Террористийн гIеранаша минометаш а, кхидолу герзаш а детташ а юкъахдаьккхина Шемарчу маьршачу бахархошна гуманитарни гIо даран гIуллакх. Малхбале Гутера цхьа а маьрша стаг ара ца валийтина террористаша. Некъа тIехь хааеллачу машенашна герзаш диттина. Оцу хьолана шаьш деха садеттарг цахилар дIахаийтина Россин тIеман куьйгалло.
***
ОвгIанан къилберчу ярташкара лаххара а 40 маьрша стаг лачкъийна шайца дIавигна зуламхойн тобанаша. И зулам билггал муьлхачу зуламхоша дина хууш дац. Мехкан эскаран дакъойн бIаьхоша а, бакъонаш ларъяран органийн белхахоша а дIахьош ду зуламхой а, цара дIабигна маьрша нах а лахар. Уьш карийча бен сацор бац и болх.
***
Европин пачхьалкхашкахь доккха ло а диллина, наггахь бен хуьлуш йоцу шело а хIоьттина. Шело лан Iемина боцу европахой бала хьоьгуш бу. БIеннаш адамаш цомгаш хилла. 10 стаг кхелхина. Некъашкахь ша хьаьхна хиларца а, ло хиларца а доьзна бохамаш хилар алсамдаьлла. Синоптикаша чIагIдарехь, шело дукха лаьттар яц Европехь, къаьсттина Малхбален Европехь.
***
Мисарахь дуьхь-дуьхьал кхетта туристаш дIасалелош йолу ши цIерпошт. Царна тIехь хиллачарах 20 стаг кхелхина, 40 стаг лазийна. И некъан бохам хиларна бехкениг къасторан Iалашонца уголовни гIуллакх дIадолийна талламан органийн белхахоша. Талламо гойтур ду бохам хиларан бахьана.
***
ТIаьхьарчу хенахь мелла а лахлуш бу «Brent» маркех долчу мехкадаьттан дуьненахь болу мах. Селхана (газетан хIара номер зорбане кечъечу дийнахь) цуьнан цхьана баррелан мах 65,5 доллар бара. Говзанчаша дийцарехь, цуьнан мах кхин а лахбала тарлуш ду. Делахь а 50 долларал охьабер бац иза. Цундела Россин экономикина цхьана а кепара тIеIаткъам бийр бац цо.
***
Минскехь хIокху деношкахь контактни тобанан рогIера кхеташо хилира. Цуьнан декъашхоша, Донбассера синтеме доцу хьал дийцаре динчул тIаьхьа, дIакхайкхийра бекарг (март) беттан 5-чу дийнахь дуьйна Донбассехь «бIаьстенан» машар беш хилар. Кхаъ хиларца тIеэцна и хаам Луганскерчу а, Донецкерчу а бахархоша.
***
Россин Президент Путин Владимир стомара Москвахь цхьаьнакхийтира Австрин Канцлерца Курц Себастьянца. Цара дийцаре дира Шемара а, Украинера а хьал машаран некъа тIе дерзорехьа дан деза гIуллакхаш. Канцлера боккха тидам тIебахийтира Россин а, Австрин а юкъаметтигаш кхидIа а тояран, вовшашца махлелор кхиоран гIуллакхашна. Оцу декъехь яккхий таронаш ю шина а пачхьалкхан. Иза чIагIдира вайн мехкан Президента а.
***
Россин МИД-н куьйгалхочо С.Лавровс хIокху деношкахь дехха къамел дира ООН-н Кхерамазаллин Советан Шемахь волчу лерринчу векалца Де Мистурица. Коьртачу декъана цара дийцаре дира Шемахь долу хьал маслаIат даран некъа тIедаккхарна новкъарло еш долчу гIуллакхех лаьцна. Лавровна хетарехь, США-с лелочу питанечу политико карзахе латтадо хьал. Маьрша нах чIогIа бала хьоьгуш бу.
***
Россин Федеральни Гуламан Федерацин Совето къобалдина хIокху шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна къинхьегамна ял яларан лаххара барам стагана хеневаллал оьшучу ахчанан бараме хьалабаккхаран хьокъехь долу федеральни Закон. Оцу законца нийса а догIуш, хIутосург беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна белхан алапа 11600 соьмал лахара хила йиш яц.
***
Вайн мехкан Харжамийн коьртачу комиссин декъашхоша дийцарехь бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь дIахьон болчу Россин Президентан харжамашна тIехь терго латто тергамхойн «дийнна эскар» догIур ду дуьненан дукхах йолчу пачхьалкхашкара. Царна юкъахь хир ву ОБСЕ-н масех бIе векал. Бакъду, Украинера цхьа а тергамхо хир вац.
№16, пIераска, бекарг (март) беттан 2-гIа де, 2018 шо