Нохчийн Республикин Парламентан Председатела, Россин Турпалхочо Даудов Мохьмада куьйгалла а деш, рогIера 32-гIа кхеташо хилира Парламентан Советан. Цигахь депутаташа йийцаре йира вайн республикин законийн ши проект а, Россин Пачхьалкхан Думера, Правительствера, мехкан субъектийн законаш дахаран гуламашкара яхкийтина законийн проекташ а. Цуьнца цхьаьна дийцаре дира мехала кхин гIуллакхаш а.
Ша аьлча, Советан декъашхоша рогIерчу пленарни кхеташонехь йийцаре яйта юкъаяхийтира «Нохчийн Республикин махкахь долчу дукха петарш йолчу цIеношкарчу юкъарчу бахамна капитальни ремонт яран системин хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законехь хийцамаш баран хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законан проект. Иза кечйина республикин законадательство федеральни законодательствоца нийса догIуш хилийтаран Iалашонца.
Нохчийн Республикин Парламентан дешарехула а, Iилманехула а, культурехула а йолчу комитето чуелла йолу «Нохчийн Республикин дешаран хьокъехь» долчу «Нохчийн Республикин законехь хийцамаш баран хьокъехь» долчу законан проект дIасаяхьийтира цуьнан мах хадабайта а, цунах хетарг билгалдаккхийта а.
Иштта, Совето къобалдира Нохчийн Республикин Юкъараллин палато бина Соьлжа-ГIалина гонаха 540 гектар майда дIалоцуш, хьуьнан-паркан зона яран хьокъехь болу кхайкхам пленарни кхеташонехь бийцаре бан юкъабиллар а, Нохчийн Республикин Парламентан «Даймехкан Турпалхо», «Даймехкан сий» орденш юкъаяхар а.
– Цу тайпана совгIаташ лур ду законна а, бакъонийн къепенна а сийлаллица, доьналлица гIаролехь лаьттачарна, дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал дIахьочу къийсамна йоккха хазна юкъайиллинчарна, маьршачу хенахь регионан аьттонан а, иза кхиоран а дуьхьа къахьегначарна», – элира Даудов Мохьмада.
Цул сов, хинйолчу кхеташонехь дийцаре дан юкъадахийтира ТIехьа-Мартан муниципальни кIоштан №49 йолчу суьдан куьпан маслаIатан суьдхочун паргIат долчу дарже кандидатура хьалхататтаран а, йийцаре яран а хьокъехь долу гIуллакх. Цу хьокъехь хаам бира хIокху деношкахь Нохчийчоьнан Парламентехь.
С.ХАСАНОВ
№16, пIераска, бекарг (март) беттан 2-гIа де, 2018 шо