Итон-Кхаьллан Культурин цIийнехь Даймохк ларбархочун денна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира.
Цигахь дакъалецира кIоштан администрацин куьйгалхочун заместитела Саидов Руслана, чоьхьарчу гIуллакхийн органийн векалша, иштта, Итон-Кхаьллан бахархоша.
Цхьаьнакхетар дIадолош, Даймохк ларбархойх лаьцна дош а олуш, вистхилира Саидов Руслан: – Даймохк ларбархочун де – иза вайх хIоранна а деза де ду, цуьнца цхьаьна лазаме де ду иза. Даймохк ларбархой шайн са а ца кхоош, Даймохк ларбеш гIаролехь лаьттина.
Чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь вай дагалаца беза Даймохк ларбархой. Вайн иэсехь латта еза даима а церан цIерш. Вайн уьш бицбан йиш яц.
Циггахь, проектора тIехь сурт а гойтуш, гулбеллачарна кхин цкъа а дагаваийтира Итон-Кхаьллахь ваьхна волу, Даймохк ларбаран новкъахь кхелхина волу Узуев Мохьмад (1917 1941 ш.). Цунах а, цуьнан боца хиллачу дахаран некъах а лаьцна дийцира цигахь.
Оццул къона а волуш, Даймехкан дуьхьа шен са дIаделлачу Узуев Мохьмадна юха а дог Iаьвжира Итон-Кхаьллан бахархойн. Кегийрхоша къаьсттина сема ладугIура. Уьш баккхийбебора, и тайпа къонаха шайн юьртара ваьлла хиларх.
Цул тIаьхьа дIайолийра Даймохк ларбархочун денна лерина концерт. Итон-Кхаьллан Культурин цIийнан белхахоша а, цигахь Iемаш долчу бераша а хаза концерт кечйинера. «Ламан аз» хоран тобано а, къоначу артиста Хасаева Хедас а Даймохк ларбархочунна лерина эшарш лийкхира. Цара дIалокху хIора а йиш хьовсархой ойлане бохуш а, церан лазам самабоккхуш а яра.
Жимачу Астемирова Хьавас цхьа шатайпа дIаешначу «Цавевзачу салтичун каш» байто къаьсттина тIеIаткъам бинера массарна а.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: Даймохк ларбархочун денна леринчу цхьаьнакхетарехь
№16, пIераска, бекарг (март) беттан 2-гIа де, 2018 шо