Т.Амагов – дуьненан чемпион

getImage (10)

Дукха хан йоццуш Хонкарарчу Стамбул г1алахь дуьненаюкъарчу латаран искусствон гурашкахь д1аяьхьира панкратионехула йолу дуьненан чемпионат.

Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш вара Волгоградехь 1аш волу вайн махкахо Амагов Тамерлан. Билгалдаккха лаьа, Тамерлан дуьненахь вевзаш волчу спортсменан Амагов 1адланан шича хилар.

Панкратион – олимпиадин ловзарийн меттах1оттийна кеп ю. Цунна юкъайог1у боксан а, самбон а, дзюдон а, каратэн а бакъенаш. (Панкратионехь леташ буй, мийра, гуола  тоха мегаш ду).

Дег1ан йозалла 95 кийла йолчу категорехь леташ хиллачу Россин вовшахтоьхначу командин декъашхочун Амагов Тамерланан кхаа цхьаьнакхетарехь лата дийзира. Оцу кхаа а латарехь вайн махкахочо раунд д1айолаяларца шена дуьхьал волчунна х1ума тоха йолош яра. Юьххьехь дуьйна цо д1ахоуьйтура оцу латаршкахь ша толаме кхочур вуйла. Иштта нисделлачу хьелашкахь нохчийн спортсмен, шен 1алашоне кхечира оцу чемпионатехь.

Билгалдаккха деза, Амагов Тамерлан д1адахначу шарахь Австрехь хиллачу панкратионехула Европин чемпионатехь шина декъехь чемпион хилла хилар.

Нохчийн спортьезархошна хаийта лаьа х1инца Амаговг1еран доьзалехь дуьненахь вевзаш пхиъ спортсмен хилар. Уьш Муса а (6-зза летта, 5-зза толам баьккхина, цкъа эшна), 1адлан а (15 – 13:2); Бислан а (7 – 6:1), Азамат а (5 – 5:0), ткъа х1инца Тамерлан а. Дала аьтто бойла церан!

АБДУЛАЕВ АДАМ  

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: