август) беттан 4-чу дийнахь буьрсачу тIамехь чевнаш хилла волуш, немцойн каравахана, цара тоьпаш тоьхна турпалчу бIаьхочунна. Иштта, доьналла, яхь йолуш студенташ,говзанчаш алсам бара Ошаев Халидан.

КIорггера хаарш, сема хьекъал долу Халид дика кхетара муьлхха халкъ боданера Iилмано бен серлоне кхачориг цахиларх. Цундела воккхавевора иза, бер санна, йоза-дешарца марзо йолуш жимха шена тосавелча. Бакъду, и воккхавер гена дIагIур долуш ца хиллера.

ХХ-чу бIешеран 30-чу шерийн къизаллин дохк дара денна дукълуш. Пачхьалкхан массо а маьIиг баланах юзуш, гIайгIа совйоккхуш. Ошаевца доттагIалла, гергарло лелийна Москвара, Дона-тIерачу-Ростовера, Буру-ГIалара дукха адамаш НКВДено чудоьхкина, къиза Iазап токхуш дара. Шийла ша бара яздархочун кийрахь. Иза чIогIа кхоьрура адамаш хIаллакдаран и Iаьржа ун Нохчийчоьнах хьакхадаларна.

Халид чIогIа Iехавеллера Советийн Iедалх. Цуьнан тешаме бIаьхо хилла, де-буьйса ца лоьруш, хьанал къахьоьгуш вара иза. Амма тIаьхьарчу хенахь цхьа тамашийна садууш шийла шеконаш тебнера синкIоргенехь, буса еш наб йоцуш, дийнахь синтем боцуш. Хила тарлучух кхоьрура яздархо, хаддаза дегаIийжам латтош. Эххар а, кхечира шийла кхаъ.

Цхьана буса 1937-чу шеран мангалан (июль) беттан 31-чу суьйранна 14 эзар стаг дIалахьийна, набахти чу кхоьссинера НКВДешникаша. Царна юкъахь бара бехк-гунахь доцу хьехархой, молланаш, Iеламнах, иштта, кхиболу а пекъарш.

Хала лайра яздархочо Iедалан и ямарт тохар. Цуьнан хьаьъначу бIаьргаш чу кхин цкъа а дIа ца яла шийла гIайгIа йоьссира. Дуьнен чохь яккха йисинчу массо а ханна, даг тIехь лазаман муо бисира. Нохч-ГIалгIайн Республикех хьаьрчина ямарт саьрмик Iаба дагахь ца хиллера.

1937-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 10-чу дийнахь кхин цхьа тохар дира вайнахана Советийн Iедало. Нохч-ГIалгIайн КПСС-н обкоман пленум ю аьлла адам схьагулдина, Москвара веанчу Шкирятов Матвейс НКВДешникашна омра дира нохчийн, гIалгIайн къомах волу массо а куьйгалхо схьалаций, набахти чу кхосса, аьлла.

Нохч-ГIалгIайн Республикин Правительствон векалш, КПСС-н обкоман секретараш, кIоштийн куьйгалхой, массо юьртан а, кIотаран а куьйгалхой набахтичу кхийсира. Берриге вайнах Iедална, Даймахкана ямарт лерина дина таIзар дара иза.

Буру-ГIалахь хилла Х.Ошаев маьрша ца витира. Цунах а Берия Лаврентийн лаамца, Сталин Иосифан пурбанца «халкъан мостагI» хилира. Юьхьанца Халидана кхайкхинарг тоьпаш тохаран кхиэл яра. Амма Делан къинхетам хьалхабаьлла, иза дийна витина, пхийтта шо хан тоьхна, Магадане дIахьажийра.

Багара дIакхоьссинчу туйна лаьтта кхачале ша бечу шийлачу Магадане кхечира яздархо. Шелонна меран буьхьиг бахьийнера Халидан. Дийна цигара цIавоьрзур ву аьлла дегайовхо йисина а яцара цуьнан. Амма кхин цкъа а дагахь доцуш, Делан комаьрша къинхетам кхечира.

Магадане набахте яздархо дIакхаьчча, бухахь нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби хиллера. Халидах бIаьрг кхетташехь Iаьрбин мохь белира, «Хьо лор ву алалахь!».

Хаттарш дечу гIаролхочуьнга Х.Ошаевс ша фельдшеран болх бина ву элира. Бакъду, лазарета чурчу лоьрана хиира цуо цкъа а лоьран болх ца бинийла. Делахь а, дукха дакъазаваьллачу тутмакхах къахетта, и айкх-м ца елира.

Шен лаамехь кхаьчначух тера дацара и зуда а Магаданерчу набахтин лазаретне. Дикка къизалла, харцо хуьйдинчух тера яра. Вайн махкахошца къинхетаме йолуш, чекхъяла доьналла хилира цуьнгахь. Цул сов, цхьацца кега-мерса лоьрийн дезарш дан а Iамийра цо Халид. Чов ехка, маха тоха, оьшучунна молханан буьртиг къасто. Кхин дIогара даладелла хьелаш набахтерчу лазартнехь дацара.

Пхийтта шарах кхойтта шо набахтехь даьккхина 1950-чу шарахь паргIатвелира бехк боцуш Iазапе лаьцна, нохчийн похIме яздархо.

Кхоллараллин кхиамаш

Набахтера араваьллачу Ошаев Халидан Казахстанан шийлачу аренашкахь лаха дийзира шен доьзалш а, верасаш а. Советийн Iедал тIедогIуш къона дахар дIаделлачу Шерипов Асланбекан нанас дена йина йиша ю аьлла, озабезам бина йитина ца хиллера Халидан хIусамнана Iайшат а.

Шен кхо кIант марахьарчийна махкахъяла дезнера цуьнан а. Массара санна некъан хало, Iедалан харцо, гIело, шело лан дийзира Iайшатан а, цуьнан а кхаа кIентан а. Кхечу вайнаха санна, лайна бухара кIен буьртигаш лехьош, хене баьккхира цо шен доьзал. Наха олучух ларлуш, хIусамда цIавогIу а ларвира.

Джамбулехь сацийнера Iайшат а, цуьнан кхо кIанта. Цигахь карийра шен доьзал набахтера араваьллачу Х.Ошаевна. Мелла а хийцаеллера Халидан амал. Тохара санна къамелана тIера вацара. Чухьаьдда адамашца тIекаре вацара. Амал хийцаеллера, амма каг-м ца еллера. Цуьнан даима а санна, дог лозура бехк боцуш балехь даллочу шен халкъах, цо сагатдора дезаш дитинчу дай баьхначу лаьттана, цунна бус-буса гIенах гора Кавказан къоьжа лаьмнаш, баьццарчу духарца кхелина лекха хьаннаш, зевнечу мукъамашца дека шийла шовданаш.

Халида цкъа а дог ца дуьллура Делан диканах. СинкIоргенехь кхобуш дегайовхо яра, цкъа мацца а Нохчийчу цIавоьрзург хиларх. Делахь а, цкъачунна, хийрачу махкахь ца ваьллачу денца хан токхуш вара. Вацара мокъа а Iаш-м. Цо шен ойланаш кехатах тешайора.

Цкъа мацца а оьшура дуй хууш, йозанаш дора, цкъачунна зорбане вийлар дихкина делахь а.

Халкъана, цунах Iаламат боккха пайда белира. 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан уьссалгIачу дийнахь, вайнахана цIаберза бакъо елира. Нохчийчу цIабирзинчу нехан хьалхарчу могIаршкахь бара Ошаев Халидан доьзал.

Нохчийн къоман турпалхочух Шерипов Асланбеках пьеса язйина хиллера цо, цкъа мацца а вайнах цIабоьрзур буй хууш. Цунах доккха беркат делира къоман театрана. МеттахIоттар «Асланбек Шерипов» пьеси тIера дIадолийра театро. Москвара кхайкхина балийна режиссераш Минаев Минай, Горькая Лидия дара спектакль хIоттийнарш.

Инарла Алиев Ирисханан васт кхуллуш Хамидов Iабдул вара, Зубайраев ЯрагIи контрразведчикан Погодинан васт кхуллуш вара. Ткъа коьртачу турпалхочун Шерипов Асланбекан васт кхоллар къоначу актерах Гулиев Султанах тешийнера. Асланбекан езаеллачу йоьIан васт кхуллуш Алиева Тамара яра.

1958-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 12-чу суьйранна хилира спектаклан премьера. МаьIне де дара иза халкъан культурин исторехь. 13 шарахь къевлина лаьттина нохчийн къоман театран неIарш схьайиллира хьовсархошна. Церан аьтто хилира шайна безачу актерийн башхачу похIмех марзо эца. Яздархочунна даима а хаьара шен гIо-накъосталла мичахьа оьшу, муьлхачу метте ша орца кхачо деза а.

Цул тIаьхьа Ошаев Халида язйинчу «Ахьмад-Хьаьжа» пьеси тIехь изза цIе йолуш кхин цхьа спектакль хIоттийра театро. Иза а хазахетарца тIеийцира хьовсархоша. Доцца аьлча, Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театран болх карлабаккхаран хьостанехь лаьттина ву Х.Ошаев.

1961-чу шарахь зорбане яьллера цо нохчийн маттахь язйина «Алун шераш» роман. Советийн Iедал тIедогIуш вайн махкахь лаьттинчу буьрсачу денойх лаьцна яра иза. Нохчийчохь кхихкинчу тIемийн дакъалацархо хиллачу Халида, говза сурт хIоттош, яздинера оцу заманах лаьцна.

Боккхачу безамца кхоьллинера коьртачу турпалхочун Шерипов Асланбекан васт. Дикане, адамалле, комаьршалле, машаре кхойкхуш яра «Алун шераш» роман. Хетарехь, наггахь а стаг хир вацара оцу муьрехь роман ешаза. Нохчичо нохчех яздина диканиг Iаламат кIезиг хаалора хIетахь. Цундела къаьсттина мехала дара ХХ-чу бIешеран 60-чу шерийн юьххьехь «Алун шераш» роман гучуялар.

1966-чу шарахь «Алун шераш» оьрсийн маттахь язъяран болх дIаболабо Ошаев Халида. Шарахь гергга болх бо автора роман оьрсийн матте йоккхуш.

1967-чу шарахь оьрсийн маттахь зорбане йолу «Алун шераш» книга. Прозехь, драматургехь цхьабосса жигара къахьоьгург ву яздархо ю.

ХХ-чу бIешеран 60–70-гIий шерашкахь зорбане евлла цуьнан книгаш: «БIаьсте», «Заманан некъаш», «Снайперан доьналла».

Тайп-тайпанчу а жанрашкахь болх бан лараво Халид. Цо язйо повесташ, дийцарш, исбаьхьаллин очеркаш. Цо чIогIа къахьоьгу вайн махкара цхьа а турпалхо лар йоцуш ца висийта лууш. Цо яздина Имадаев Мохьмадан, Идрисов Абу-Хьаьжин, Нурадилов Ханпашин, Дачиев Хан-Солтин доьналлех, майраллех лаьцна.

Хаддаза цкъа а юкъараллин дахарна пе тоьхна Iийна а вац Халид. Цуьнан даима бала кхаьчна Нохчийн махках, халкъах хьакхалуш мел долчун а. Масала, 1968-чу шарахь Чехословакехь хилла гIаттам хьашарехь, Советийн Эскаран цхьаболчу ницкъаша дакъалацар нийса ца хийтира нохчийн яздархочунна.

И нийса ца хеташ дуккха а нах бара. Амма цунах дерг мохь тоьхнна дIаала хIоьттинарг Ошаев Халид бен вацара.

ХIирийн яздархочо Мугуевс «Буйный Терек» цIе йолуш книга язйира. Цу тIехь мелла а нохчий сийсазбеш могIанаш дара. КIорггера хаарш долуш, буххара истори евзаш, сил дукха ша схьаваьлла халкъ дезаш волчу Халидана новкъаделира оцу книги тIехь яздинарг. Мугуевс нохчашна аьлларг новкъадеана нах дукха а бара. Амма зорбанехула хIирийн яздархочуьнга кехат яздина, Мугуев шен метта охьахаийнарг а Ошаев Халид бен вацара.

Иштта хилира оьрсийн яздархочо Смирнов Сергейс Брестан турпалхойх книга язйича а. Йоккхачу АтагIара волчу Халидана хаьара дукха атагIхой Брест гIопехь тIом беш хиллий. Амма Смирнов Сергейс шен тептара тIехь, цхьана а нохчичун цIе ца яьккхинера.

Смирновс бинчу балхана баркалла олуш Халида цуьнга кехат яздина хиллера. Яздархочо бечу талламашна гIо даран кепехь Брест гIопехь хиллачу атагIхойн список юкъаюьллуш. Амма оьрсийн яздархочо дуьхьал чордо жоп даийтина хиллера Халидана, Брестана гергахь и тайпа нах хилла бохуш дуьйцуш хезна дац аьлла.

ЧIогIа халахетта хилла вайн махкахочунна шега иштта жоп а даийтича. Цо шен талламаш дIаболийна Брестехь хиллачу вайнехан лар лоьхуш. Дукха къахьегна Брестан турпалхойн лар толлуш, дийна бисинчаьрца къамеле вуьйлуш, царна дагайогIу цIерш, фамилеш дIаязъеш, бIаьхошна дагадогIучунна, цара дийцинчунна тоьшаллаш лоьхуш.

Ша лехна, дIаязйина Ошаев Халида билгалъяьккхинарг Брестан гIопехь хиллачу вайнахах болчу бIаьхойн 275 цIе а, фамили а ю. Царах Ошаев Халида язйина вайна йитина бакъдолчунна тIера схьаэцна повесть ю «Брест-орешек огненный» цIе а йолуш.

Халида дIаболийна талламан болх хIинца а сецна бац. Вайн историкаша бинчу балхо тоьшалла до Брестехь тIом беш Нохч-ГIалгIайн Республикера виъ бIе гергга бIаьхо хилла хиларан. Тахана царах хIора нохчийн халкъана дозалла хилла дIахIоьттина.

Ткъа Ошаев Халидах дерг аьлча, шен дахарехь нохчийн къоман яхь, юьхь, лазам, дозалла хилла чекхваьлла иза. Советийн Iедал доккхуш а, дIахIоттош а жигара дIакъалаьцнехь а, цкъа а Советийн Iедалан векалша хьаьстина, догъэцна вац иза. Мелхо а чехош, юьхь йохуш, таIзарш деш, дог эшийна латтийна. Масийттаза КПСС-н могIаршкара дIаваьккхина. Зорбане вала бакъо ца луш садиъна.

Амма Халидан амал, хьаша ницкъ ца кхаьчна церан мостагIийн. Даржаш, чинаш, орденаш, мидалш хьесапе доцийла хууш, ша схьаваьллачу халкъан дуьхьа хьанал къахьегна яздархочо къоман турпалхойн цIерш ца яйта. Цунна къеггина тоьшалла ду «Нохч-ГIалгIайн полках дош» цIе йолу книга. Иза вайца еха. Иза мах боцу беркат ду Ошаев Халида шел тIаьхьа дитина.

78 шарахь ваьхна нохчийн сийлахь яздархо Ошаев Халид. Царах 60 шо халкъана, махкана вецаш, нохчийн къоман сий айдар, дикачу агIор цIе яккхийтар шен декхар хеташ чекхдаьккхина цо.

Яздархочо цкъа а ца лехна хьал-бахам, ахча-бохча, Iедалан векалшна хьалха сийлалла. Нохчаллех къилба дина ваьхна Халид, мел яккхий халонаш тIехIиттарх, доьналлех ца вухуш, яхь дIа ца луш, бакъволчу нохчичун цIе ца йожош. Цундела дисина цуьнан амат халкъан иэсехь. Шовзткъа шо сов хан ю Ошаев Халид вайца воцу.

1977-чу шарахь дIакъаьстина вайх къоман воккха яздархо. И санна волу къонах дIавалар махкана эшам бу. Делахь а, вайца даха дисина цуьнан хьаналчу къинхьегаман беркат – цо язйина книгаш.

ГАЗИЕВА Аза

№15, шинара, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: