Чиллин беттан 29-гIа де, 1929-гIа шо. Шелахь вина Чокаев Кати, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик.
Дешна ГIиргIизойн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетехь.
Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтехь, РСФСР-н серлонан министерствон къаьмнийн школийн институтан Нохч-ГIалгIайн филиалехь, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь.
Нохчийн Республикин Iилманийн академи кхолларан вовшахтохараллин комитетан декъашхо хиларе терра, жигара дакъалецира 1992-чу шарахь Академи схьаелларехь, цуьнан дуьххьарлерчу декъашхойх (академикех) ву иза.
Iилманан 150 сов белхан автор ву Кати, шайна юкъахь 11 монографи а йолуш («Нохчийн маттахь цIердешнийн кхолладалар», «Нохчийн меттан морфологи», «Вайнехан мотт а, истори а», «Вайн мотт – вайн истори», «Нохчийчоьнан ламанан аларш», «Нахийн меттанаш», «Мичхьа ваьхна Пхьармат?», «Нохчийн, гIалгIайн школашкахь оьрсийн мотт хьехаран методика», иштта кхин а).
Къаьсттина ала догIу, «Вайнехан мотт а, истори а», «Вайн мотт – вайн истори» книгех. Цаьрца авторо чIагIдо нохчийн къам, шен мотт а, шен мохк а, шен генара истори а йолуш, Кавказан орамерчу къаьмнех цхьаъ хилар.
Бекарг беттан 2-гIа де, 1953-гIа шо. Юккъерчу Азехь вина Усманов Iимран, иллиалархо, Нохчийн Республикин халкъан артист.
Шен схьавалар Нажи-Юьртара ду иллиалархочун. Дешна Нохч-ГIалгIайн культурин-серлонан училищехь, цул тIаьхьа Ростоверчу музыкин-педагогически институтехь.
Кхоллараллин болх дIаболийна школехь доьшуш волуш Нажи-Юьртан кIоштан Культурин цIийнехь вовшахтоьхначу «Ламанан аз» кхоллараллин тобанехь.
ДIадаханчу бIешеран 70-чу шерашкахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан филармонин тайп-тайпанчу кхоллараллин коллективашкахь болх бина цо. Шеко йоццуш, халкъалахь уггаре а сий-лараме кхаьчначу вайн заманан иллиалархойх цхьаъ вара I.Усманов.
ЛадогIархоша дезаш тIеэцна М.Мамакаевн, М-С.Гадаевн, А.Сулеймановн, М.Сулаевн, Ш.Рашидовн дешнашна цо дIаолуш долу иллеш («Дарта», «ЦIен-Берд», «Шуьнехь дош», «Ма дохковаьлла
со», «Къонах»…).
Иллиалархочун репертуарехь кIезиг дац цо шен дешнашна даьхна иллеш а («КIайн дуьне», «ДагадогIу суна», «Зама», «Нажи-Юрт»…).
«Геналло хьегийна», «КIайн дуьне» стихийн гуларийн автор а, Россин Яздархойн союзан декъашхо а вара Усманов Iимран.
Кхалхар хилла 2017-чу шарахь.
Бекарг беттан 5-гIа де, 1948-гIа шо. Казахстанехь вина Азаев Хьамид, актер, Нохчийн Республикин халкъан артист, 1948-чу шеран март беттан 5-чу дийнахь.
Шен схьавалар Ведана кІоштарчу Дишни-Веданара ду цуьнан. Юккъера школа а циггахь чекхъяьккхина.
1973-чу шарахь А.Луначарскийн цІарах йолу пачхьалкхан театральни искусствон институт чекхъяьккхинчул тІаьхьа веара Хьамид Нохчийн театре.
Дукха ролаш ловзийна Хь.Азаевс театран сцени тІехь: Отелло («Отелло», В.Шекспир), Подколесин («Зудаялор», Н.Гоголь), Сальери («Моцарт а, Сальери а», А.Пушкин), Барон («БІаьрмециг рыцарь», А.Пушкин), Шемал («Маршо я Іожалла» , М.Солцаев), тІеман гарнизонан куьйгалхо («Къематде хІоьттича», О.Иоселиани, Р.Хакишев), Недалг, Бож-Іела («Бож-Іела», І.Хамидов), дуккха кхин а.
Азаев Хьамидан боккха кхиам лара догІу Нурадиловн цІарахчу театро хІоттийначу «ЦІен-Берд» спектаклехь Гадаев Мохьмад-Салахьан васт кхоллар.
Нохчийн Республикин Интеллектуальни центран «Дато бухІа» совгІатан лауреат ву Азаев Хьамид.
Театрах шен цІен цІа тарделлачу, дуьненан рицкъанах Іехавелла, и юьтур йоцучу актерех ву Азаев Хьамид.
№16, пIераска, бекарг (март) беттан 2-гIа де, 2018 шо