Лараме доттагIий! Хьомсара йозанан вежарий!
Тахана берриге а мехкашкахь билгалдоккхуш ду уггаре а исбаьхьачу кхоллараллин дезачу денойх цхьаъ долу Яздархочун дерригдуьненан де.
ХIара деза де лерина ду шайн ойланаш, хьежамаш хаза, башха, ойла тIеозош гайта хууш долчу адамашна. И дарца цара дуьненна совгIат до башхачу, чулацамечу, йийсар вечу говзаршца. Синъоьздангаллин мехаллаш Iалашъярна, тIекхуьу тIаьхьенаш кхетош-кхиорна шен мах хадийна вер воцу хазна юкъаюьллу.
Нохчийн Республикин яздархоша а, шеко йоццуш, мах хадийна вер воцу хазна юкъаюьллу оцу сийлахьчу гIуллакхна, нохчийн литературин тоьллачу ламасташна тешаме хилла а буьсуш. Тхан кхоллараллехь оха куьйгалла оьцу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан дешнех. Цо аьлла, нохчийн яздархойн уггаре а коьртачех долчу декхарех цхьаъ ду халкъехь шен историга, шен орамашка боккха сий-ларам кхоллар. ХIунда аьлча, и сий-ларам хилар оьшуш ду вайн истори, вайн культура, ма-дарра аьлча, вайн къам Iалашдарна.
Оцу некъа тIехь республикин яздархоша, хьалхарчу рогIехь, дерриге а до нохчийн мотт, нохчийн халкъан гIиллакхаш, ламасташ, Iадаташ, оьздангалла, эхь-бехк Iалашдархьама, къоман литература кхиорхьама.
Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин а, сайн а цIарах ас Яздархочун дерригдуьненан денца даггара декъалво, литературин кхоллараллехь дакъа долуш мел верг! Шаьш довзаре а, шен алссам ешархой хиларе а кхаьчначеран кхачалур йоцуш кхоллараллин шовкъ а, мехала керла сюжеташ а, шайн говзаршка хьашто а хуьлийла лаьа. Ткъа хIинцца яздархочун халачу некъа тIе хIуттуш волчунна, цхьаьнначух а тера доцу, шен хатI карадойла а, литературин балхе чам чIагIлойла а, иза ша вовзаре кхочийла а лаьа.
Республикин берриге а яздархойн кхоллараллехь бIаьрла кхиамаш а, аьтто а, баркалле ешархой а, ткъа иштта, хьашто йолу издательш а хуьлийла лаьа!
Дала аьтто бойла шун!
№16, пIераска, бекарг (март) беттан 2-гIа де, 2018 шо