Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Шела гIалин юкъ тоечохь дIахьочу гIишлошъяран белхашка хьаьжира. Цуьнца цхьаьна вара Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель, автомобилийн некъийн министр Тумхаджиев Абубакар, Счетни палатин председатель, Шела гIала тоярехула йолчу оперативни штабан куьйгалхо Тумхаджиев Iийса, Шелан кIоштан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iела.

А.Тумхаджиевс республикин Куьйгалхочунна хаийтира, юккъерчу барамехь, 18 километр йохалла йолчу некъийн дакъошкахь дIахьош белхаш хилар а, цигахь дакъалоцуш леррина 100 техника хилар а. Иштта, коьрта некъ шорбаран а, асфальт йилларан а белхаш бу дIахьош.
«Еа асанан метта, ялх аса йолуш хир бу некъ. ХIинца коьртачу некъа тIехь машенаш гулъялар хир дац. Цул сов, керла тIай ду деш, хих дехьадолийлаш ю тоеш. Графикаца нийса а догIуш дIахьош бу берриге а белхаш», – элира цо.
Оперативни штабан куьйгалхочо I.Тумхаджиевс дийцарехь, спортан керла комплекс а ю Шелахь еш. Шела юккъехь Iийначарна лерина МахкатIе воьдучу агIор йолчу гIалин йистехь деш цIенош ду. Нахана чохь Iан еш ерг ерриге а 200 хIусам ю.
Шелан юккъехь куьце балош бу Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах урам а, иштта, Ивановски, Первомайски, Грозненски урамаш а.
Тиша керташ а, тхевнаш а хуьйцуш, нехан долара 800 сов цIа тодеш, бордюраш а, урамашкахь серлолун бIогIамаш а хIиттош, инженерни коммуникацеш а тоеш, догIанна лерина канализацеш а, дренажан биргIанаш а йохкуш, дуккха а белхаш бу шахьарахь беш.
Шена гинчу суьртана а, бечу белхашна а реза хилира республикин Куьйгалхо. Яккхийчу гIишлойн «Шали-Сити» комплексо а, 20 эзар стагана леринчу доккхачу маьждиго а Шела гIала бакъонца къагор хиларх ша тешна хилар хаийтира цо.
12 а, 14 а, 16 а гIаьтнаш долчу (нах чохь Iарна леринчу) 6 гIишлонах лаьтташ ю «Шали-Сити» комплекс, царна юккъехь ю нохчийн ширачу бIаьвнан кепехь йина 21 гIат долу гIишло. Цу чохь хир ю махлелоран-самукъадаккхаран комплекс, хьешацIа, офисаш, ресторанаш, Шелан кIоштан администраци.
А.ВАХАЕВА
№16, пIераска, бекарг (март) беттан 2-гIа де, 2018 шо