Дагна дарбадарх лаьцна дийцира

Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствехь Iилманан-практикин конференци хилира вайн заманахь къаьсттина алсамдевллачу деган лазаршна лерина. Конференцин тема: «Тромболисан маьIна а, меттиг а тIех чолхечу коронарни синдромана дарбалелорехь» яра.

Форумехь дакъалецира регионехь гIарабевллачу лоьраша анестезиологаша – реаниматологаша, кардиологаша, неврологаша, терапевташа.

Могашалла Iалашъяран министра Э.Сулеймановс билгалдаьккхира лакхахь хьахийна тема вайн заманахь дерриге дуьненахь а лазаме хилар, иштта, республикин могашалла Iалашъяран хьаьрма кхиорехь дакъалоцучу хьешашна баркалла элира.

– Адамийн дегIаца, дагца, цIий дIасалеларан система йоьхна хиларна, вайн пачхьалкхехь и бахьанехь адамаш кхалхар алсамдаьлла. Лазархошна шен хеннахь а, нийса а дарбадаро лахдийр ду адамаш дукха кхалхар – элира Э.Сулеймановс.

Цул тIаьхьа, «ТIех чолхе коронарни синдром» доклад йира медицинин Iилманийн кандидата ТIеман ветеранийн республикин клиникин госпиталан хирургин дарбадаран а, деган а, электрокардиостимуляцин а отделенин заведующис Х.Бациговс.

Цо дийцарехь, тIех чолхе коронарни синдром яржаран бахьана деган пхенаш атеросклерозо талхор ду. Адаман могашаллина хилла ца Iаш, иза валарна кхерам болуш хьал ду. Ишттачохь мелла а сиха реанимацин агIо оьшу.

– Деган пхенашца цIий дIасалелар галдаьлла хиларал сов, деган ишемически цамгар хилар (ИБС) а коьрта бахьана ду вайн дукха адамаш кхалхаран. Шен хеннахь, мелла а сиха а, нийса а диагностика яр а, дарба дан доладар а ду коьртаниг, – элира Х.Бациговс.

Деган пхенийн цамгарх а, царна дарба даран некъех а лаьцна лекци йийшира И.М.Сеченевн цIарахчу Москван хьалхарчу медицинин пачхьалкхан университетан корматаллин дешаран институтан кардиологин а, профилактикин а кафедрин профессора, медицинин Iилманийн доктора Н.Новиковас а, Нохчийн Республикин сихачу гIоьнан республикин клиникин больницин ОРИТ-н отделенин заведующис М.Сайдархановс а.

З.ХИЗИРОВА

№16, пIераска, бекарг (март) беттан 2-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: